ГIараевлла евзаш йолу хелхаран а, вокалан а ансамблаш юьйцу вай. Цара беш болу болх а гойту. Делахь а, вайн республикин кIоштийн Берийн кхоллараллин цIеношкарчу берийн хелхарийн ансамблаша а ца хьоьгу кIезиг къа. Ишттачарах цхьаъ ю Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан берийн «Грозный» цIе йолу ансамбль. Иза вовшахтоьхна 8 шо хан ю. Нохчийн Республикин халкъан артист, ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист Тахаев Мохьмад ву ансамблан куьйгалхо. Шех тешийначу берашна хелхарш Iамош, цаьрца доггах къахьоьгуш схьавогIуш ву иза.
Оццу цIийнан директора Оспаева Мадинас берийн ансамблах а, цуьнан куьйгалхочух а лаьцна иштта дийцира: «Берашна хелхар я йиш лакха Iамор, цхьа шеко а йоцуш, уггаре а хьалха хьехархочух доьзна ду аьлла хета суна, цул тIаьхьа – оцу берийн лаамех. Суна билгалдаккха луур дара, ансамблан куьйгалхочо М.Тахаевс оцу берашца хаддаза къахьоьгуш хилар. Шена тIедехкина белхан декхарш кхочуш а дина, юьстаха волучарех вац иза. Баккъал а, ша 1амош долчу берех дог а лозуш, церан хIораннан а кхиамех самукъа а долуш бо цо шен болх. Белхан хан чекхъяларе хьоьжучарех а вац. Хийлазза, керла хелхар Iамочу хенахь ца кхеташ дисина бер тидамза ца дуьту цо. Ишттачаьрца къаьсттина дукха къахьоьгу. Ансамблан репертуарехь Кавказан къаьмнийн хелхарш а ду. Шаьш дакъалоцучу муьлххачу а конкурсехь дикачу агIор гойту къоначу хелхарчаша. Муьлхха а фестиваль шен говзаллица къаго хьуьнар долуш ю ансамбль», – бохура цо.
«Грозный» ансамбль вовшахтоьхна дукха хан яцахь а, ша дикачу агIор гайта ларийна иза. Оцу ансамблехь 6 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолуш 40 бер ду. Делахь а, хелхаран говзалла царна караерзо боккха ницкъ а, собар а оьшу. Иза оцу берийн хьехархочуьнгахь дан а ду.
ГIаланийн а, республикин а конкурсашкахь, фестивалашкахь жигара дакъалоцу берийн ансамбло. Хьалхара меттигаш йоху цара кест-кеста, хьалхара меттиг ца яккхахь а, совгIатан меттиг ца йоккхуш ца юьсу ансамбль цкъа а. Масала, хIокху шарахь дIаяьхьначу республикин «Седарчийн гулам» фестивалехь хьалхара меттиг яьккхира «Грозный» ансамбло. Иза, оцу цхьана ансамблан кхиам хилла ца Iаш, Берийн кхоллараллин дерриге а цIийнан кхиам бу.
З.ЛОРСАНОВА
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо