Республикехь флористика дукха яьржина яцахь а, оцу хьаьрмахь болх беш кегийрхой бу вайн. Ойла йича-м флористан говзалла кхин геннара чолхе ца хета тарло дукхахболчарна. Церан балхах дерг довза лиъна кхечира тхо Соьлжа-ГIаларчу Путинан цIарахчу проспектехь зезагийн «Florange» цIе йолчу туькана. Цигахь болх беш ю къона флорист Исраилова Линда. Шен болх дика бевзаш а, зезагаш дукхадезаш а ю иза.
«Даздарш хилча а доцуш, вуьшта цхьанна совгIат дан луурш кест-кеста богIу туькана зезагийн курс эца. Ткъа зезагаш эца богIурш тайп-тайпана бу. Царах хIораннан а шен чам а, хьежам а хуьлу. Муьлххачу а флористан уггаре а коьрта декхар, эцархочунна ма-хетта, зезагийн курс вовшахтасар ду», – бохура Линдас.
Флористан корматалла – иза кхоллараллин хьаьрма ю ала мегар ду. Зезагийн курс кечъян хаар башха чолхечарех а дац, цигахь уггаре а халаниг зезагийн тайп-тайпана кепаш кхоллар ду. Цуьнга хьаьжна хаза нисло зезагаш. Линдас зезагашца болх бо дукха хан яцахь а, зезагийн курсаш вовшахтасарехь шен хатI ду цуьнан. ЦIахь а, балхахь а мукъа еанчу хIора минотехь, блокнот, къолам схьа а оьций, муьлха зезаг муьлхачуьнца цхьаьнадогIур ду хьоьжуш, суьрташ дохкуш Iа иза. Роза ду цунна уггаре а хазахеташ долу зезаг. Кхечу тайпана зезагаш розанашца цхьаьнатуху цо дукха хьолахь. Хийла, цхьаьна товр дацара аьлла хеташ долчу зезагах курс вовшахтоха хаьа Линдина. Ша болх бечу юкъана цо уггаре а йоккха йина хилла курс 301 зезагах лаьтташ яра. Зезагаш эца туькана баьхкинчара шен болх хастийча самукъадолу йоьIан. КхидIа а дика болх бан дог а догIу цуьнан.
Балхахь зезагаш лелийна а ца Iаш, цIахь а кхиадо цо уьш. Цуьнан зезагаш тIе бIаьрг хIуттуш а хуьлу. Флористан корматалла караерзош цхьана а меттехь дешна яц иза. Цуьнан шен сица ду зезагаш дукхадезар а, царна Iуналла дан хаар а. Фантази оьшуш болх бу Линдас бийриг. Ткъа иза цуьнгахь ян а ю. ТIейогIучу хенахь дан дагалаьцнарш шортта ду йоьIан. Масала, хан-зама яьлча, зезагийн шен туька схьаелла сатийсам бу цуьнан. Зезагашка цуьнан йолчу марзоне ладогIа воьлча, теша, цуьнан Iалашо кхочушхирг хиларх.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Исраилова Линда
№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо