Керлачу интернатана бух буьллучохь…

Шелан кIоштахь «Хьекъалца а, дегIаца а сакхташ долчу берийн Сиржа-Эвлара интернат-цIа» цIе йолу учреждени ян леринчу майданахь гIишлошъяран белхаш дIаболорехь дакъалецира Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза 100 берана лерина хир ю.

021120162

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу майданахь пхийттех шо хьалха террористийн лагерш хилла хилар а, тахана, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъаца нохчийн халкъ схьадар бахьана долуш, вайн махкахь машар а, бакъо а тоьлла хилар а, даха а, болх бан а, бераш а, ша а, шен Даймохк а кхион а маьрша хилар а.

«Таханлерчу дийнахь доьзалшна а, берашна а социальни гIо-накъосталла даран 14 учреждени ю республикехь болх беш. Амма вай хIинца ян йолочу кепара объекташ яцара хIинццалц. Цуьнца доьзна, заьIапчу а, сакхтечу а берийн дай-наноша, шайн берашна дарба я реабилитаци яйтархьама хIоразза а республикел а арахьа дига дезаш хуьлура уьш. Иштта а хало ловш болчу дай-наношна атта болх бацара иза. Дала мукъ лахь, хIинца дуьйна и хало дIаяккхаран некъа тIехь къахьега Iалашо йолуш ду вай», – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа, оццу юьртахь ечу берийн могашалла тояран дийннашеран лагеран майдана а кхечира республикин Куьйгалхо.

Карарчу хенахь цигахь еш ю берашна дIадийша лерина 6 корпус, маьждиг, йоккха столови, спортан а, актови а залаш, административни гIишло, теннисан корт, баскетболан а, волейболан а, футболан а, берийн а майданаш, аьхкенан амфитеатр, кхо бассейн (царах цхьаъ арахь хир йолуш ю), скалодром, къийсамаш дIабахьаран «Тарзанка» (дуьхьалонаш йолу) майда, и.дI.кх.а.

Иштта, Кадыров Рамзана билгалдаккхарехь, лагерь Хулхуло хин йистошкахь еш хиларе терра, берашна цу чохь, шайн дахарна цхьа а кхерам боцуш, лийча лерина майда а кечйийр ю.

«ГIишлошъяран белхаш чаккхене баханчул тIаьхьа, берашна цхьа а кхерам боцуш, лийча майда а кечъян еза Хулхуло хин бердашца. Ткъа со, хIара лагерь Iаламат хазачу меттехь еш хиларца доьзна, лагерна гуонахарчу хьаннашка сеш дIахеца дагахь ву», – билгалдаьккхира цо.

Дагадоуьйту и лагерь 400 берана лерина а, 2017-чу шеран хIутосург (май) баттахь схьаелла лерина а хилар.

И.ИСЛАМОВ

№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: