Хьалха-Марта гIалина 12 километр генахь, лаьмнийн когашкахь Iуьллуш ю тхан Олхазар-КIотар. Къаноша дийцарехь, Генгин Олхазара йиллина ю хIара. Юьхьанца жима кIотар хиллехь а, тахана хаза, йоккха юрт ю Олхазар-КIотар. Йоккха ши школа а, больница а, почта а, исбаьхьа маьждиг а ду, дуккха а туьканаш ю.
Юьртан уггаре а йоккха хазна ю кхузахь дехаш долу адамаш. Хьаналчу къинхьегамца бехаш бу уьш, вайн Нохчийчоь кхин а хаза, кхин а кхиъна, зазадаьккхина хуьлийла лууш. Тхан юьртара вара вайн республикехь а дика вевзаш, сий-ларамца цIе йоккхуш волу яздархо Сулейманов Ахьмад. Вайн къоман литература кхиорна юкъа шен къинхьегаман доккха дакъа диллина цо. Цуьнан дукхах йолу байташ иллешка йирзина. Уьш хIора нохчичун сих, дагах хьакхалуш ю. ХIунда аьлча, шен кхоллараллехь, коьртачу декъана, Ахьмада хестош ерг къонахалла, стогалла, нохчалла ю, гIуллакхаш, Iадаташ ду.
Кхин хIумма а цо дина ца хилча а, цуьнан цIе халкъан иэсехь йиса тоьар дара Нохч-ГIалгIайн топономи арахоьцуш Ахьмада хьегна къа. Топономина оьшу хаамаш, бакъдерш, материалаш гулъеш Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а массо а бохург санна юьртах чекхваьлла иза, теллина дуккха а лаьмнаш. Цо бинчу балхах беркат, ирс оьцуш ду вай тахана а.
Сулейманов Ахьмадан сий-ларам беш, Олхазар-КIотарахь 2013-чу шарахь цуьнан музей схьайиллина. Цунах боккха кхаъ хилла юьртахошна, къаьсттина поэтан кхолларалла езачарна а, литературица бала болчарна а. Хазахеташ ду царна юкъахь къонанаш хилар. Тхо кест-кеста хуьлу музейхь. Даима а алссам хьеший хуьлу цигахь. Цаьрца цхьаьна цуьнан кхоллараллин белхашка, Ахьмада пайдаэцначу, лелийначу тайп-тайпанчу гIирсашка хьовсу! Цуьнан хIусаме кхаьчча санна хета цо болх бина стол, гIант, пенах кхозу дечиг пондар, кхиерш гича.
Со дукха жима йолуш кхелхина Сулейманов Ахьмад, цундела цунах марзо эца, цуьнца цхьаьнакхета аьтто ца баьлла сан. Тхан юьртахоша дийцарехь, иза ша а дика дечиг-пондар локхуш а, илли олуш а хилла. Уггаре а коьртаниг, ша шен кхоллараллехь хестош, язъеш йолу къонахалла, нохчалла, стогалла шеца йолуш а хилла. Шен халкъал, махкал деза хеташ ца хилла цунна цхьа а хIума. Дуьненан бахамах вешаш а, иза дош хеташ а къонах ца хилла иза. Амма нохчичун сий, яхь, юьхь ларъечохь шен са дIадала а кийча вара, къонахийн сий дан хууш вара. Цундела оха дозалла до Сулейманов Ахьмад тхайн юьртара хиларх. Дуьненан меха бу и санна болу къонахий. Ахьмад бахьанехь нохчийн матте, литературе, халкъе безам кхоллабелла дуккха а кегийрхойн.
СУЛТАНОВА Медина
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо