С.Синиев: «Водитель хила жимачохь дуьйна Iамо веза»

ТIаьхьарчу хенахь некъан бохамаш алсамбевлла вайна.  И хьал вай долчохь хилла ца Iаш дерриге а дуьненахь а ду. «Шина тIамо байъинчул дукха нах тахана эчиго бойъуш бу», – олуш хийла хеза вайна. Иза бакъ а ду, дукха адам ду вайн некъашкахь тахана леш, лазош. Телеканалашкахь, зорбанан а, интернетан а изданешкахь денна хеза (го) вайна цхьаццанхьа хиллачу некъан бохамех лаьцна хаамаш. И бохамаш дукха хилар бахьанехь некъан бакъенаш талхочу автомобилисташна дан догIу таIзарш а ду денна чIагIдеш. Кест-кеста хуьйцуш, карлайохуш ю некъан боламан бакъенаш.синиев

ХIора шарахь Россин некъашкахь 30 эзар сов стаг кхелха. Говзанчаша а билгалдоккху, тIаьхьарчу хенахь вайн некъашкахь муьлххачу тIамехьчул а алсам адамаш кхелхаш хилар. Цул сов, некъан бохамел хаъал алсам хуьлу оцу бохамашкахь кхелхинарш, лазийнарш. Пачхьалкхан автоинспекцис хIоттийначу некъан-транспортан хиламийн статистикица нийса а догIуш, дIадаханчу шеран кхолламан (январь) баттера гIуранан (декабрь) батте кхаччалц йолчу хенахь 184000 некъан бохам хилла Россехь (2014-чу шарахьчул 8,2 процент лахделла и терахь, цу шарахь 199720 бохам хиллера), оцу бохамашкахь 23114 стаг кхелхина (2014-чу шарахь – 26963 стаг, и терахь 14,7 процентана лахделла), 231197 стаг лазийна (251785 стаг лазийнера цул хьалхарчу шарахь, 8,6 процентана лахделла). Схьахетарехь, тIаьхьарчу хенахь некъан бакъенаш талхош болчу водительшна догIуш долу таIзарш чIагIдаро дикачу агIор хийцамаш бина, лакхахь билгалдаьхна терахьаш хаъал лахдаларе хьаьжча. Оцу керлачу хийцамийн а, иштта автомобилистийн хьаштийн а хьокъехь шена хетарг дийцира Автомобилистийн ерригроссин юкъараллин нохчийн регионан отделенин председателан заместитела Синиев Султана. Автошколехь хьоьхуш волчу Султана чIагIдо, водитель бераллехь дуьйна кхио везаш хилар.

(Автомобилистийн ерригроссин юкъараллин нохчийн отделенис Соьлжа-ГIалахь шен болх дIаболийна 1973-чу шарахь. 1994-чу шарахь республикехь хилла тIеман хиламаш бахьанехь болх сацийнера организацис. 2002-чу шарахь юха болх бан йолаелла. Карарчу хенахь цу юкъахь 900 гергга автомобилист ву (и терахь хийцалуш ду).

– Султан, хIун болх бо шун организацис?

– Тхан коьрта Iалашо – автомобилисташна гIодар. Хуьлийла иза некъан-транспортан бохам хилча деш долу гIо, гаражаш нисъяр, гIолечу (льготин) мехашца машенашна дIахIуьттийлаш билгалъяхар. Хьалха, советийн заманахь, тхан таронаш дуккха а алсам яра. ХIинца билгалдаьккхинчул сов, тхайн юкъараллин дакъалацархошна атта карош йоцчу машенан тIаьхьалонан меженашца кхачо ян таро яра тхан хьалха, тхайн туьканаш яра. Цу тайппана, нехан тидам тIебахийта, тхайн организаци пайде хилар довзийта таро яра. Карарчу хенахь иштта къахьега гIирсаш а, хьелаш а дац, делахь а, хьалха ма-барра болх бан ницкъ кхочург хиларх тешна ду тхо.

– Тахана хIун дехарш дохьуш богIу шу долчу нах?

– Дукха хьолахь, некъан бохам хилча, юридически гIо-накъосталла оьшурш богIу, хIунда аьлча, стаг атта кхетар воцу, духе кхуьур воцу хьелаш а, къовсаме хаттарш а дукха нисло.

– Машенна дIахIуттийла (стоянка) я гараж эшарца доьзна дехарш хуьлий?

– Шеко йоцуш, оцу гIуллакхан бала ца кхочуш вайн коьртачу гIалара наггахь водитель бен хир вац. ГIалахь машенаш дIахIитто меттигаш ца хилча ца йовлу. Уьш цахилар йоккха проблема ю. Вайна денна а гуш долу хьал – долахошна машенаш дIахIитто меттиг цахилар. Цундела, дукха петарш йолчу цIеношна гуонахарчу меттигашкахь дIахIиттийна хуьлу машенаш, ткъа цигахь бераш ловзу. Дика ду вайн республикехь машенаш дIайигар даьржина доцуш. Иза а делхьара, хьал дуккха а белхаме хир дара.

– Машенийн дIахIуьттийлаш меттахIитторца доьзна долу хьал муха ду?

– Халахеташ делахь, машенаш дIахIитто майданаш тхуна, цкъачунна, къастош яц. 1994-гIа шо кхаччалц мел хилла болу бахам (ларъеш йолу 18 дIахIуттийла) байна тхан. Карарчу хенахь ма-хуьллу тхайн хилла меттигаш юхаерзо гIерташ къахьоьгу оха. Таханлерчу дийнахь цхьа дIахIуттийла бен яц тхан.синиев2

– Ерригроссин автомобилистийн юкъараллин нохчийн регионан отделени йолчохь автошколаш а ю. Аш хинболу водительш кечбо. Хьуна хетарехь, некъан-транспортан бохамаш хIунда хуьлу? Цунна бехке мила ву-те, водительш вуон кечбар ду-те иза я таIзардаран барамаш гIийла хилар ду?

– Водительш вуон кечбар а, иштта кхидолу бахьанаш а хила тарло некъан бохамна бехке, амма таIзарш гIийла хилар хуьлийла дац. ТаIзардаран барамаш кест-кеста а чIагIбеш бу, амма коьрта тидам некъан боламан хинболу дакъалацархой кечбарна тIебахийта беза. Бер, школехь доьшуш долуш дуьйна, водитель хила Iамош, кхио деза аьлла хеташ ву со. Ас школашца дукха болх бо. Бераш некъа тIе довла кийчча хилийта, цаьрца болх бо оха, тIейогIучу хенахь автошколашкахь уьш тхайн дешархой хиларе са а туьйсу. Таханлерчу дийнахь уггаре а халаниг ду школашца цхьаьна гIуллакхашдаран хьокъехь барт бар а, гIишло (чоь) яккхар а, кхидIа дерг-м хала дацара. Бакъдерг аьлча, 1994-чу шарера 2003-чу шаре кхаччалц (тIеман хиламаш хилла мур) ледара кечбина вайн республикехь водительш. Цо вуон тIеIаткъам бина регионан транспортан боламна. ХIора а водителе дехар дан лаьа-кх: некъан боламан бакъенаш Iамае, уьш хаар – водительна пайдехь ду, зенехь дац. Некъан боламан бакъенаш цахаар бахьанехь, ГАИ-н инспектора дуьйцучунна водитель, духе а ца кхуьуш, резахуьлуш меттигаш нисло, хIунда аьлча, шен хаарш ца хиларе терра, бехк тIелаца атта хета цунна. Цундела, лараме автомобилисташ, некъан боламан бакъенаш Iамае.

– Султан, тIаьхьарчу шерашкахь некъан боламан бакъенийн декъехь бина хийцамаш шун балхах а хьакхабелла (хинболу водительш кечбарх). Хьуна хетарехь, оцу хийцамаша цхьана а кепара тIеIаткъам биний  водительш Iаморан дикаллина?

– ХIаъ, баккъал а, 2013-чу шарахь автошколашкахь Iаморан керла программа юкъаяьккхина. Амма баккхий хийцамаш хаабелла бац. Iаморан сахьташ алсамдевлла, иза, шеко йоццуш, дешархочунна дика ду. Керла юкъадаьккхина ду «Психологин» низам, тайп-тайпанчу халачу хьелашкахь нисвеллачу стеган лелар толлу цигахь. Автомобилисташ кхиорехь и низам юкъадалор вуно дика гIуллакх ду, хIунда аьлча, муьлххачу стагал а чIогIа собаре, эсала, гIиллакхе хила веза водитель. Иза оьгIазе, дера хилахь вуон тIаьхьалонаш хила тарло (некъан бохамна тIе кхаччалц). Iаморна билгалъяьккхина йолу юкъара хан а кIезиг хета суна. ХIинца автошколашкахь 2–3 баттахь Iамабо водительш, цу гIуллакхна 5–6 баттал сов хан оьшу.

– Водительша шаьш- шайна машен лело Iаморах хIун эр дара ахь?

– Водительша шаьш-шайна (машен лело) Iамор 2013-чу шарахь дIадаьккхина. Транспортана урхалла дан бакъо луш йолу экзаменаш билгалйинчу программица дешначул тIаьхьа бен дIаяла йиш яц хIинца. Ша-шена машен хахка Iамор юкъара дIадаккхале хьалха, муьлххачу а стеган бакъо яра автоинспекце а веана, экзамен дIаяла, амма машен лелоран сахьташ (урокаш) зеделларг долчу водителера эца дезаш дара.

– Шеран муьлхачу муьрехь машен лело Iамийча гIолехь ду аьлла хета хьуна?

– ГIолехь дерг ду шеран муьлххачу хенахь а машен лелоран зеделларг хилар, хIунда аьлча, хIора а муьрехь дагахь доццург хила тарло. Цхьаверг бен ца кхета догIанаш дуьйлало мур уггаре а кхераме хиларх, хIунда аьлча, некъа тIера чан яшийна, цунах хат хилча, цу тIехь машен шарша тарло. БIаьста массо а хIумано заза даьккхича, бIаьрг тухийла ледара хуьлу. Iа ша хьакхарца кхераме ду. ХIора а муьрехь шен-шен башхаллаш ю, иза хIора а водительна хаа деза. ХIора ах шо мел дели тхайн юкъараллехь водительшца леррина занятеш дIахьо оха, хенан хIоттаман хьелаш дуьйцуш. Дукха хьолахь, пассажираш дIасабуьгуш болу водительш хуьлу уьш.

Интервью дIаяьхьнарг – А.ХАСБУЛАТОВА

№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: