Куьг дайн ду цуьнан

ХIокху заманан керлачу технологешца болх бан хууш дуккха  а къона  лоьраш бу вайн республикехь. Царах цхьаъ ву Курчалойн кIоштан больницин оториноларинголог Сугаипов Ахьмад. 

2002-чу шарахь вахара иза Аштаркханерчу медицинин академе деша.

Цигахь дешна ваьлча, 2008–2010-чуй шерашкахь Аштаркханерчу клиникин больницехь оториноларингологин декъехула ординатура чекхъяьккхира Ахьмада. Ша дешна ваьллачу шарахь шен Даймахка цIа  а веана, ша винчу а, кхиъначу а Курчалойн кIоштан больнице балха вахара иза.IMG-20161028-WA0014

Хене хьаьжна а доцуш,  баккхий нах, кхиазхой, кегий бераш тIеоьцура цо. Шен говзалла дика евзаш а, дархошна цо дечух дарба хуьлуш а хиларна, денна а алссам нах хуьлура цунна тIе баьхкина. Операцеш ян езарш кхечу больницашка дIахьовсабора, кIоштан больницехь операци ян аьтто цахиларна. Оцу больницин коьртачу лоьран дарбадаран декъехула заместитель волчу Жебирханов Iимрана доккха гIо-накъосталла дира операци ян чоь а, оьшуш болу гIирсаш а вовшахтухуш.

И некъ дIаболош, Ахьмадца  цхьаьна дешна  а волуш, дика доттагI, тешаме белхан накъост ЛОР-врач Барзукаев Рустам а вара.

– Ординатура чекхъяьккхина ваьлча, циггахь балха кхайкхира тхойшиъ. Ахьмад сох дагавелира, шен лаам а бовзуьйтуш: «Рустам, нагахь санна вайшиъ кхузахь балха хIоттахь, уьйраш а тасаелла вуьсур ву. ТIаккха цIаверза  а луур дац. Цундела цIахь балха ваха веза».

ХIинца а воккха вийна ца волу со, цIахь, сайн гергарчу нахана юкъахь, сан дикачу доттагIчуьнца цхьаьна болх беш хиларна, – дуьйцу Рустама.

Куьг дайн, шен  болх дика бевзаш волу лор Курчалойн кIоштахь санна, ерриге  а республикехь а сиха вевзира.

Кагбелла мара нисбеш, мерачуьра хIуманаш (полипаш), легашкахь хуьлуш йолу екхахIоьаш дIайохуш операцеш ю Ахьмада йийриш.

– Мара кагбаларал сов, цу чохь полипаш кхиаран масийтта кепара бахьана ду:  бер жима долуш,  мара дIа а кхеташ, охьакхетар,  шелделла, цомгаш Iиллар,  садеIарца йоьзна аллерги хилар. Дукха нисло спортан къийсадаларшкахь кегийрхой лазор, – дуьйцу Ахьмада.

Цуьнан белхан хIора де, шен дархоша буьйса муха яьккхина хьожуш, церан лаамашка ладугIуш, дIадолало. Цул тIаьхьа, дархой тIеоьцу делкъа хан хиллалц. Делкъал тIаьхьа, операцеш йинчарна цхьацца  процедураш йо. КIиран чохь ши де операцеш еш дIахьо Ахьмада. Белхан мукъачу дийнахь планаца йоцу операци ян езаш а нисло цуьнан.

– Сан мара къийсадаларшкахь кхузза кагбина бара. СадеIар хала дара, ян ма езза тренировкаш ца ялора. Доцца аьлча, операци ян езаш хьал дара. Иштта кхечира со тхайн кIоштарчу больнице. Цигахь вевзира суна         Ахьмад. Хьал ма-дарра теллинчул тIаьхьа, операци ян де билгалдаьккхира. Чолхе операци яра йинарг, больницера араваллалц дика терго а йира. ХIинца гергарло лелош ду тхо. Суна доккха дозалла хета иштта лор тхайн кIоштан больницехь волуш, – дийцира корматаллин боксехула WBC-н дуьненан чемпиона Давтаев Аптис.

– Дийнахь бича болуш бац лоьран болх. Муьлххачу а хенахь нехан  орцанна кийча хила везаш говзалла ю иза. Делахь а, хилла хало а, яйъина хан а йицло, хьайгара цхьанна гIо-накъосталла хилча, айхьа лелийначу бахьанех цхьанне-цхьанне молха-дарба хилча, – бохура Ахьмада.

Дархоша Ахьмадах дуьйцурш а, цуьнан шен къамел а къоначу говзанчина дахарехь шен некъ карийна хиларх тешош дара.

М.ВЕГИЕВА

Авторан суьрта тIехь: Сугаипов Ахьмад

№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: