ХIокху деношкахь Абу-Даби шахьарахь (Iаьрбийн Цхьаьнакхетта Эмираташ) чекхъяьллачу дзюдоистийн дуьненаюкъарчу турнирехь (турнир Большого шлема цIе йолуш ю иза) боккхачу кхиаме кхаьчна нохчийн дзюдоист Шамилов Якъуб. Йозаллин бараман шен категорехь (66 кг.) хьалхара меттиг яьккхина цо. Оцу кхиамца спортсмен декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмерчу шен агIонехь цо яздо: «Дзюдон дуьненаюкъарчу дийнахь Нохчийчоьнна а, ерриге Россина а хаза совгIат дина Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» дзюдон клубан декъашхочо Шамилов Якъуба. Абу-Дабехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу турнирехь дашо мидал яьккхина цо. Оцу толамца ас даггара декъалво Шамилов Якъуб а, «Эдельвейс» клубан президент, сайн хьомсара ваша Эдельгириев Амрудди а».
Билгалдаккхар. Россин спортан дуьненаюкъарчу классан мастер а, Россин чемпион а ву Якъуб. Шозза Европин кубок, Казанехь хиллачу Универсиадехь йоьзан мидал, иттаннаш Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а турнирашкахь толаман меттигаш яьхна цо.
Хь.АБАЕВ
№119, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 1-ра де, 2016 шо