СоьлжагIалахоша толам баьккхира

Футболехула Россехь хьалхеяккхаран 2016–20I7-чуй шерийн чемпионатан (РОСГОССТРАХ – спонсор) Премьер-лигин 13-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь цхьаьнакхийтира Санкт-Петербургерчу «Зенитаца». Цхьаьнакхетар дIадаьхьира лахьанан (ноябрь) беттан 6-чу дийнахь «Ахмат-Арена» спорткомплексан футболан майданахь.

7877

Хьалхара тайм йолаелла ши минот а ялале, хьешаша, шайн ловзаран техника дика хиларе терра, караерзийра буьрка. Ткъа иттолгIачу минотехь, «Зенитан» ловзархочо Мак Роберта гол тохар бахьана долуш, серлонан табло тIера терахь 0:1-ца хийца а делира.

Цул тIаьхьа кхин а шовкъе бевллачу хьешаша, вайн командин кевна тIегIерташ, дуккха а «сагатдайтира» соьлжагIалахошка. Ловзаран 26-чу минотехь бинчу хаамца нийса а догIуш, хьешаша буьрка ловзар 58 проценте кхаьчнера. Амма 34-чу минотехь соьлжагIалахойн Балай Бекима хьешийн кевна чу гол туьйхира.

Серлонан табло тIехь хIинца 1:1 а догура, хьовсархойн жигаралла лахъяла а кхиале, йоьдуш ловзаран 38-гIа минот а йолуш, хьешийн кевна чу кхин а цхьа гол туьйхира Балай Бекима. Цул тIаьхьа серлонан табло тIе хIоьттина долу 2:1 терахь кхин ца хийцалуш латта дисира.

Ловзаран муьрехь коьртачу суьдхочо Карасев Сергейс ворхIазза можа а, цкъа цIен а карточка гайтира.

Шина командин ловзаре хьажа веанера 16 708 хьажархо (стадион 55 процентана хьалаюьзнера).

ЖамI 2:1 а долуш, соьлжагIалахойн толамца чекхдаьллачу ловзарна хьешийн векалш реза ца хиллачух тера дара. Ловзар чекхдаьлла масех минот а ялале, спортан хаамаш бовзийтаран сайташ яьхнера церан комментареша. Цара чIагIдарехь, «мила ву а ца хууш волчу цхьана хьенеха микрофона чухула мохь хьекхар бахьана долуш, «Зенитан» ловзархошка буьркана кхоччуш тIе ойла ца яхийталора».

Шен рогIера цхьаьнакхетар Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» дIахьур ду лахьанан (ноябрь) беттан 19-чу дийнахь хьошалгIахь Томскерчу «Томь» командица.

Карарчу хенахь Премьер-лигин турниран таблицехь 24 очко а йолуш, 3-чу меттехь ю Соьлжа-ГIалара «Терек». Билгалдаккха догIу, чекхъяьллачу кхойтта турехь соьлжагIалахой ворхIазза тоьлла хилар. Иштта, цхьа а ца тоьлаш кхо матч а, «Терек» эшорца кхо матч а хилла.

Х.ИСЛАМОВ

№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: