Иза-м дIавахара, беркате лар юьтуш
ДогIанах йоьлху Нохчийчохь эсаран (октябрь) беттан чаккхе. Хеназа къайлабевллачу къоман яхь йолчу кIентийн оьзда яххьаш карлаюьйлу бIаьрхих таръелла яхъеллачу йочанашкахь. КIезиг бацара оцу кIенташна юкъахь дерриге а къомо шайх дозалла ден поэташ, вайх хIоранна а дезаделлачу жайнин авторш, гIеметтахIоьттина йогIучу нохчийн литературехь шатайпанчу башхаллица къеста некъалар йитина похIме адамаш. Церан могIаршка къинхетамза кахьокхуш йолаелира ХХI-чу бIешеран эрчоно сийсийна юьхь. Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, Саракаев Хьамзат, Дадашев Iабдулла, Ахмаров Рамзан, Гацаев СаьIид, Хатуев Iабдулхьамид, Талхадов Хьамзат, Алиев ГIапур, Ибрагимов Лоьма, иштта дуккха кхиберш. Буьйса хазйина седарчий санна, вайн иэсехь серладуьйлу цара яздина хьекъале дешнаш, церан сирла аматаш, цара хаддаза бина маслаIате кхайкхамаш. Царах цхьаъ вара, вайн таханлерчу къамелан турпалхо Ибрагимов Лоьма. Нохчийн литература цIе йолчу исбахьчу дуьненан шатайпа цхьа башха гIайре ю цуьнан философех Iанаоьху кхолларалла. ДоттагIаша, белхан накъосташа Канташ олура цунах. Иштта яра цуьнан литературни псевдоним. Дуьнене хьежар а дара цуьнан шатайпаллица къаьсташ. Цу тIера хуьлура деш долу къамел. Амма цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш, массарна девза бакъдерг иштта дара: Ибрагимов Лоьма кIорггера хаарш, лаккхара синкхетам болуш, къоман оьздачу гIиллакхийн гурашкахь яхчийна нохчалла мел оьшу шеца йолуш стаг вара. Цуьнан синтем боцчу амалехь дара массо а хIуманна духе кхиа гIертар. Иза даима лехамехь вара. Iаламат хала ду «дика поэт» вара аьлла, цхьана жанран гурашка цуьнан кхолларалла ерзо. ПохIме стаг иза массо хIуманна тIехь похIме хиларе терра, доза доцуш шуьйра, кIорга яра Лоьмин кхолларалла. Цунах самукъадолура Нохчийчуьрчу дешархойн.
1951-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Казахстанехь дуьнен чу ваьлла вара Ибрагимов Лоьма. Дуьххьара, хьалхарчу классе деша цигахь вахара иза. Амма 1960-чу шарахь ИбрагимовгIеран доьзал, шайн ворхIе да ваьхначу Хьалха-МартантIе цIабирзира. Цигахь чекхъяьккхира цо юккъера школа. Цул тIаьхьа медицинин институте деша вахара. Масех шарахь цигахь дешначул тIаьхьа, кхийтира, адамашна дарба лело ша кийча цахиларх. ТIаккха лоьрийн институт а йитина, масийттанхьа белхан меттигаш хийцира, шен экамечу даго къобалбен берг лоьхуш. 1978–1980-чуй шерашкахь Советийн эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавирзича вахара Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша. Юьртарчу школехь болх бира масех шарахь.
Школехь доьшуш волуш дуьйна тасаделлера Ибрагимов Лоьмин литературица гергарло. Язйина цхьацца байташ яра лакхарчу классашкахь доьшуш волуш дуьйна. Амма иза цкъа а сиха вацара зорбане вала. «ВорхIазза юста, тIаккха хадае», – бохучарах вара иза. Цундела, дукха тIаьхьа евзина дешархойн шуьйрачу гуонашна цуьнан кхолларалла. 1990-чу шарахь дуьххьара зорбане евлла цуьнан байташ Веданан кIоштан «Керла дахар» цIе йолчу газетехь. Цул тIаьхьа-м «Даймохк» газетехь, «Нана», «Орга», «Вайнах» журналашкахь кест-кеста гора вайна уьш. Цуьнан кхолларалла йовзарца гучуделира дуьххьара нохчийн маттахь афоризмаш язъеш, гулъеш иза хилар а. Мукъалла, йоьшург цецваккха язъеш афоризмаш яцара цуьнан уьш. Цхьа шатайпа маьIне, чулацаме, авторан хьекъалх а, цунна тидам бан хаарх а, ненан мотт кIорггера хаарца дешархой цецбохуш яра. Масала, «Хилийтиша, цхьанна лууш делахь, цуьнан деда маймалх схьаваьлла!». 1992-чу шарахь зорбане елира цуьнан «Зерийн тидарш» книга, тIаккха – «Психография», «Афоризмы», «Маржа дуьне». Эххар а, 2011-чу шарахь, оьрсийн маттахь а, нохчийн маттахь а «Хаьржинарш» книга зорбане яьккхира журналиста, поэта, яздархочо Ибрагимов Лоьмас. Цхьа Iаламат мехала гIуллакх дан ца ларош, ша бахьанехь юкъахдисарна кхоьруш санна, даима сиха вара иза. Лакхахь хьахийна, зорбане йийлина книгаш, кхиамца журналистикехь болх беш, вовшахйиттина ю цуьнан. Цо телевиденехь болх бина. 1999-чу шарера 2002-чу шаре кхаччалц «Орга» журналан коьрта редактор а лаьттина. ТIаккха «Гоч» журналан коьрта редактор волуш болх бира 2006-гIа шо кхаччалц. Халкъана, махкана Iаламат пайдехьа, мах боцу беркат хилла дIахIоьттина «Гоч» журналан коьрта редактор волуш, цо бина болх. ХIинццалц дуьненаюкъара литература оьрсийн матте гочъярца вайна евзаш хиллехь, и журнал схьаделларца ингалсан, французхойн, испанхойн, иштта кхечу меттанашкара йоххушехь нохчийн матте йохуш, «Гоч» журналехь зорбане яьхна говзарш йовза, еша аьтто хилира махкахойн. Цкъа а сапаргIат, синтеме воцчу Ибрагимов Лоьмин хьуьнар а, цуьнан хьанал къинхьегам бахьанехь нисбелла аьтто бара иза. Цунна къаьсттина баркалла ала догIура редакторна. Амма дукха хан ялале, Ибрагимов Лоьма цунах Iехавеллачу муьрехь, «Гоч» журнал дIакъевлира. Бакъду, похIме журналист, яздархо волу вайн турпалхо болх боцуш-м ца висира. 2003-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн Академехь а болх беш вара иза. Оцу хенахь чIагIйира филологин Iилманийн кандидатан диссертаци. Ишта-м Лоьмас «ГIаттаман либретто» язйинера, вайн махкахь оперни театр хиларе сатесна. Къоман эстрадина нуьцкъала гIортор хилла дIахIиттинера Ибрагимов Лоьмин дешнаш тIехь даьхна иллеш. Уьш дукха ду. Даймахках, ненах, безамах. ХIора илли а ладогIархойн беркате син хаамаш гIитто ницкъкхочуш а ду, мел дукха ладегIарх, цкъа а кIордош дац. Бакъдерг билгалдаккха догIу, къоман культурехь керла дош хилла дIахIуьттуш дара поэтан байташ тIехь даьхна иллеш. Заманан йохалла нур дайна, тIе Iеха лацалур болуш дац уьш. Доцца аьлча, воккха къинхьегамхо вара иза, син шорто йолуш стаг вара.
Кхин хIумма а цо дина ца хилча а, нохчийн литературин исторехь юьсур йолуш яра цуьнан сирла цIе, вайнехан халкъана, махкана уггаре а халачу муьрехь цо зорбане яьккхина нохчийн поэзин антологи бахьанехь. Шен лаамехь цо иттех шарахь бина болх бара антологи. Нохчийчохь ву бохучу а, цкъа мацах хилла бохучу а поэтийн байташ схьагулйина, 2003-чу шарахь зорбане яхар – доккха хьуьнар, доза доцу догцIеналла оьшуш гIуллакх дара. Ткъа уьш цуьнгахь мел оьшу хила а хиллера. Мух-мухха волчу стеган карх дер дацара буьрса кхехкачу тIеман кIуьрлахь къоман поэзин антологи зорбане яккха гечонаш леха. Дикка халкъах, махках, къоман культурех, литературех доглозуш, церан кханенах дегайовхо кхаббал доьналла долуш стаг хила веза, мел мехала делахь а, и деза дукъ шена тIелоцуш верг. Мел инзаре халонаш дуьхьалйийларх къар ца луш, Ибрагимов Лоьмас чекхдаьккхира ша юьхьарлаьцна гIуллакх. Оцу мехалчу гIуллакхо гойту, шен къам а, цуьнан литература а цунна мел дукха езаш хилла. Баккъал а, дукха болх бу иза цхьана стагана. Бакъду, дан лерина кхин а дукха дара Лоьмин. Амма, мел халахеташ делахь а, оьмар дукха йоца хилла-кх оцу похIмечу стеган. 64 шо кхачаза вара иза, 2015-чу шеран хIутосург (май) беттан 14-чу дийнахь вайна юкъара дIавоьдуш. Массо цецваьккхира оцу шийлачу кхоо, дог Iаьвжира вевза-везачийн. Цкъа а могашалла ялхош вацара иза. Сел хьалхе малх кхетачу дуьненах къаста воккха а вацара. Карахь долчу 2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь 65 шо кхочур дара похIмечу журналистан, Iилманчин, поэтан, яздархочун, философан Ибрагимов Лоьмин. Цуьнан самукъадолура Нохчийчоьне дагардуьйцуш а, ламанан шовда санна, цIена безам цуьнга балхош а. Даима дай баьхначу лаьттах хьерчаш дара цуьнан экаме са. Хаддаза, дикане кхойкхуш хуьлура Ибрагимов Лоьмас шен сица литтина, цIийца лезна, кехатах тешийна хIора могIа. Байташ ешархойн синош цIиндан а ницкъкхочура цо яздинчу могIанийн. Иштта, хьекъале а, кIорггера хаарш долуш, маттана говза, сирлачу ойланийн шорто йолуш, шен меттехь ира забар ян хууш а, шега дIайинчу забарх кхеташ а яздархой вайн дукха бацара. Цундела, боккха иэшам хилира къоман литературина Ибрагимов Лоьма санна волу говза яздархо, поэт юкъара дIаваларх. Делахь а, вайца яха йисина цуьнан кхолларалла.
ГАЗИЕВА Аза
«Со воцуш мегаш дерг – сан дахар дац»
Нохчийн литературехь ларамаза стаг вацара Ибрагимов Лоьма (Канташ), цунна хийра а вацара, зене-м – ванне а. Цхьа наггахь верг, цхьана интервьюхь Лоьмас ша чIагI ма-дарра, литературина зене волуш а ма хуьлу.
ГIойтIара юккъера школа, чекхъяьккхинчул тIаьхьа Краснодарерчу лоьрийн институте деша воьду Лоьма, амма 5-чу курсе ваьлча юьту институт, иза шен гIуллакх доцийла хиъча. ХIетахь дуьйна а хиллачух тера ду цуьнан дахаран принцип «Со воцуш мегаш дерг – сан дахар дац». Ша-шен лоьхуш, дуккха ирхенаш, охьенаш ехира Лоьмас. Университетан филологин факультет а чекхъяьккхира. Тайп-тайпана белхаш бира, «ша воцуш мегарг» Iадда а буьтуш.
Эххар а ша литературехь карийра кхунна, я литературина – хIара.
Нохчийн литературехь жанран санна, афоризман бух биллинарг лоруш ву Лоьма. Иза йоккха цIе ю, кхуо ша дозалла деш цIе а яра. Афоризмаш кхолларехь цо гIеххьачу гунан лакхе яьккхина аьлла а хета.
Дийца хуурш кIезиг болчу къоманала гIертарш, бохка баьхьча, биссал хуьлу.
Доцу эхь дайна ма алий вай?
(Хьажахьа, ма атта аьлла хета и дешнаш, амма маьIна-м ду – эхь долчо «эхь дайна» ала меттиг буьтур ма бац).
Кхаьрдинарг тIе ца деънехь, хьо Далла а вицвелла!
Ца ваьлла олу баркалла неIалтан метта олу.
ДоьгIнарг кхочуш ца хила дуьне доха деза.
Иштта кхин а, кхин а. Цуьнан афоризмаш, шайн автор, доцца аьллачу ирачу дешан пхьар хилар гойтуш, чулацаме, маьIне ю.
Канташ поэт ву. Поэт а – шатайпа. Цунна коьрта дац, аттачу маттаца язйинчу кхайкхаман байташца гIаравалар. Иза гуттар а лехамехь ву. Шен байташкахь хIора дашна а маьIнийн деза дукъ тIедуьллу цо. Цкъа а, шозза а, кхузза а ца ешча, кхеташ а ца хуьлу. Ахь иштта ешахь, тIаккха хьайна цхьа маьIна-м доккху ахь, авторан ойланна тIаьхьа кхиахь а, ца кхиахь а.
Синойн дуьхьа марха кхобуш,
Дилхан дуьхьа латта охуш,
Кхуьу адам –
Кхуьу сан къам.
(«Сан къам»).
Са а, дилха а хIунда къастийна те, цхьаьний ца хуьлу и шиъ? Хуьлу, амма къаста дезаш а ду: са Далла дуьхьал даха деза, ткъа дилха лаьттахь дуьсуш ду. И ший цхьаьна хилча адам хуьлу, амма адамах къам хир дац, лийр дуй хууш, Iамал еш дацахь («марха кхобуш»), даха дезий хууш, къахьоьгуш дацахь («латта охуш»). Ца хаьа, иштта ойланаш еш волу ешархо авторх кхета я ца кхета, коьртаниг – авторан ницкъ кхаьчна цуьнга и ойланаш яйта.
Кхин цхьа байт ялор вай.
Цхьаъ лоруш ца хилча,
Цхьаъ везаш ца хилча,
Цхьаъ веззал, цхьаъ ларрал
Кийрахь дог ца хилча –
Ирча ду дахар.
Цхьа ойла ца кхаьбча,
Цхьа дика ца хьегча,
Схьатоьхнарг дIатоххал
Са акха ца хилча –
Хала ду дахар.
Кхузахь-м маьIна дукха лачкъийна а дац. Баккъал а ирча хир ма ду дахар «цхьаъ веззал… кийрахь дог ца хилча», тIаккха цхьанне хьо а везар ма вац. ТIаьххьара кхо могIа а бу ойла йойтуш. «Схьатоьхнарг дIатохар» адамаллица, гIиллакхца догIий те? Ткъа «схьатоьхнарг» я зулам бекхам боцуш дитар ду гIиллакх? Юха а, суна-м и хета поэтан говзалла – хьо ойлане ваккхар.
Лоьмина яздан хала дац. Цо ша ма аьлла шен цхьана афоризмехь: «Яздан хала дац, яз ца луш хьо Iелуш вацахь». Цо яз а до шен даго хьоьххург: афоризмаш, стихаш, пьесаш, повесташ. Фразеологизмаш, символаш гулйо, церан хьесап а, маьIна а до. Лоьмин кхоллараллин тIорказ чохь ялх шен книга ю: «Зиэрийн тидарш» – 1992, «Психография» (оьрсийн маттахь) – 1993, «Куцъаларш» – 1994, «Маржа дуьне» – 2005, «Нохчийн фразеологизмийн дошам» – 2005, «Хаьржинарш» – 2011. Царах цхьанна – «Нохчийн фразеологизмийн маьIнадаран дошамна» – леринчу дешхьалхенехь Нохчийн Республикин Iилманийн академин академика Чокаев Катис яздо: «…ХIара дошам зорбане ялар нохчийн меттан бIаьрла хилам лара мегар ду. ХIунда аьлча 3 эзар сов фразеологизм, дешархочунна тидам бан аьтто болччу агIор тIаьхьа-хьалха а нисйина, Iилманчас фразеологизмийн маьIна дарехь хьегнарг онда а, чулацаме а къинхьегам бу.
Авторо ненан меттан Iилманна шен охIлалла гайтарал совнаха, вайн меттан кхетаме йоккха хазна йиллина. Теша лаьа, яздархоша, журналисташа… нохчийн маттаца хьасене мел волчо, кху балхах пайдаоьцург хиларх а, ткъа дошаман авторо, юкъах а ца волуш, хIара тайпа белхаш кхидIа а язбийриг хиларх ву». Хастаме дош атта олуш воцчу Катис Ибрагимов Лоьмин белхан иштта дика мах хадор кIезиг хIума дац.
2003-чу шарахь араелира «Нохчийн поэзин антологи». И гулйинарг а, хIоттийнарг а Ибрагимов Лоьма вара. Ненан маттахь дуьххьарлера нохчийн поэзин антологи араялар – и миччахь яьллехь а – суна нохчийн литературехь хилам хета, тIаккха оцу тIехь къахьегар а хуьлу деза, мехала гIуллакх. Цунна гуонаха, резадолуш, доцуш дуккха а дийцарш-бахарш хилира. «Ала луучунна ала карадо» бохучунна а доцуш, дуккха ала хIума дуьтуш меттигаш ю цуьнца («Антологица»), делахь а, хилар тоьлаш ду. Кхин дацахь, вайн тIаьхьенна ойлаян, шайл хьалха баьхначу яздархойн «хьуьнарийн, дезарийн» хьесап дан материал хир ю, юха антологи арахеца луучунна, хьалхарчун гIалатех ларвала масал хир ду. Лоьмин кхоллараллин белхан кхин цхьа агIо го цуьнца: нохчийн литературехь шен цIе хилар коьрта доцуш, нохчийн литература хилар, и кхиар цунна коьрта хетар. Телевиденехь ша къахьоьгуш, «Орга» журналан коьрта редактор волуш (1999–2002), «Гоч» журнал дIадолорца-дIакхехьарца (2004–2006) гучуделира нохчийн литература кхиоран, цуьнан хиндолчун, и йовзийтаран, яржоран проблемаша цуьнан чIогIа садууш хилар, шен кхоллараллин балхаца и ган а гайтира цо. И проблемаш къаръян, яста, артъян Ибрагимов Лоьмас вайн юкъараллин дахарехь уггаре чолхечу муьрехь, шена догIучу декъехь, кхоа ца луш, къа а хьийгира. Юха а, суна хетарехь, баккъал волу нохчийн яздархо дийнна нохчийн литература кхиоран, цуьнан хиндолчун, и йовзийтаран, яржоран гIуллакхашна сагатдеш хила веза.
Яздархочух яздеш, вай цкъацкъа «вевзаш волу», «гIараваьлла», «гоьваьлла», эпитеташ тIетоха лууш хуьлу, цара цуьнан говзаллин тIегIа билгалдеш санна. И оьшуш ца хета. Яздархо велахь – ву, вацахь – вац. Ибрагимов Лоьма яздархо вара, яздаран шен хатI, шатайпаналла долуш, нохчийн меттан дешан ницкъ, маьIна девзаш. Къоман литература цхьана стага еш яц, мел говза, похIме и хиларх, цкъацкъа хьакъ а долуш, цуьнан юьхь еш, хьалхавоккхий цхьаъ хилахь а. Нохчийн исбаьхьаллин дешан хьаьрмахь жима-доккха шен кха долуш, нохчийн литература кхиош беркате къахьегначарех вара Ибрагимов Лоьма (Канташ).
Хь.АБОЛХАНОВ
Литтинчу дешан хазна
йитина дIавахана Ибрагимов Лоьма
Цхьа шо сов зама хьалха, вайх цхьанна а дагахь доццург а деш, цIеххьана вайна юкъара дIавахара Ибрагимов Лоьма (Дала гечдойла цунна). Литературехь болх тIаьхьуо болийнехь а, сирла, йоккха лар йитина цо ша кхочушдинчу гIуллакхашца. Цундела, нохчийн йозанан дашца уьйр-марзо йолуш, республикин муьран (муьран доцчу) зорбанан тидам бечунна ца йовза йиш яц масех книгин автор волчу яздархочун Ибрагимов Лоьмин цIе.
Iилманан агIо яра Лоьмица. Цо тIаьхьарчу хенахь болх бира республикин Iилманийн академехь Iилманан лакхара гIуллакххо волуш. Филологин Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйира. Цуьнан тема яра «ХХ-чу бIешеран нохчийн прозехь исбаьхьаллин кепара къоман башхалла гайтар». Цуьнан Iилманан белхашна юкъахь къаьсттина шена тIе тидам боьдуш «Гадаев Мохьмад-Салахьан феномен» болх бу.
Ибрагимовна уггаре а герга хилларг, хетарехь, афоризмашна, неологизмашна, фразеологизмашна, архаизмашна тIехь цо беш хилла болу болх бу. «Афоризмаш юкъаялош буьйцучу матто мелла а хьоле, чулацаме сурт хIоттадо, дешархо (я ладогIархо) гIолехь кхетаво вайна дIакхачо луучух», – иштта аьлла хетара вайн литературехь афоризман жанран бухбиллархо лара хьакъ волчу Ибрагимовна. Дика яздарал сов, ша буьйцучу маттаца схьа а гойтура Лоьмас и дерриге а.
Литтинчу дешан хазна ю цо гулйинарг. ДIабоьдуш тIом а болуш, бевза-безачаьргахула схьагулдира цо дезачу жовхIаран меха хIуманаш. Тахана вай а, тIейогIучу тIаьхьенаша а царах пайда мел оьцу, цо а, иза санначара а хьегна къа эрна хир дац. Дала мукъ лахь, лелаш долу сагIа а хилла, ял лур ю оцу белхаша хаддаза.
ХIуманна мало ца еш стаг вара Лоьма. Ткъе пхи шо сов хьалха кхунна вевзаш волу цхьа оьрси а, хIара ша а велосипедашца воьдуш хиллера Толстой ваьхначу «Ясная Поляна» цIе йолчу метте. ХIорш цига дIакхача герга баханчу хенахь, буьйса а йоьлла, четар хIоттош бохкуш, тIенисвеллачу меттигерчу вахархочо-оьрсичо, къар а ца велла, буьйса яккха шайга бигна хиллера.
ЛоьмагIар шайга а балийна, цаьрца садоIуш Iачу хIусамдас сих-сиха ша-шега олура, бах: «Шу кхетий, нах! Кху юххехь а Iаш, цу тIе хьехархо а волу, со цкъа а ца вахна Толстой ваьхначу меттигашка, ткъа хIорш оцу генарчу махкара, цу тIе велосипедашца а баьхкина кхуза, кхетий шу?!» ШолгIачу дийнахь ЛоьмагIар шайн школе а бигна, дешархошца кхеран цхьаьнакхетар вовшах а тоьхна, тIелецира, бах, оцу хьехархочо а, цуьнан дешархоша а шайн дахарехь дуьххьара «Ясная Поляне» даха…
«Гоч» журналан редакцехь, цхьацца гуламашкахь масех цхьаьнакхетар хилла сан Лоьмица. КIеда-мерза къамел долуш, маслаIате волуш, нахаца вазавала хууш, ша вовшахдетта гIуллакхаш дика девзаш, ира хьекъал долуш, Дала дика дина стаг вара иза. Ас, со бохуш вацара, тийна-таьIна шен гIуллакх деш вара – халкъана, вайн тIаьхьенна оьшур долу хIуманаш дIаяздеш, гулдеш.
Лоьмина вайн дахар а, адамийн юкъаметтигаш а, амалш-леларш дика девзаш хилла хилар бIаьрла схьагойтуш хета цуьнан (шен барамехь жима долчу) «Дала деллера гIеххьа хьекъал» цIе йолчу дийцаро: «Дала деллера гIеххьа хьекъал. ГIеххьа корматалла а еллера. Шен йозанан хатI долуш, шен хенахь веша тамехь яздархо хилира цунах. Амма Дала шена деллачух тоам ца беш, и хIилланашка марзвелира. Царах даар-духар дина ца Iаш, хьал-бахам а бира:
– Тхан дайша хIилла хьекъалан билгало лоруш ма хилла, – олура цуо кест-кеста.
Лоьхучунна карийра. Оьшучо, цуьнгара тера лелар ийцира. Дуьне тIарал гатдеш дукха нахана бале велира. Дала ша деллачух жим-жима хервеш хервича, тера лелар хьулдалла хьекъал, корматалла ца тоьачу делира хьал.
Кхолларалла – цхьаъ-важа кхечерачух шеко йоццуш таръяла а йоьлла – Iанаяхара. ХIетте а Iеминарг ца диталора. Ша метта воьжча, цамгаро шеца хIилла леладо моттаделира цунна. Ткъа нахана, велла аьлла хезча, ша цавеллашехь, и беллачарах тера лела ваьлча санна, хетаделира».
Сайн доларчу библиотекехь Лоьмас дитина жайнаш хиларх воккхаве со. Со тешна ву, уьш доцуш цхьа а библиотека хир яц вайн махкахь. ХIора дийнахь совбуьйлуш иттаннаш эзарнаш шайн дешархой а болуш, «Проза.ру» а, «Стихи.ру» а сайташ тIехь лерринчу агIон тIехь ю Ибрагимов Лоьмин дуккха а говзарш. Дуьненахь шен тIаьххьара де тIехIотталц ала мегар долуш, Лоьмас дика дола дора оцу агIонийн: дешархошца къамеле волура, хаттаршна жоьпаш лора, хаза хьехам бора. Ткъа хиллачух ца кхета дешархой тахана а бу цуьнга яздеш, цуьнан говзарех лаьцна дош олуш, царах беркат оьцуш…
ГАЙТУКАЕВ Асламбек
№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо