Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь Ерригроссин тIеман-патриотизман юкъараллин «Юнарми» боламан Нохчийн регионан отделенин хьалхара гулам хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министра Ибрагимов Iийсас, Нохчийн Республикин экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин советан секретара Черхигов Идриса, Россин ДОСААФ-н Нохчийн Республикин регионан отделенин председатела Абдылхасиев Руслана, Нохчийн Республикин тIеман комиссара Джайрханов Ахьмада, республикин тIеман комиссариатан гражданаш эскарехь гIуллакх дан кечбаран отделенин хьаькама, капитана Салтымурзаев Мусас.

Вайн пачхьалкхан истори юьйцучу видеокийсакца дIаболийра гулам. Хьалхара дош а олуш, вистхилира И.Байханов.
«Вайх хIора а шен кепара кхета «патриотизм» бохучу дашах. «Патриотизм» дешан доккха маьIна ду. Вайн халкъ шина тIамах чекхдаьлла, вайна дуккха а вуониг гина, къизалла а лайна вай. Вайна санна дика цхьанна а хуур дац аьлла хета суна патриотизм бохург хIун ду. «Юнарми» боламна юкъахь шайн къоман хьакъ доллу патриоташ хила Iамор ду шу. Шу вайн къоман кхане ю. Лаьа, юьхьарлаьцначу новкъахь аш шаьш дикачу агIор гойтийла», – элира цо.
Черхигов Идриса билгалдаьккхира муьлххачу а гIуллакхехь уггаре а коьртаниг нохчалла гайтар хилар.
«Патриоташ хилар шун коьрта декхар ду. Аш нохчалла гайтина а ца Iаш, гIиллакх, оьздангалла дIагайтича, вайн кегийрхоша шух масал оьцур ду. ТIаккха дуккха а кегийрхой шу санна хила хьовсур бу. Иштта, вайн дайшкахь хилла йолу яхь а хила еза шуьгахь. Со тешна ву, баккъал а шу патриоташ хилла дIахIуьттург хиларх», – бохура цо.
Цул тIаьхьа къоначарна значокаш елира. «Юнарми» боламна юкъабаханчара чIагIо йира Даймехкан хьакъ боллу патриоташ хила.
З.ХАСИЕВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо