Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо хаам ма-барра, республикин школашна «ГАЗель» олу керла 63 микроавтобус елла. «Автобус» федеральни программин гурашкахь эцна ю уьш.
Дешаран учрежденийн векалшна микроавтобусийн кехаташ а, догIанаш а даздаран хьолехь дIадаларехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министра Байханов ИсмаьIала республикин Куьйгалхочунна баркалла элира Нохчийчохь дешаран дакъа кхиорна тидам а, гIо-накъосталла а дарна. Цо билгалдаьккхира «Автобус» программехь дакъалацарна регионаш къасторехь Нохчийн Республика толар вайн республикин Куьйгалхочун гIо-накъосталла бахьанехь хилар.
«Хьан терго бахьана долуш дешаран декъехь хаъал кхиамаш баха аьтто хилла тхан. Нохчийн Республикехь болх беш вуно хаза а, дика а школаш, вузаш, ссузаш ю, уьш кхузаманан лехамашца богIуш болчу гIирсашца кечйина а ю. Аьтто баьллачуьра, ахь тхан министерствона гIодарна хьуна баркалла ала лаьа суна», – элира министра.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира социальни сеташ чохь, школашна автотранспорт эца бохуш, дай-наноша шега яздина дукха дехарш хилла хилар. Цо дийцарехь, «Автобус» федеральни программин декъехь вайн республика «ГАЗелаш» билгалъяхарх дешархошна доккха накъосталла хир ду.
«Республикин бахархой алсамбовлуш бу, гIаланийн, яртийн дозанаш шорлуш ду. Цундела, керла школаш хьашт хуьлу. И проблема вай жим-жима дIайоккхуш ю. ТIаьхьарчу шина шарахь республикехь йина юкъарадешаран 31 учреждени ю. Царах цхьаерш – яртийн йистошкахь. Генара дуьйна школашка эха дезачу берашна бIегIийла ца хуьлу. Цундела, таханлера гIуллакх вайн республикина вуно мехала ду», – элира Р.Кадыровс.
А.ВАХАЕВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо