Нохчийн къомана Дала къаьсттина дукха совгIаташ дина. Цкъа-делахь, бусалба динца догIуш доцу, охьадахка, дицдан дезна гIиллакхаш ца даларца совгIат дина вайна. Юха Къилбаседа Кавказан деган юккъехь, исбаьхьа, хаза Iалам даларца совгIат дина, догIа а шен барамехь догIуш, малх а шен барамехь хьожуш. Кхечу мехкийн паччахьийн доьзалшкахь мах луш Iамош ду гIиллакх. Ткъа вайна: къоман мотт, хелхарш, кхача – дукха ду уьш, Дала дина диканаш. Доьзало шен деца-ненаца, шен юьртахошца, лулахошца, хьешашца лелош долу гIиллакхаш, эзарза-эзарза Далла хастам бича а кIезиг долу, ниIматаш ду. ГIиллакх – иза хьан цхьа а кепек харж а ца йолуш, амма хьо ялсаманин декъа вийр волу бахам бу. Шен гIиллакхах доьхча нохчийн къам делла ду, цо хала бина некъ хаьдда бу. «ГIиллакх ялсамани чуьра схьадеана ду, юха цу чу дерза дезаш а ду» – боху Iеламнаха. «Хьо гIиллакх долуш велахь Далла а, нахана а везар ву хьо. ГIиллакхах воьхна гайтахь хьо кхиийначу хьан дена а, нанна а неIалт эр ду», – олий берийн кхетамехь иза иштта дуьсуьйтуш «зайл тухура» вайн баккхийчара. Хьехамаш бина баккхийнаш бакъдуьнена дIабоьрзуш, церан хьехамаш кар-кара оьцуш дIаихна бIешераш.
Вайн махкахь тIом дIабаьлла а 15 шо кхечи. Керла чкъор а кхии.
ГIиллакхех дукхах дерш дицдича санна хета. Интернет, телевизор, телефон ойла, кхетам гIиллакх тIера дIахьовзош гIирсаш бу. Ткъа вайн кегийрхой церан Iаьнарехь кхуьуш бу. «ГIиллакх парз дац, ламаз, марха лардар бен кхин вайна тIедиллина хIумма а дац, эцца юкъараллехь леларан этикет ларйичахьана!», – олурш хеза вайна тахана. Уьш вайн махкахь иштта, вайн гIиллакх ца девзаш, цо цхьа а тIеIаткъам а ца беш, муха кхиъна а ца хаьа суна. Дагна хийра хуьлу шеца гIиллакх доцу нохчи.
Ткъа гIиллакх дерг цкъа а дагара а ца волу. Вайн заманахь юкъараллин транспорт а, базаран майда а халкъан куьзга ду. Адамийн культура, гIиллакх цигахь дика къаьста.
Автобус, «газель» чохь воккханиг тIе хIоьттина а волуш, жиманиг лергех «наушникаш» а йоьхкина, корах ара хьоьжуш Iар гIиллакхе цахилар ду. Вайн юкъараллин транспорта чохь некъаца лело догIу гIиллакхаш довзуьйтуш кехаташ дIатоьхча муха хир дара-те? Масала, «Хьо даима а лаьттар вац къона, воккхачунна меттиг ло!».
Автобус чохь иштта дерг а хуьлу наггахь. Воккхачунна меттиг яла хьалаайбалуш доллура 7–8 шаре даьлла бер. Нанас хичаш йина, охьаозийра. «Массарна а гIаьттина вер вац хьо!», – олуш. Воккханиг тIехIоьттича ца гIаьттича а мегаш хилар а хиира оцу берана.
Шоколад йиъна ваьлла, шен буйнахь дисинчу кехатан цуьрге хьаьжна а валаза ву кIант шен нанас: «Эцца корехула дIакхоссахь!», – олуш.
ГIиллакх Iамош а хуьлу, гойтуш а хуьлу. Iамош ца хилча гIиллакх ца Iема. Шелара Соьлжа-ГIала йогIучу «газелан» водитель, машен хьалалатийна, пассажирашка вистхилира: «Дала сагIадойла шун массеран а ахча!», – аьлла. ГIиллакхца йолийра цо шен а, тхан а Iуьйре. ГIиллакхца долийначу гIуллакхан чаккхе беркате бен хуьлийла а дац.
ГIиллакх ялсаманин хазна ю, эхартахь оьшур долу дика ду. Везачу АллахIа иза лелон ма деззара лелор, лардар лойла вайна. Амин.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо