М.Бексултановн сатийсам…

ААА и Б

«Сатийсам цхьаъ бу-кх: Нохчех цкъа къам а хилла, вайх х1ора а цу  къоман хьакъволлу векал хилар».

Яздархочун-художникан дахаран некъ дуьненчохь цо яьккхинчу хенашца буьстина бац, цуьнан дахар ойланашца ду, цуьнан кхоллараллехь вайна гушйолчу. Шен кхоллараллехь «Дахар» ц1е йолу цхьа дийцар яздан сатийсам  болчу яздархочун Бексултанов Мусан и сатийсам кхочушхиларан тоьшалла ду цуьнан повесташ, дийцарш, хьаьркаш, эссеш.  Бексултанов Мусан ерриге а  кхолларалла цхьа дийцар ду, «шена чохь со а, шу а, х1ара дуьне а – б1ешеран цхьа м1аьрго, м1аьргона чохь б1ешо а» долуш.

Нохчийн прозехь дийцаран керла кеп юкъаялорца, жанрийн башхаллашца, шен хот1аца къаьсташ ду Мусан дийцарш. Бексултанов Мусан проза шен исбаьхьаллица, яздаран шатайпаналлица, поэтикица, дешан мукъам ларбарца герга ю поэзина. Нохчийн исбаьхьаллин дашна х1оллам бу Мусан проза. Яздархочух а, яздархочун кхоллараллах а дийца ницкъ берг яздархочун дош ду, ткъа вайна, дешархошна ладег1ар ду, ойла сема латтор.

Муса гуттар лехамехь ву, карийнчух тоам ца хуьлуш, керла, керла йозанан некъаш лоьхуш, меттан таронаш шоръеш, дош дашца луьттуш, лаца йиш йоцу исбаьхьаллин м1аьрго шен йозанашкахь сецаеш. Мусан произведенеш тайп-тайпанчу жанрашкахь язйина ю –     психологин, фантасмагорин, лирикин.

Бексултанов Мусан кхоллараллин лакхе – иза хазалла ю, цуьнан 1алашо –хазаллин къайле ястар, дешархо хазаллина герга вигар. Мукъаме дирзинчу исбаьхьаллин дашо кхуллуш йолу хазалла хаало цуьнан кхоллараллехь, дош маь1не, к1орге йолуш хиларна. Стаг ша-шега верзо, шен сине ладог1а,  ша мила ву, х1унда веана кху дуьненчу, ша-шех кхета  1амаво Мусан произведенеша.

Бексултанов Мусан кхоллараллин хьоста – иза Нохчийчоь ю, цуьнан баланаш, лазамаш, эшамаш, толамаш. Мусана Нохчийчоь, цуьнан истори йовзар ширачу тептаршкара дац. Бексултанов Мусана Нохчийчоь ша схьаваьлла доьзал бу, цуьнан да, деда, ворх1е да, муьлххачу а доьналлин нохчичун санна, церан нисбелла декъаза кхолламаш а.  Мусан «Дахаран хин генара бердаш» повесть, х1ора нохчичунна дахаран 1амат хила йог1у, нохчалла бохург х1ун ду, дуьненчохь сий долуш чекх муха вала веза, дуьненчохь муьлхачу декхаршца ваха веза, х1ун 1алашонаш х1итто еза шена хьалха: «И Хьенех дика къонах ву шуна, – олура цо тхоьга кхано, – иза ларалаш, цу юьртахула шаьш нисделча, чу хIотталаш иза волчу: дика къонаххий, дика динний баьлла меттиг лийрина шуна вайн дайша, – олий.  – Ден цIе яьккхина ца Iаш, мехкан цIе а йолу шуна дика къонах кхиъча: Зусойн Дуйн Iума, Эвтархойн Ахьмад, Харачойн Зеламха, Мартанхойн Исмайлин Дуда, Шелахойн ТIелхаг… И меттигаш лара а еза шуна, и къонахий дийна болуш санна. Нехан сий дар – шен сий дар ду шуна, нехан цIе ларар –гIиллакхан хьукма а долуш. И нах дийна а болуш, ша царна гуш санна ваха веза шуна къонах, дерриге а хIума цаьрца дуьстина, церан когийн лар а гуш. Яхь цигара схьа хила еза, цара дитинчу гIиллакхашца. Шен махкахь бен къонах а ца кхуьу шуна».

Бераллехь дуьйна ден масалш т1ехь, цуьнан хьехарш т1ехь кхиина волчу Бексултанов Мусан кхоллараллин турпалхой бу шатайпа, доьналлин амалшца къаьсташ болу нах. Церан 1алашо дуьненчохь шен ц1е йита езар ду, стаг ша велча а, дийна юьсур йолу ц1е: «Неха-м дашо раьг1наш хилахьара, къонах боху дош дуьсийла-кх сох даха». Шайн белшаш т1ехь дуьне латтийна болу къонахий биц ца болуьйту Мусас шен произведенешкахь. Церан турпаллаллин васташ кхуллуш, церан доьналлин некъаш карладохуш, даима вайн иэсехь баха буьсу уьш: Торг1а, 1аьзим, Овтархин Юсуп, Керим, кхин дуккха а.

«Къолам буьххье къам а, мохк а тарбина» воллучу Бексултанов Мусана дика го шен къоман  лазамаш, баланаш а. Цуьнан кхоллараллехь коьрта тема хилла лаьтташ ю, халкъ шен буха т1ера даьлла, эзар шерашкахь кхиийначу амалшна хердалар.

«Маржа яI, маржа, халкъан доцу гIиллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна те болатах яхчош, собарца юттуш, хIара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, коьртан сий бен кхин Iалашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, тIерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу кIеззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш дIаихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дехкина те шайн гIиллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: «Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу», –  боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет!

ХIун хили-те кху заманах, хIун сардам я хIун неIалт даха-те кху чкъурах, мича декхарна дIаийци техьа Дала хIокху къоман доьналла я стенах доьхки- те кху адамаша шайн кортойн сий, дуьне а цецдаьккхинчу дешан мах хьан лахби-те дуьххьара кху Нана-ДегIастанахь, мила ву те…»

Муьлххачу заманахь а, мел къизачу юкъараллин системехь, оцу юкъараллин гураш, дозанаш дохош б1еннах цхьаъ волу, къаьсташ ззарнах  шен «юьхь», ойла, хьежам хиларца, дахарна к1ел ца вуьсуш, шен амалх ца вухуш, дахаран ерриге а трагизм ша-шеца ловш чекхволу иза.  Г1ело шен амалх ца юлуьйту цо, ша-шеца ловш елахь а, мелхо а, оцу г1елоно ницкъ ло къийса, толам гуш бацахь а, бекхам бан. Толам коьрта ца лору оцу турпалхочо я толаме са  а ца туьйсу; коьрта ша хилар ду, шен са хаадалар, ша-шех тешар, гонаха д1аса а ца хьоьжуш, орцане ла а ца доьг1уш, цхьана амалца чекхвалар, иза бен кхин толам ца хеташ. Бексултанов Мусан дешнашца аьлча, шен иэхьан эла хилла висар бу цу турпалхочун толам.

Вайн къоман ментальни, культурогенни амал гучуйоккху автора шен турпалхойн амалшкахь. Ширачу заманахь, цхьа дин довзале шен ницкъана, доьналлина т1етийжаш хилла стаг, гонхара г1о а ца лоьхуш. Доьналла зуьйш, доьналлица  хьалхе яккхар сийлахь долуш, доьналлин шатайпа культ кхоьллина хилла къаьсттина кавказхойн къаьмнаша, цунна масал ду халкъан фольклор, иллийн эпос. «Лечу сохьтехь цхьа узар бан а бакъо ца лучу г1иллакхо», и амал а цигара ю, доьналло кхиийначу г1иллакхера. Цхьа леткъам боцуш, узар, карзахалла. Т1ебеанчу баланаша, вуонаша амал зуьйш хилла, къийсам латто чахчош. Цхьана заманчохь къоман дин хилла лаьттинчу оцу г1иллакхаша кхоьллина и шатайпа доьналлин амалш. Бексултанов Мусана и амалш герга хилар гучудолу цуьнан ерриге а кхоллараллехь. Шен турпалхойх лаьцна иштта яздо Мусас: «И турпалхой  сан ойлано кхоьллина бац, уьш шайн тайпа а долуш, хилла болу нах бу. ТоргIа а, Овтархан Юсуп а сан дас вийцина суна. Керимах дерг Моьсаган Бисанас нахе дийцинчуьра хезна ду. Шайн иэхьан хаттарна – кханенаш а ца йохкуш, – хаттар хIоьттинчу мIаьргонна жоп луш хилла болу нах бу ас буьйцурш. Уьш дукха а ца хуьлу. Цара йоккхуьйту къоман цIе, уьш бахьанехь девзаш а хуьлу къам гуонахарчу мехкашкахь. Церан дахаран масалаш бIешерашкахь деха, Адин Сурхон а, Мадин Жаьммирзин а, Таймин Бийболтан а, Харачойн Зеламхин а, Ахьматхан Ичин а, ЗIокин Хазин а, Т1уьшан Воварган а, Дерказан Джокъалан а санна. 1ожална букъа т1е ког лийзина нах бу уьш, шайн эхь шайх ца кхардийта».

Тахана вайна масалш оьшу, тхо а хилла ала к1езиг ду, тхо а ду ала бух беза вайна. И бухайн хилар тоьшалла ду Мусан произведенеш.

Х1ора заманахь ваьлла цхьаъ, вер ву, цу цхьаннах дусту вайн дийнна къам а, халкъан иэсехь вуьсучух къоман ц1е а йолуш. Цу цхьаннах, къомах къам дечух  ю Бексултанов Мусан ерриге а  аьлча санна кхолларалла.

Йоккхачу повеста т1ера масех мог1анех лаьтташ йолчу хьаьркашна т1е кхаччалц дерриге а ду яздархочун кхоллараллехь: дуьне а, абаде а; гушдерг а, гушдоцург а; зама а, къам а; къоман бакъйолу амалш а, къонахийн васташ а, – и дерриге а цхьаьна ца хилча хила йиш йоцу мохк а.

АЛИЕВА Зарина

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: