ГIуоза къайле…

1404

Ша исс класс чекх а яьккхина, уьтталгIачу хьалаяьлча, цхьаъ-м хила деза моьттира цунна, цхьа хаза хIума, дика хIума, цхьа ша-шах, туьйранахь санна, цкъа а дагахь а ца хилла долу цхьа тамашийна доккха хIума.

Цуьнан вуьрхIитта шо кхаьчнера, цу аьхка, вуьрхIитта шо.

Цунна ша хазахетара, ша дуьххьара йолуш санна хеташ, вуьрхIитта шо кхаьчна йоI. Иза сих-сиха шега хьоьжура, куьзган чохь ша лар а еш, бIаьргаш а сийна, и стигал а, шен бIаьргаш санна сийна.

Цунна шега хьоьжуш хазахетара, гуттар а ша тергалъеш: дIайоьрзуш, юхахьоьжуш, гуобохуш, йоьлуш.

Нана кхойкхура цхьанхьара схьа, цхьана геннара, дехьа чуьра.

ЙоIана нана ца хезара, ца кхетара цо бохучух, хIун дуьйцу а ца хаьара.

Нана лоьра, яппарш а еш, цкъа чIогIа луьйш, тIаккха ша-шега, тIаьххье а юха ойланашка йолуш, шен йоI гуш, цуьнан шераш а.

Нанна йоIах къахетара.

Ненан бIаьргашка гIайгIа хьаьвзара, хиллачуьн гIайгIа, хиндолчуьн.

ЙоI ненах ца кхетара.

ЙоIана шех эхь хетара и берриш а нах шега хьуьйсуш, ша царна гуш, уьш соьцуш.

Ша цхьаъ бен йоцуш а эхь хетара йоIана шех, дуьнен чохь ша цхьаъ бен.

ЙоIана гуш хIума дацара, ша йоцург, гуттар а ша, шеца кхолладелла шен дуьне а, шел хьалха цкъа а хилла а доцу я хир а доцу шел тIаьхьа.

Дуьне – сийна стигал яра, кIайн мархаш а, баьццара бай, са кхарсттал йоцу анайист, гена гене а даге кхойкху.

Нанас цкъа, цхьана Iуьйрана, йоI, озалуш, ехха самаяьлча, тIо-берамца хьокхам а белла, шура тоьхна чай а, гIаймакхаш а, йоI юучух кхетта яьлча – хIума-м цо мича юура, цицигочул а ца кхоллура, – шеца асара йигира йоI, эцца кхаш тIе, юьртал дехьа, Iуьйре шийла йолччуьра, ши-кхо гам тоьхнехь, аьлла, совхозан кхаш тIе; нана памидораш лелош яра, асарна тIера – чуерззолц, мехах уьш тIелаьцна.

ЙоIана чIогIа хазахийтира, иза ловзар ду моьттуш, синкъерам, йолаялар, сарахь хитIа яхар санна я Iуьйрана эса кех даккха.

ЙоIана тIехь кIайн коч яра, кIайн-къорза коч, кач хадийна, голашка охьакхочуш, йоца, гIодаюккъера готта хабийна, бухара шуьйра, хуьтан дакъошца. Коьртахь шуьйра шиляп яра, эрзах йина можа шиляп, лога кIел охьа бахтар а тосуш; хьаьрса кIозарш, дашо чкъор, дуткъа пIелгаш, ши бIаьрг а сийна, лекха озаелла, акхтарг санна.

ЙоI асарца ловзуш гуора, асар дина ца йолуш, цхьанаметта охьа гам бетташ, гуо хазбеш, шарбеш, дIо-о генаяьлла могIа эцна йоьдучу шен ненах йоьлуш.

Нана луьйра, лох-лоха луьйш, нахана дIахазарна кхоьруш: «Хьо эца-кх Дала дIа, аьлча! Охьа мукъа а яла цигара!» – хичаш ярца, йишмаьIаш.

ЙоI ненах ца кхетара.

ЙоьIан шех сакъералора.

Нанна йоIах къахетара.

Цхьанхьара цхьа эккхийча санна, цхьа жимастаг иккхира схьа, къона жимастаг, агроном, асархошна тIехIоттийна, хIун ду хьажа, юург-мерг, болх муха бо я хIун оьшу.

Цунна йоI гира кIайн коч йолу, хьаьрса кIозарш, дашо чкъор, юткъа озаелла, синтар санна…

ЙоI а лаьттара хьаьжжинчохь, шега хьоьжучу кIанте хьоьжуш.

КIантана йоI дуьххьара гира, иштта жима йоI оццул йоккха.

КIант йоIана велавелира.

ЙоIана цхьа эхь хийтира, шена воьлучу нехан кIантах, геннара шега хьоьжучу, машенахь цIен, жимачу.

КIант дIавахча, йоI йисира, ша йисира, ша цхьаъ, цхьа хIума-м яйча санна шен, цхьа цIе йоцу цхьа хаза хIума, цкъа а гина а, хезна а йоцу, хIетте а шен хилча санна хетта, ша цхьаъ йисча, шеца ша, гуттар а шеца яьхна, лезна, ша хьегийна гIоза къайле…

КIант сих-сиха кхочура тIаккха, дийнахь цкъа а, уьттазза а, белхийн хьашт хаа веъча санна, йоIана тIера бIаьрг а ца боккхуш, йоI гуччохь сеца лууш, ган лууш, хаза а.

ЙоI кIантах ца кхетара.

ЙоIана шех эхь хетара.

ЙоIан дов долура шеца.

Кхана, бохуш, юха лама, хIинц-хIинца вайша йолу бохуш, йоI нанас кхаш тIе кхуьйлу бутт а, ши бутт а белира, наьрсаш а кхуьуш, баьллаш а, Iаж а, памдор а, туьркаш а, и жимастаг а хуьлуш денна, йоI йол-йолчу хьийзаш гуш.

Жимастаг дукха каде вара, дукха чIархъаьлла, дІаьндарг санна, чкъург санна хьаьвзина Iаьржа месаш а йолуш, Iаьржа къиэгаш хьийзина, йоьIан даг чу алу юьллуш, йоI тешош, цецйохуш.

Цо хIора денна, цу жимчустага, цо Iуьйрана сигнал тоьхча, цуьнан цIечу машено, геннара кхуьнга маршалла хоттуш, иза геннахула дIатIехваьлча, йоIана цхьа хазахетара, ша-шена хаза, шен даг чохь, бутт, ши бутт, кхо бутт хьалха дIавахна хьан дукхавеза стаг цхьа цIеххьана гучуваьлча санна, хазахетар хьул а ца луш.

ЙоIана тIаккха эхь хетара, хазахетар нахана гайта, дерриг а царна гуш санна хиэташ, шен ойланаш гуш санна царна.

Дуьххьардерг хаза ма дара, даг чохь къуьйлу гIоза къайле, цкъа а гина а, хезна а йоцу, хиэтар бен, моттар, хьайн ма-ттов бIарлагIаш а кхуллуш, цигахула дIа, цу некъашца, хIордашкахула генна мехкашка, анайисте охьа а хуьйшуш, малхе а хьоьжуш, чубузучу, юха батте а керла гIоттучу…

ЙоIана наб а ца кхетара, чоь а, аре а ца тоьара я нанас биллина мотт а. ЙоIана шеца йиса лаьара, Iаьржачу чохь шеца ша йиса, цхьанне а гуш а, хезаш а йоцуш, корехула дIа ара а хьоьжуш, месийн гIайба мара а къуьйлуш, цуьнга дуьйцуш, иза хьоьстуш, гIайба шаьшшиннан юкъара беш – шений, шен дагний, – деган доттагI, синан хьаша.

Де малхаца самадолура, йоI а гIоттура малхаца хьала… йоIана буьйса ян а яцара, гIенаш бен, самаяьлча – де а, оццул хаза, доккха серладаьлла.

ЙоI нанна тIаьхьа дIаоьхура, асара йоьдуш, Iуьйрана, ненан цхьа: «…нах.. нехан бIаьрг… алий бен вац цхьа а..», – бур-бур хезаш я ца хезаш, цо дуьйцург хIун ду а, хIун боху а ца хууш, нах а, дуьне а, нехан хабарш а ду-дац боху ойла а йоцуш, я хIунда ду, стенна оьшу а…

ЙоьIан лерса къарделлера, сирла бIаьрса бIарз а луш, цхьаъ доцург аз ца хаза, цхьаъ бен кхин цхьа а ца ган…

КIант геннара гучуволура, геннара пIи-пIипI хазош, Iаьржа месаш махо кхоьхьуш, кIайн цергаш елош, йоIе бIаьрг кхарстош, йоьIан бIаьрг лаца, хьажар цуьнан.

ЙоI йоцца, сихха дIахьожура, бухара дIа, охьатаьIначуьра.

КIант хьажар ган кхуьура, велавала цунна, геннара къажа, Iаьржа месаш дIасакхарсто, куьг ласто, пIелгаш кховса.

…цхьа мукъамаш хезара тIаккха, цхьа шабарш Iенара, пиллигаш дешаш санна хеташ, пондаран мерзаш лелхаш санна, тIаьхь-тIаьхьа дIа карзахбуьйлу дуьненан пана мукъам… йоьIан ойланашна тIемаш гIуьттуш,  деган къайле ясталуш, кIайн бIаьсте, бIагор можа, тулгIех гIуьтту механ кхиэсарш, догIан пхьаьрчийн дато саьргаш, дIо-о мархаша – лекха лакхарчу – Iодах сеттачу шайн баккъашна туьйсу цIен-къорза кIеда кузаш, юха стоьмаш а, бошмашца дуьзна, цIуза лоькху къена цIузамча а…

Цуьнан хьийзар, цу кIентан, куьйранах хьийза и жимастаг, сухара Леча, дайн куьйра хилла, цIечу машенна тIаьхьа чан гIуьттуш, дIахоьхкуш, схьахоьхкуш, тIехвуьйлуш, улло туьйсуш, дош лоьхуш, цхьа дош ала, йоI ненах херъян лууш, жимма сехьаяккха, дош хазо: ма ца оьшур-кх вайшинна, йоI, хIара асарш а, хIара нах а, – дуьххьара цо, ша вистхуьлуш, – хIокхеран хIара памдораш а…

ДIавахара, дIа тIех а ваьлла, шен цIен машен а хаьхкина, кхин ала хIума доцуш санна, ала мел луург цкъа схьа а аьлла.

ЙоIах сийна цIе елира, шен ойланаш цунна йовзарна, сел къайлаха, буьйсанашца, гIайба марахь ша ешйолу…

ЙоIана цхьа эхь хийтира, цхьа юьйхира, цIийелира, шен нене орца доккхуш, ненан марахь дIалачккъал: «Цунна мичара, цу кIантана, цунна иза дIа муха хиъна, нана!»

 

ХIора денна санна, Делан денна, цхьана Iуьйрана кха тIе яхча, йоIана малх кхоьлина гира, де а дара цхьа тамашийна, цIен машен а ца йогIуш, цуьнан пIи-пIипI а доцуш хезаш, цхьа дуккха а, дукха нах а болуш, генна цигахь, лакхахь соьцуш…

БIе, ши бIе, ялх, ворхI бIе студенташ хилла-хиллера, памдораш схьалахьо практике бахийтина, дукхахдерш зудабераш, цIен, къорза, кIайн дуьйхина, геннара гуш, хезаш, дуьйлуш, цIен машен а царна уллохь, царна юккъехь и жимастаг а, студенташка хьажа хIоттийна, юург-мерг я хIун оьшу…

ЙоI хьоьжура, йоIана гуора даккхий, хаза зудабераш, церан кIажарш, футболкаш, куча бухлара сийна джинсаш, маьлхан куьзганаш, церан ловзарш, цара дIасакхуьйсу памдораш: «Суна морожни ца йохьу ахь, Ризван! Суна кола деза! – цхьамма тIаккха. – Суна а деза!» – юха кхечо.

ЦIен машен дIахьодура, геннахула дIа тIех а йолий, кхуьнга пIи-пIипI а ца олуш, сацар а, я хьажар а доцуш.

ЙоI хьоьжура, хIинц-хIинца хиэташ, шен гIуллакхаш цаьрца чекхдевлча, уьш нисбина, тарбина ваьлча, уьш шена цкъа кочарабевлча, тохара санна, пIи-пIипI аьлла, корта ластош, вела къежна, Iаьржа месаш махо кхоьхьуш, куьг хьовзош, геннара хьаьжна, бIаьца ярца йоI ненах йоккхуш: «ца оьшур-кх вайшинна хIорш, хIара мехкарий а, кхеран гIовгIа а», – олуш, ваьлла иза дIавахча, кхуьнан дегIах сийна цIе а йолуш, и дерриге а цунна хаарна, кхуо къайллаха, даг чохь шен, кхуо бIаьрхийх тешийнарг…

Машен дIатIехйолура, цхьа а сигнал а ца тухуш, студенташ болччохь йовш, цаьрца соьцу и жимстаг а, цуьнан латтар а, велар а царна, цо дIасатуьйсу куьйгаш а юха, церан беларш а, аьзнаш а церан…

ЙоI оьгIазъоьхура шена, ша тешарна, са а туьйсуш, кхана, бохуш, юха кIира даьлча, шена ца теша луъушехь, са ца тийса, ца хьежа кхин, цу агIор дIа ца хьажа, ца гуо и цIен машен а…

ДIадижира – хийтира иштта, – лезна а даьлла, дIадижча санна, – кIира, ши кIира, ткъа де даьлча, сатийсар а кIорда а дина, дицделча санна моьттира, буьйсана тIаьхьа де а гIоттуш, садайча юха са а хуьлуш, машен гича, бен а ца хеташ, муо хьаьвзина чов санна, дагна цхьа Iаткъам а буьсуш, цхьа дагахьбаллам санна, дегабаам лаза а лозуш…

Студенташ дIабахара, цхьа бутт сов хан  яйина, памдораш а евлира чекх, цхьа масех могIа бен, лахьуо кхин хIума а йоцуш…

Цу дийнахь, тIаьххьара долчу, шен ненаца могIа цIанбеш йоллучу цунна, цу йоIана, сигнал тоьхча санна хийтира, шена пIи-пIипI хезча санна.

ХьалатаьIча, и кIант лаьттара, геннара кхунна воьлуш, сецна…

ЙоI юьйхира, бIаьрса а довш, ший балда а дегийна.

ЙоIана цхьа халахийтира, цхьа чIогIа хала, доггах, ша модашла хьакхийча санна, цхьана боьхачу модашла ша, иштта магарна цу кIантана, мега моттарна, иштта атта…

 

ЙоIана шех къахийтира.

ЙоI йилхира, охьатаьIна, могIа цIанбан а йолалуш.

Шенна йилхира, шена цхьанна, шен буьйсанашна, ойланашна а, оццул дукха хиллачу шен, оццул дукха яйначу хIинца, иштта сиха цхьа, гIан хилча санна, гIенах цкъа дайна гIан санна…

 

14.06.2013 шо 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: