Ас даггара декъалдо шу Халкъийн цхьааллин денца!
Россин йоккхалла а, сийлалла а, нуьцкъалалла а бахархойн цхьааллехь, вайн Даймехкан халкъийн синошца бартхиларехь ю. Иза россихойн цхьана чкъуро тIечIагIдина Iаш дац. Вайн дуккха а бIешерийн исторехь дукха ду турпалаллин масалш. Цхьа кхерам тIехIоьттича тайп-тайпанчу динехь, тайп-тайпанчу къаьмнех долу адамаш, цхьаьна а кхетий, оцу кхерамна дуьхьал хIуьттуш хилла, халкъан маьршачу, токхечу дахаре йолу бакъо ларъеш хилла. Тахана а вайн сийлахь-боккхачу мехкан бахархой цхьаьнакхеташ бу вайн пачхьалкх кхидIа а кхиийтаран, цуьнга зазадаккхийтаран дуьхьа.
Нохчийн Республикин халкъан цхьаалла хилар бахьанехь аьтто белира дуккха а шерашкахь республикехь Iазап латтош хилла дуьненаюкъара терроризм хIаллакьян. Оцу чолхечу, кхерамечу хенахь, кхерамазаллина кхачоярехула, йохийна хилла экономика меттахIотторехула, бахархошна социальни кхачоярехула вуно даккхий гIуллакхаш дан дезаш а долуш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен коьрта декхар лорура халкъана юкъахь барт бар, церан цхьаалла хиларе кхачар. Хьикмате а, генна хьалха хиндерг гуш волу а политик ша хиларе терра, цунна дика хаьара бала-гIайгIа дукха лайначу нохчийн махкахь машар, беркат, зовкхе дахар юкъаралла цхьаьнатоьхчий, цуьнан цхьаалла хилчий бен хирг цахилар. Замано гайтира иза цIена бакъ хилар! Баккъал а халкъан цхьаалла закъалт хилла дIахIоьттира республикин гIаланаш, ярташ меттахIитторна, промышленность, АПК, бизнес кхиорна дуккха а декхарш кхочушдарна, экономикина, бахархошна социальни кхачоярна инвестицеш юкъаозорна. Вайн массеран а юкъарчу хьуьнаречу къинхьегаман жамI ду маьрша а, зазадаьккхина дIахIоьттина а йолу Нохчийн Республика!
Россин къилберчу дозанашкахь тешаме чIагIо хилла лаьтта тахана вайн регион. Вай кхул тIаьхьа а цхьаьний дебо беза вайн кхиамаш, чIагIбан беза юкъараллера барт, кхачоян еза вайн тIекхуьуш йолчу тIаьхьенан хьакъ доллу хиндерг хилийтарна.
Хьомсара доттагIий! Лаьа шун доьзалшкахь аьтто хуьлийла, шун ондда могашалла, бIаьрла кхиамаш хуьлийла!
Кхин цкъа а декъалдо шу дезчу денца!