Дакаев СаIидбекан поэзин лаккхара мах хадийра

ХIокху деношкахь Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира вевзаш волчу поэтан Дакаев СаIидбекан 65 шо кхачарна лерина даздарш. Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а,  Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос а, дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. IMG_7109

Актови зал, чувала меттиг йоцуш, юьзна яра баьхкинчу хьешех а, яздархочун поэзиезархойх а. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад, Нохчийн Республикин адамийн бакъонашларъяран векал Нухажиев Нурди, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Абдулмуслимов Сайд-Селим, Аргун гIалин депутатийн советан куьйгалхо Башаев Разамбек,  бевзаш болу яздархой, Iилманчаш, Дакаев СаIидбекан поэзиезархой.

Цхьаьнакхетар долийра поэтан дахарх а, кхоллараллин некъах а лаьцна видеоролик гайтарца. Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

– Тахана Дакаев СаIидбеках лаьцна довха дешнаш ала а, цуьнан кхоллараллин мах хадо а баьхкина дуккха а лераме нах бу. Иза поэтана доккха совгIат ду аьлла хета суна. Кхуьнан кхолларалла вайн заманан нохчийн поэзин мехала хазна ю. Вайн массарна а хууш ма-хиллара, оханан (апрель) беттан 25-гIа де вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца Нохчийн меттан де аьлла билгалдоккхуш ду. Оцу денна леринчу даздаршкахь Ахьмад-Хьаьжин Рамзана ша йийшира СаIидбекан байташ, шен  Указаца поэтана «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца совгIат дарца цуьнан кхоллараллин  лаккхара мах а хадийра. Цул тIаьхьа, кху шарахь дIаяьхьначу «Бенойн бIаьсте» фестивалехь дIакхайкхийна яра литературин конкурс, цигахь а хьалхара меттиг яьккхира поэта.  Яздархойн союзо СаIидбекан юбилейна лерина  арахецна «Сан дезнарш, сан лезнарш» цIе йолу авторан книга. Баккъал а чулацаме, цIеначу нохчийн маттахь язйина стихаш а, поэмаш а ю цу тIехь.  Оцу гуларо кхин цкъа а тоьшалла до  нохчийн литературехь кхин цхьаъ а гоьваьлла яздархо кхиъна хиларна. Вайна массарна а доккха совгIат ду СаIидбекан и книга араялар.IMG_7087

СаIидбек, тахана хьо вина де билгалдоккхуш, цхьаьнакхетта ду вай. Дала декъалвойла хьо. Ирсе, могаш-маьрша, кхоллараллехь кхин а лаккхенаш йохуш, дуккха а шерашкахь вехийла хьо.

Даздаршкахь къамелаш динчу Дааев Хож-Баудис, Хийтанаев Мохьмада, Нухажиев Нурдис, Ахмадов Мусас, Кусаев Iадиза, Саиев Iумара, Бурчаев Хьаьлима, Башаев Разамбека, Джамбеков ШаIранис, Борхаджиев Хожбаудис, Исмаилов Абус, иштта кхечара а тоьшалла дира Дакаев СаIидбек шен Даймохк, ненан мотт безаш, нохчийн оьзда стаг а, похIме поэт а хилар. Литература а, культура а кхиорна юкъа йоккха хазна йилларна Дакаев СаIидбекана совгIат дира Нохчийн Республикин культурин министерствон а, Адамийн бакъонаш ларъяран векалан а ведомственни совгIаташца а, «Аргун гIалин сийлахь гражданин» цIе тилларца а, Сийлаллин грамоташца а.

Даздарш хаздира Нохчийн Республикин эстрадин бевзаш болчу артисташа авторан дешнаш тIехь даьхначу иллеша.

З.САГАЕВА

Суьрташ тIехь:  Дакаев СаIидбекан 65 шо кхачарна лерина даздарш

№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: