Цунах лаьцна къамел хилира Нохчийн Республикин культурин министерствехь Нохчийчохь Iаш долчу халкъийн культурин тIаьхьало Iалашъяран гIуллакхашна лерина дIаяьхьначу кхеташонехь.
Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди куьйгаллехь а волуш дIаяьхьначу оцу кхеташонехь дакъалецира Iилманан а, дешаран а векалша, гIарабевллачу этнографша, культурин гIуллакххоша, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь культурехула йолчу Советан а, культурин министерствон Юкъараллин Советан а декъашхоша, Халкъан кхоллараллин туьшан векалша.
Дааев Хож-Баудис билгал ма-даккхара, тайп-тайпанчу бахьанаша бечу тIеIаткъамца дукхах долу ламасташ лар йоцуш дIадовлуш лаьтта. «Юкъара дIадовлуш ду ала мегар ду халкъан Iадаташ, ламасташ, иллеш, хелхарш, фольклор, иштта, халкъан кхолларалла а. Вайн халкъан Iадаташ, ламасташ Iалашдархьама, материальни йоцчу культурин тIаьхьалонан каталог кхолла еза», – элира министра.
Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ма-аллара, материальни йоцчу культурин тIаьхьалонан объектийн каталог кхоллар таханлерчу дийнахь культурин декъехула йолу пачхьалкхан политика кхочушъярехь уггаре а ладаме Iалашо хилар.
«Нохчийн халкъан культурин тIаьхьалонан объекташкахь ю нохчийн халкъо бинчу некъан истори. Цундела, вайн тIаьхьенна шен орамаш довзийта, культурин тIаьхьало меттахIотто а, Iалашъян а декхарийлахь ду вай. И Iалашонаш кхочушъярна лерина ю вай тахана юьйцуш йолу каталог», – элира Р.Даудовс.
Оцу декъехь шайн туьшо жигара болх беш хиларх лаьцна а дийцира цо.
Билгалдаккхар: Материальни йоцчу культурин тIаьхьалонан объектийн каталог – иза культурин тIаьхьалонан объектех лаьцначу хаамийн банк юкъайогIуш йолу хаамийн система ю. Кхечу дешнашца аьлча, культурин тIаьхьалонан объектех лаьцначу хаамийн, компьютеран бух а болуш, реестр ю иза. И бух даима а карлабоккхуш, тIебузуш бу.
А.ХАСБУЛАТОВА
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо