Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин финансийн министерствон коллеги дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Хакимов Хьасана а, республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана а, республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министра Магомадов Лоьмас а, парламентан декъашхоша а, финансови а, налогови органийн белхахоша а, Iедалан кхечу официальни наха а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, Хь.Хакимовс, коллеге баьхкинчаьрга маршалла а хаьттина, билгалдаьккхира финансови системо пачхьалкхан социально-экномикин кхиорехь коьрта дакъа дIалоцуш хилар.
«Нохчийн Республикин консолидированни бюджет 2013-чу шарахь кхочушъяран жамIаш а, региональни финансаш лелор тодар а» цIе йолу доклад йира республикин финансийн министра Рассуханов Iусмана.
Цо дийцира дIадаханчу шарахь консолидированни бюджето Нохчийн Республикехь финансови хьал дика латтийна а, социально-экономически кхиоран гIуллакх айъина а хиларх лаьцна.
Республикин бюджетан пайда бохьу дакъа, планаца билгалдина ма-хиллара, кхочушдина. Ткъа харжаш яран дакъа а кхочушдина.
ДIадаханчу шарахь бюджет кхочушъяр бюджетан законодательствоца цхьаьнадогIуш дIадаьхьна хилар билгалдаьккхира финансийн министра.
Консолидированни бюджетан пайдабаран тIегIане хьаьжча, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Нохчийн Республика отчет яран 2013-чу шарахь кхоалгІачу меттехь ю.
Налогови а, налогашца йоцчу а пайданийн барам бахархошна юкъарчу цхьана стагана кхачарехь 2013-чу шарахь 9098,3 сом бу. ДIадаханчу шарца дуьстича, иза 10,3 процентана алсамбаьлла.
Республикин финансийн министран I.Рассухановн а, республикин Парламентан бюджетехула а, банкашкахула а, налогашкахула а йолчу Комитетан председателан С.Бердукаевн а, Правительствон Председателан хьалхарчу заместителан секретариатан финансови-бюджетни система кхиаран отделан куьйгалхочун С.Решиевн а, Россин Федеральни налогови службин Нохчийн Республикерчу урхаллин куьйгалхочун М.Цамаевн а докладашка ла а доьгIна, коллегин дакъалацархоша уьш йийцаре йира. Финансови органийн белхан цхьацца кхачамбацарш билгал а даьхна, карарчу шарахь уьш дIа а дохуш, финансови система тоярехь дан дезарг къастийра цара.
Нохчийн Республикин 2013-чу шеран консолидированни бюджет кхочушйина хилар къобалдира коллегин дакъалацархоша.
Финансови органийн тоьллачу белхахошна совгIаташ даларца коллегис шен болх чекхбаьккхира.
АРСАНУКАЕВ Муса