Дукха хIума ца оьшу стагана хазахетар дан, къаьсттина воккхачу стагана. Олуш ду-кх, хазачу дашо а дайдо лазар, олий. Иза иштта дан а ду.
– «Сахар» лакхара хилар бахьана долуш, Республикин больнице, эндокринологин отделене дарбанна охьавижина ву со. Со кхузахь волу дукха хан яцахь а, дуккха а къинхетаме, оьзда, шайн болх дика бевзаш, дархошка дика хьовсуш, лоьраш бевзина суна.
Соьца а, иштта кхечу дархошца а къинхетаме, кIеда-мерза хиларна даггара баркалла ала лаьа суна эндокринологин отделенин заведующина Батаева Лидина, лоьрана Исакова Заретина, медйишина Солсаева Тамилина. Баркалла, Дела реза хуьлда шуна! Стаг муьлххачу а даржехь велахь а, уггаре а коьртаниг цуьнгахь адамалла хилар ду. Аш дарбанна мел Iоьттинчу куьйгана Дала диканца бекхам бойла шуна! Шу санна лоьраш дуккха а хуьлийла вайн махкахь!
МУСТАЕВ ШахIрудди, Курчалойн кIоштарчу Хьиди-КIотарара вахархо
Суьрта тIехь: Батаева Лида, Исакова Зарета, Солсаева Тамила
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо