Республикин бахархоша дозанал дехьа ваха бакъо луш долу паспорташ дахийтарх а, оцу декъехь шаьш бечу балхах а, шайн дахарх а лаьцна интервью елира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон миграцин гIуллакхашкахула йолчу урхаллин дозанал дехьа валарна паспорташ дахийтарна дехарш схьаэцаран а, талларан а отделан хьаькама Муртазов Хизара. Хизар цIера Шуьйтан кIоштарчу Хьорсанера велахь а, Iаш Соьлжа-ГIаларчу БухIан-Юьртахь ву. Цигахь чекхъяьккхина цо школа а. Цул тIаьхьа дешна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан физически факультетехь.

– Хизар, муха нисделла хьан кхуза балха вар?
– Со кхуза балха хехочун даржехь хIоьттина. Айса болх бечу муьрехь, паспорташ дахийта а, схьаэца а богIучу нахаца дуккха а къамелаш хилла сан. Къамел даре терра бен, иза шар а ца ло. Суна, оцу нахах пайда а баьлла, церан хьашташка хьажар а, цаьрца къамелаш дар а шарделира. Цунна тидам бина хиллера тхан куьйгалло а. Цул тIаьхьа, кхуза богIучу бахархошца къамел дарехь говза ву аьлла, сехьаваьккхира со.
– Тахана билггал хIун болх бу ахь а, хьан отдело а бийриг?
– Карарчу хенахь ас куьйгалла деш йолу отдел дозанал дехьа валарна паспорташ дахийтарна дехарш схьаэцаран а, уьш талларан а болх беш ю. Ас и дехарш а, цаьрца цхьана схьадохьуш долу кехаташ а толлу, дозанал дехьа валарна паспорташ дезачу бахархошца, церан лаам хилахь, къамел а до.
– ХIунда оьшу иштта паспорташ вайн бахархошна?
– Россел араволуш волчу муьлххачу а вахархочунна оьшуш ду иштта паспорт. Вайн бахархой а боьлху кхечу пачхьалкхашка: баха, садаIа, хьошалгIа, командировке, дарба леладайта, и. дI.кх. Царна массарна а оьшу и паспорт. Билгалдаккха догIу и паспорт шина тайпана хилар: 10 шарна (биометрический) а, 5 шарна а дерг. Шина а тайпа паспорт лелаш а, лело мегаш а ду. Амма, цхьаболчу муьрехь, цхьайолчу пачхьалкхашка биометрически паспортаца бен ваха бакъо яц. Цунна масал ду СаIудийн Арави: Хьаьждан воьдуш волу стаг биометрически паспортаца бен оцу махка вуьтуш вац.
– ТIаккха, дукха буй дозанал дехьа валарна паспорташ дезаш болу вайн бахархой?
– ХIинца гуьйре ю вайна. Гурахь а, Iай а кIезиг хуьлу иштта паспорташ дезарш. БIаьста а, аьхка а – къаьсттина дукха. Ас лакхахь билгал ма-даккхара, оцу муьрехь вайн бахархой садаIа а, хьошалгIа а боьлху. Ткъа командировке а, дарба дайта а боьлхурш, гуттар Iен-баха меттиг а лоьхурш а муьлххачу хенахь а нисло. Амма церан барам лакхара бац.
– Хизар, гуттар Iен-баха дIабоьлхучаьрца а къамелаш хилла хир ду хьан. Цара хIун дуьйцу?
– ХIораннан а къамел тайп-тайпана хуьлу. Амма тахана республикера гуттаренна а дIаваха бахьанаш ду аьлла-м ца хета суна. ХIаъ, иттех шо хьалха ихна вайн бахархой дуккха а дIа. Ткъа тахана, республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ къобал а бина, вайн халкъо дуьненаюкъарчу терроризмо Нохчийчохь тесна хилла долу орамаш дIахедийна а хилча, цул тIаьхьа, Ахьмад-Хьаьжин кIантана, республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIаьхьа а хIоьттина, саьлнашкахь Iихкина йолу гIаланаш а, ярташ а меттахIиттийна а хилча, карарчу хенахь шен мехкан экономика а, промышленность а, дешаран а, могашалла Iалашъяран а дакъош кхидIа а кхиорехь къахьоьгуш доллуш вайн халкъ хилча, цIахь а сецна, дIаваха кечвеллачу хIораммо а оцу декъехь дакъалаца дезара аьлла хета суна.
– Кегийрхошкара, юххехь церан верасаш а боцуш, дозанал дехьа валаран паспортана кехаташ чуоьцуш дац бохуш, реза боцурш а хаало. Цунах лаьцна хIун эр дара ахь?
– ЧIогIа оьшуш а, мехала а хаттар ду иза. Уьш реза белахь а, бацахь а, и хIума долуш а, церан дуьхьа дина а ду. Республикин юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин советан тIедилларца юкъадаьккхина ду иза. ХIунда оьшуш дара вайна иза?! Схьа а вогIий, цхьана жимачу стага дозанал дехьа вала паспорт дезара шена олий, дехар а до, мел оьшуш долу кехат а схьадохьу. Оха, регламентаца нийса а догIуш, цхьа бутт чекхбаьлча, цунна и паспорт дIало. Юха, цхьа хан яьлча, и жима стаг кхечу пачхьалкхашкахь йолчу харц тобанийн могIарехь хаало. ТIаккха, бакъонаш ларъяран органийн векалш шайга баьхкича, оцу жимачу стеган цIерачара шайн хууш хIумма а дацара, оха паспорт ца даьккхинехь, иза цхьанхьа вахана а хир вацара олий, тхан урхалла а, дерриг Iедал а бехке до. Мелла а хьалха вайн республикехь лелла хIуманаш ду ас дуьйцурш. Тахана, Делан къинхетамца, и хIума а доцуш ду, харц тобанийн могIаршка оьхурш а кIезиг бу. Иза цхьаъ ду. ШолгIа хIун ду: масех бутт бу, юххехь 30 шарера ваьлла верас а воцуш баьхкинчу кегийчу нахана, оха дозанал дехьа валарна паспорт цадаларал сов, цаьргара дехарш а схьаоьцуш доцу.
– Миграцин гIуллакхашкахула йолчу урхаллин куьйгаллера хIун гIо-накъосталла хуьлу шуна?
– Тхуна болх хуьлу-кх урхаллин куьйгаллера (велало). Урхаллин хьаькам Закриев Сахьаб ву. Сан хьаькам вара аьлла а доцуш, иза муха куьйгалхо а, муха адам а ду довзийта лаьа суна. Урхаллин кертахь лаьтташ масех вахархо шена хаавелча, царна тхоьгара гIо-накъосталла оьший хьажа олий, белхахо вохуьйту цо. Кехаташ чуоьцучу корехь иттех стаг гулвелча, кехаташ чуоьцуш верг ларош вац олий, цунна гIо дан белхахо вохуьйту. Хьаькамалло кураваьккхина а воцуш, шен белхан декхарш девзаш а, хууш а волуш, вайн халкъан гIиллакх-гIуллакх девзаш, дезаш, лелош ву иза. Иштта хьаькам хилча, болх бан а хала дац.
– Хизар, вайн къамел дерзош, республикин бахархошка хIун ала луур дара хьуна?
– Кхечу махка хьошалгIа я гуттаренна а ваха лаам а, аьтто а белахь, сан шуьга ма гIо баха бакъо яц. Амма весет-м дийр ду ас: орамаш хедийча, дитт дIадаларе терра, Даймахкаца а, нохчийн халкъаца а йолу зIенаш хедийначуьнгара Нохчалла а дIаер ю. Ткъа вайх нохчий дийриг – Нохчалла ю. Цундела, шаьш мел генарчу махка кхаьчнехь а, кхузахь шайн Даймохк а, шайн халкъан орамаш а хилар диц ма делаш!
Интервью дIаяьхьнарг – И.ХАСАХАНОВ
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо