Теркан кIоштарчу Лаха-Неврехь ю нохчийн яздархочун, классикан Мамакаев Iаьрбин цIарах йолу литературин-мемориальни музей. Цуьнан директор ву Iаьрбин кIант, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эдуард.

Цхьа де а ца долу оцу музей хьеший ца богIуш. Яздархочун кхолларалла дукхаезарш, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой а, мехкан хьеший а, студенташ а, дешархой а хуьлу цигахь.
ХIокху деношкахь цигахь хилира буоберийн а, Iуналла доцуш дисинчу берийн а республикин школа-интернатера бераш. И гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон белхахоша.
Берашна музейн залаш гайтира, цигахь яздархочо лелийна бедарш, цуьнан тептарш, куьйга йозанаш, Сибрехахь набахтехь волуш цо лелийна хIуманаш (ерриге а 2 эзара сов экспонат) яра.
Кхин хIумма а ца хилча а, шена чохь музей йолу цIа а ду историн маьIна долуш. Иза XVIII-чу бIешарера, нохчийн шира цIа ду, вайн республикехь шен хенара цIа кхин цхьа а дан а доцуш.
Музейн уьйтIахь йолу стоьмийн беш гайтира берашна. ХIора дитта тIехь дIаоьллинчу табличкано гойту и дитт хьан, маца доьгIна ду. Уьш доьгIна гIарабевлла бевзаш болчу яздархоша, культурин, Iилманан, искусствон гIуллакххоша, шаьш музейга бIаьрг тоха баьхкича. Берашна Iаламат хазахийтира шайна мел гинарг а, хезнарг а. Яздархочун атта ца хиллачу кхолламах дерг шайна хиъча цуьнан кхолларалла кхин а уллора йовза лаам а хилира церан. Экскурси чекхъяьлча, бераш Теркан кIоштарчу Хантиев Iусман-Хьаьжин зерате дахара.
И дерриге а гIуллакхаш кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон куьйгалло вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци кхочушъяран гурашкахь.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо