Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин куьйгалхочун Ахмадов Мохьмад-Эмин Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министраца Умаров Джамбулатаца а, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхошца а цхьаьнакхетар хилира. Циггахь шуьйрачу хаамийн гIирсашна «Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин коьрта аспекташ» аьллачу темина лерина пресс-конференци а елира М.-Э.Ахмадовс.
И гIуллакх вовшахтоьхнера республикерчу бахархойн пенсийн декъехь долу хаарш алсамдахархьама.
Шен къамелехь Д.Умаровс билгалдаьккхира Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенис къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшашца зIенаш латтор республикерчу бахархошна пайде хирг хилар.
– Пенсионни фондан декъехь болу хаамаш ца бевзаш дуккха а бахархой хила тарло вайн республикехь. Цундела, Пенсионни отделеница юххера зIенаш а латтош, республикин бахархошка дIакхачо деза пенсех а, цуьнан башхаллех а лаьцна дерг, – элира министра.
Цул тIаьхьа Пенсионни отделенин балхах лаьцна дийцира М.-Э.Ахмадовс: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца, республикерчу бахархойн пенсех лаьцна долу хаарш алсамдахар ду тхуна хьалха лаьтташ, шун гIоьнца бен тхан и дан аьтто бац. Республикерчу берриге а бахархошка дIакхочу шун хаамаш, дешархошна а, студенташна а тIера пенсионерашна тIе кхаччалц. Цундела шун гIирсашкахула хаамаш баржор мехала ду тхуна».
Пресс-конференцехь билгалдаьккхира хIора а кIоштахь Пенсионни фондан урхаллаш хилар а, нехан Соьлжа-ГIала схьа а ца богIуш, шаьш Iаччу меттигашкахь пенсешца доьзна гIуллакхаш чекхдаха таро хилар а. Иштта Соьлжа-ГIалахь а ю и тайпа 4 служба.
– Вайн республикехь пенси оьцуш 407 эзар стаг ву, ткъа хIора баттахь ахча оьцуш – 252 602 стаг. Пенсионни фондехула ахча ца оьцуш болу доьзал, наггахь бен карор бац. Царна хIоранна а шайн бакъонаш а, таронаш а йовзийтар боккха болх бу.
Цхьаьнакхетар дерзош М.-Э.Ахмадовс Инновационни кхиоран институтан Сийлаллин грамотица совгIат дира Д.Умаровна, республикехь иштта мехала гIуллакх дIакхехьарна цунна баркалла а элира.
Хь.БАХТАЕВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо