Бахархойн Iер-дахарца я пачхьалкхан урхаллин органаша болх кхачам боллуш цабарца йоьзна халонаш ца ловш йолу пачхьалкх тахана хIокху дуьненахь наггахь а карор яц. Оцу халонаша «йийсаре» яза Росси а ца йисна.
Делахь а, Россин оцу декъехь кхийолчу пачхьалкхех схьакъаьсташ йолу башхалла ю – Советийн социалистически республикийн барт бохар.
Иза боьхначул тIаьхьа дуьйна ю Росси миграцин а, тайп-тайпанчу къаьмнийн а халонашца къийсам латтош. Ткъа и халонаш пачхьалкхан а, социальни а, экономикин а институташ йохарца гучуевлла.
РСФСР-н депутаташа, 25 шо хьалха, «Союзан туьшаца» ницкъ къовсарехь, пачхьалкхан суверенитет дIакхайкхор бахьана долуш, дIадолийра «къаьмнийн пачхьалкхаш» кхоллар (ГIезалойчоь, Башкортостан, Тува, Якути, и.дI.кх.а).
«Союзан туьшо», РСФСР-н депутаташна дуьхьало яран Iалашонца, тайп-тайпанчу автономешца, царна «къоман пачхьалкхан кхолламан» тIегIане кхаччалц статусаш лур ю а бохуш, «ловзарш» долийра.
Тахана, оцу хиламийн дакъалацархой, вовшашна бехкаш тIе а тоьттуш, хIумма а эхь а ца хеташ, шек а боцуш Iаш бу. Амма кхузахь, бакъ хиларан цхьа а шеко йоцуш, цхьа тоьшалла ду – цара 1990–1992-чуй шерашкахь мел яьккхинчу гIулчо Советийн социалистически республикийн барт бохорехь а, цуьнан дозанашкахь сепаратизм кхиорехь а, тIемашна бух кечбарехь а, цул тIаьхьа бIеннаш эзарнашкахь нах хIаллакбарехь (Таджикистан, Нагорный Карабах, Абхази, Къилба ХIирийчоь, Нохчийчоь) а цхьатерра дакъалаьцна. Тахана цара хIуъа дийцахь а, оцу муьрехь царна Советийн социалистически республикийн барт Iалашбан доьналла а, жоьпалла а, политикин лаам а ца тоьъна.
«Суверенитетийн парадийн» авторшна шаьш дечун кхоччуш ойла ян а, хьалххе мах хадо а ца хиънехь а, кхечара, къаьсттина дозанал арахьарчу пачхьалкхийн векалша, оцу хиламан кхоччуш а, сихонца а ойла а, тидам а бина хиллера. Цундела, цара йинчу ойланийн а, тидамийн а тIаьхьалонаша шаьш, хье ца луш, йовзийтира.
Советийн социалистически республикийн барт бохар бахьана долуш, дуккха а йолчу меттигашкахь тIеман хиламаш болабала герга а, цхьайолчу меттигашкахь, масала, кхузахь, Нохчийчохь, оцу хиламашка а кхечира «керла» Росси. Ткъа муьлш бара оцу хиламашна бехке?.. «Суверенитетийн парадаш» а кхайкхош, СССР шайн куьйгашкахула йохаяйтина болу политикаш. Цара Нохчийчохь даржийна питана а, тIом а сацорхьама, нохчийн халкъо эзарнашкахь шен векалш дIабелира, шен хIора а юрт, хIора а гIала аьтта, йохийна, схьалахьо чан бен йоцчу кепе яккхийтира. И мах бала дийзира нохчийн халкъан, сарахь доттагIий а болуш, дийнахь берта ца боьлхучу политикийн «ловзарш» бахьанехь.
Амма оцу муьрехь, мел гIелъеллехь а, ца юхуш йисира Росси. Кхузахь дагадогIу В.Ключевскийс оьрсийн хьалхарчу Бунтан хьокъехь яздина долу дешнаш: «Юкъараллин къепе латторан пачхьалкхан чIагIалла лахъеллачу муьрехь, халкъан оьздангаллин доьналло кIелхьара баьккхира мохк».
Бийцаре бечу муьрехь, чолхечу хьолехь, Росси, ца юхуш, яха йисийтинарг нохчийн халкъ дара.
Цундела ца кхоьрруш ала мегар ду, лахьанан (ноябрь) беттан 4-чу дийнахь Россехь билгалдоккхуш долу Халкъан цхьааллин де нохчийн халкъана а дезде ду аьлла.
Амма, иштта, цхьааллин де хилла ца Iаш, оьрсаша цунах «полякашна тIехь толам баьккхина де» алахь а, иза «вай ваьш, вайн сакхташна тIехь толам баьккхина де ду». «Сакхташ» бохучу дашца вай билгалдоху Россехь дехачу тайп-тайпанчу халкъаша вовшашца девнаш латтор, тIемаш бар, и.дI.кх.
И.ХАСАХАНОВ
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо