Хууш ма-хиллара, республикин дешаран декъехь дIахьош яра корматаллин говзанчийн конкурсаш. Церан толамхой билгалбахаран а, царна совгIаташ дIадаларан а Iалашонца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу Президентан лицейхь.
Конкурсийн жамIаш дечохь гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а, районийн дешаран декъан муниципальни урхаллин куьйгалхоша а.
Диначу жамIашкахь билгалбевлира:
«Шеран хьехархо» конкурсан 26 лауреат, совгIатхо, толамхо.
«Къона хьехархо» конкурсан 48 финалхо;
«Физкультурин тоьлла хьехархо» – 6 совгIатхо;
«Кхетош-кхиоран белхан» – 15 говзанча.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Региональни юкъараллин фондан чоьтах мехала совгIаташ дира толамхошна.
Тоьллачу къоначу хьехархошна, кхиамашка хьажжина, цхьа бIе ах бIе эзар сом а, цхьа бIе эзар сом а, 50 эзар сом а ахчанан совгIаташ делира.
«Шеран хьехархо» конкурсан толамхошна а 50 эзар сом делира хIоранна а.
Ткъа конкурсан коьртачу толамхочунна Соьлжа-ГIалин №60 йолчу юкъарадешаран школин оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочунна Тепсуркаева Залинина совгIатна машенан догIанаш делира министра.
Т.Алиева
«Нохчийчоь тахана» сайта тІера