Киношколехь – неIарш схьайиллина де

Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллехь йолчу «Шаг» киношколехь неIарш схьайиллина де дара. Цунах хаза кхаъ хиллера дуккха а кегийрхошна. Иза гуш дара цига баьхкинарш дукха хиларе хьаьжча.

 

14718526_6845148283

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан кинематографин урхаллин директора Терекбаев Беслана, «Шаг» киношколин директора Бойко Татьянас, оццу киношколин хьехархоша: Чегер Мохьмада, Юсупова Лилияс, Осаева Рабията, Музаев Анзора. Цхьаьнакхетар долош, вистхилира Б.Терекбаев: «Актерийн говзалла караерзо лууш волчун таро ю хIокху школехь актерийн хьаьрма кIорггера йовза. Зеделларг долчу хьехархоша актеран говзаллин къайленаш йовзуьйтур ю шуна. Кхузахь дешаран хан 3 бутт ю. Деша богIурш берриге а актераш хила луурш бац. Актерийн говзалла Iаморал сов, режиссурин а, операторан а, монтажеран а корматаллаш караерзо йиш ю. Актерийн говзаллин теори караерзорал сов, дешархошка съемкийн майданахь практика яйтар ду. Иштта, церан таро хир ю съемкашкахь дакъалоцучу актерийн зеделлачух пайдаэца а, царах масал эца а. Киношколе деша вогIучунна муьлххачунна а хаа деза, киноиндустри цхьана дийнан къинхьегам цахилар. Цундела, ша кинон хьаьрмахь къахьега лууш верг кийча хила веза муьлххачу а халонашна. Йоккхуш йолчу фильман я сериалан балхана мел хан оьшур ю билггал хууш ца хуьлу. Цхьайолчу фильмийн я сериалийн съемкаш шина шаре а, цкъацкъа пхеа шаре а яхлуш хуьлу. Киношкола чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дикачу агIор гайтинчунна белхан меттиг нисъян а хьовсур ду тхо» – элира цо.

Ша куьйгалла дечу киношколех лаьцна дийцира Бойко Татьянас. Шен къамелехь цо хаийтира, киношколица бала а кхаьчна, дуккха а кегийрхой баьхкина хилар шена хазахетта хилар. «Тахана шун таро хир ю шайн хьуьнарш гайта. ТIаккха оха шуна юкъара похIме кегийрхой къастор бу. Уггаре а коьртаниг ду кхузахь караерзочу говзаллех шайн дагна гергара ерг муьлхарниг ю хаар», – бохура цо.

Киношколин хьехархой бовзийтира кегийрхошна. Чегер Мохьмада школехь режиссура хьоьху, Музаев Анзора – актерийн говзалла, Юсупова Лилияс – ханна къаьсттина кегий долчу берашна актерийн говзалла хьоьху, Осаева Рабият мастер-классаш луш ю. Цара къамелаш динчул тIаьхьа Чегер Мохьмада кегийрхойн хаарш зийра. Царна юкъахь похIма дерш кIезиг ца хилира. Делахь а, киношколин куьйгалло царна юкъахь а уггаре а тоьлларш къастийра. Карарчу беттан 20-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур бу киношколе деша бахка луурш.

З.ЛОРСАНОВА

№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: