Арсанукаев Мусан «Бераллин гIенаш» цIе йолу книга араяьлла дукха хан йоццуш. Оцу башхачу хиламца Муса даггара декъал а веш, цуьнан ешархой а декъалбан лаьа суна, церан книгийн терхи тIе кхин цхьаъ тептар кхачарца.
Берашна яздан атта цахилар, цхьа а шеко йоцу, бакъдерг ду. Вайзаманан берашна лерина яздан муххале а хала ду. Вайн, баккхийчийн а, таханлерчу берийн а бералла дуьстича дукха башхаллаш ю, цундела олу вай: хIинцалерчу берашна дукха хаьа.
Иштта хилла массо а заманахь, зама кхиаран билгало иза хиларна. Цундела берашна яздеш волу яздархо заманца вогIуш, цуьнан тахане евзаш, кхане гуш, и дерриге а къоман селхенехь кхиъна хилар девзаш, царах болу нийса кхетам берийн синкхетаме, ойланашка, иэсе билла хууш хила веза. Книгин чулацам бевзича, билгалдаьккхинчух авторо нийса пайдаэцар го. «Бераллин гIенаш» 18 дийцарх лаьтта, царах 15 нохчийн маттахь а, 3 оьрсийн маттахь а яздина. Ала деза, и ший а мотт буьйцучо а, царах кхетачо а хазахетарца доьшур ду и дийцарш, цхьа халачу дешнийн IалагIожа а ца гулъеш, кхета атта долчу маттаца яздина хиларна. Кхин цхьа башхалла а ю Мусан дийцарийн, тахана вай буьйцучу маттахь ца лелаш я кIезиг лелаш долу дешнаш а ду: орца, кхаба, кес, Iаьрчаш, ирзу, чухчари, товха, база, иштта кхидерш а. Цара дийцарийн чулацам серлабоккху, керла дош довза лаам кхуллу, шайн къамелехь царах пайдаэца а, уьш къамелехь муха дека, муха догIу хьовса лаам кхуллу берийн.
Авторан яздаран кепан кхиамах хета суна, шен дийцаршкахь цхьа билгал хIума довзийтина ца Iаш, нохчийн къоман истори, цуьнан кхиаран некъ, цо лайнарг, кхечу къаьмнашца юкъаметтигаш йуозар гайтар. Цул сов, бераш доьзалехь кхиар, цара деца-ненаца, баккхийчаьрца, шайн нийсархошца лелон дезарг къоман гIиллакх-оьздангаллица догIуш ма-хиллара гойту автора, иза тахана школашкахь а, юкъараллехь а, вайн куьйгалло а къаьсттина тидам тIебахийтина кхетош-кхиоран некъ бу. Цуьнан а шен цхьа сирла агIо ю, дукха дуьйцуш кIордор долчу агIор а ца дуьйцуш, цхьа хабарца, къамелаца догIучу агIор дийцар. Цул сов, Мусан дийцаршкахь девза Iаламан дахар. Цо говза дуьйцу малх хьалагIаттарх, хьаьъначу шовданан дахарх, стигларчу мархаша некадарх. Масех дийцаран цIе а тиллина цо Iаламца а, олхазарийн цIарех а йоьзна. Оцу хиламийн дуьненахь кхуьу авторан турпалхой, адамалла йолу адамаш хирг хиларх шеко ца кхоллало. Оцу декъехь масал ду «Иза-м яц Жоьра-Баба» дийцар. Берийн кхетамехь ца девза хIума инзаре хилар а, хIума довзар кхетам шорбалар хиларал сов, цунах болу хьежам хийцабалар а, иза ца моьттучу агIор гучудаларо берийн амал а дикачу агIор хийцар а говза гайтина авторо.
Доцца аьлча, Арсанукаев Мусан «Бераллин гIенаш» вайн дагалецамашкахь ма-хиллара, мекха йоцуш, сирла, хьаьъна, цIена ду.
Дала шен деган лааме кхача могашалла а, аьтто а лойла Мусана!
Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан «Бераллин гIенийн»!
Т.САРАЛИЕВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо