Цомгаш хиллачу муьлххачу а адамна дарба дарехь лоьраша чIогIа къахьоьгу. Ткъа онкологин диспансеран лоьраша бечу белхан мах хадийна а вер вац.
Дукха хан йоццуш, оцу диспансеран эндоскопин отделенехь хилира тхо. Отделенин заведующи волчу Хаджиев Хьамзата бовзийтира шайн болх.

«Цхьаболчарна хета тарло диспансере мел вогIург онкологи йолуш хуьлу. Амма иза иштта дац. Цхьаверг кхечу больницера схьахьажийна хуьлу (шеконаш йолуш меттиг хилча), кхиверг, шен лаамца, шена синтем баран дуьхьа шен могашаллин хьоле хьажийта вогIу. ХIокху отделенехь эндоскопи а, бронхоскопи а, рентген а, УЗИ а йоккху. Оха болх беш йолу хIора а аппарат, жима елахь а, дегIаца дерг цIенна схьагойту камерш йолуш ю. Цаьрца хьовсу тхо диспансере веанчунна цамгар юйла. Оцу камерша, адамийн кийрахь долу хьал ма-дарра схьагойтуш хилар бахьана долуш, онкологи хила герга елахь а гойту. Кхечу дешнашца аьлча, онкологи юьххьехь гучуйоккху тхан аппараташа. ТIаккха, онкологи цахилийтарехьа дарба дан йиш ю. ХIара онкодиспансер хиларе терра, дукха хьолахь, тхуна тIебогIурш онкологи ерш бу. Онкодиспансеран хIора а лор, лор хилла а ца Iаш, психолог а хила веза аьлла, хета суна. ХIунда аьлча, ишттачу меттигашкахь нахе ала довха, дог оьцу дешнаш каро деза. ХIора а отделенехь санна, кхузахь а нисло чолхе меттигаш. Хийлазза, дагахь доццург хуьлу. Масала, ши шо а кхачаза долу бер далийнера кхуза цкъа. Ден-ненан тидам а боцуш, аьчка ши сом кхаьллина хиллера цо. И бер сихонца кхуза схьадалийна хилар бахьана долуш, гIуллакх кхин гена ца делира. ЧIогIа кхераме ду, яахIума юучу хенахь котаман, чIеран даьIахк легашкахь йисар… Жима я воккха вара аьлла ца Iаш, дагахь доццург хила тарло вайх хIоранна а», – дуьйцура Хьамзата.
Онкологин цIе яьккхича а ца дезало адамашна. Ткъа и цамгар йолчаьргахь долчу хьолах лаьцна дийцина вер а вац. Эндоскопин отделенехь и цамгар юьххьехь гучуяккхар бахьана долуш, оцу цамгарх дуккха а нах кIелхьарабевлла. Цунах хаа мегар ду-кх оцу отделенехь болх бечу лоьрех доккха беркат долуш хилар, цигарчу лоьрийн болх ийман, хаарш, хьуьнар оьшуш хилар.
З.ЛОРСАНОВА
№120, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо