Нана! Хьо йолуш, ирсах дуьзна, токхе дара вайн ков-керт. Зама а хаза яра. ХIетахь ца хиира суна хьан сий дан ма-дезза дан. Ма дохковаьлла со тахана, байттамал хили, амма тIаьхьа ду хIинца. Хьо яц тхоьца, нана. Амма со хьожур ву хьо сайна къинтIера яккха. Диц ца ло са къаьстачу дийнахь, нана, ахь аьлла дешнаш: «КIант, хьан дIадаьлларг ах бIе шо делахь а, хьо суна хIинца а бер ду хьуна. Дага, со дIаяьллачул тIаьхьа ахь хIун лелор ду ца хууш, холчохь ю хьуна со. Хаалахь, нана даима а ю хьуна шен берана диканиг лууш а, цунна даима къинтIера яьлла а, хIора а ву хьуна шен доьзал безаш а, цунна диканиг лууш а. Делан къинхетамца, Дала хаза ийманехь доьзал белла хьуна. ХIоранна хета дас-нанас дов деш аьлларг, шена хIуьттаренна, амма иза иштта ца хиллийла хаьа шен доьзал кхиа боьлча. Иза хьуна хиъна хиларх хIинца теша со».
Нана, йижарша дог оьцуш ца хилча, ма къиза а, ирча а хир дара сан дахар, малх ца кхетачу дуьненахь санна. Дела а, Делан Элча а реза хуьлда царна. Къаналле мел леста, дог доьлху, тIаьхь-тIаьхьа совдуьйлу, нана, хьо езар-эшар. Хьан хьекъалечу хьехамашка ладогIа оьшура хьо. Iеламнаха дуьйцу ма-хаззара, кхузза къинтIера яккха езаш ю нана, ткъа да цкъа ваьккхича а тоьаш ду. АллахI-Дала язйина ю нана.
Цхьана заманчохь, цхьаъ бен кIант воцуш Iаш хилла цхьа нана. Шен кIант ийманехь, дика кхиийна цо. Иштта, цхьана дийнахь шен нене пурба дехна кIанта Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ровзате ваха, амма нанас пурба ца делла кIантана, ткъа кIентан дог тIаьхь-тIаьхьа Элча везарх дузуш хилла, шолгIа пурба ца делла, цIахь висина кIант. Са тоха а ца делла, кхоалгIа пурба дехна кIанта шен нене, амма кхоазлагIа нанас пурба ца делча, Элча везаро кийра багийна, са а ца тохаделла, ненан пурба доцуш, Элчанан Ровзате ваха новкъаваьлла иза. Воьдуш цхьана юьрта кхечира, делкъа-ламазехь маьждиг чу вахара, оцу хенахь къола дан веана къу гучуваьлла, тIаьхьабевлла нах маьждигна хьалха кхечира, ткъа къу тIепаза вайра. «Маьждиг чу иккхина хила мега къу!» – аьлла, чу баханчу нахана ламазна хIоьттина кIант гира. Къу иза ву моттаделлачу наха, тIебеттабелла, схьалаьцна, куьг даьккхира цуьнан.
КIант эмкална тIе дIа а вихкина, юьртахула дIабуьйлабелира нах, шаьш таIзар хIунда дина дуьйцуш. Наха олуш хилла: «Дела доза лар ца дина, къола дарна куьг даьккхина кхуьнан». Цара иза моссазза олу, кIанта олуш хилла: «Ма алийша иштта… Ненан пурба доцуш, араваларна даьккхина алийша!» КIанта иза юх-юха аьлча, оцу нахах кхетамчу веанчу цхьамма аьлла: «ЛадогIийта вайга хIокху кIанта бохучуьнга!». ТIаккха кIанте аьлла цара, шаьш кхетадехьа. КIанта дийцира, ша арабаьккхина некъ ненан пурба а доцуш, ша Элчанан (I.с.в.с.) Ровзате ваха араваларх. ТIаккха и кIант эцна, нанна тIе бахара нах, цара нене дийцира кIантаца хилларг, дийхира цуьнга къинтIераялар, амма нанас духатуьйхира церан дехар, ша къинтIера ер яц аларца. Кортош охкийна, уьш арабевлча, кIант кхийтира, нана шена къинтIераяьлла цахиларх. Цо элира: «Жоьжахатин цIе хала юьйцу, ас шуна гечдийр ду, аш цIе а латийна, со цIерга кхоссахь, жоьжахатин цIарах со хьалха ваккха». Иштта, оцу бартаца йоккха цIе латийна, цIерга кхоьссира кIант. КIентан узам баьлча, ненан мохь белира: «Схьаваккха! Со къинтIерайолу цунна». Иштта, кIант цIергара схьаваккхийтина, иза мара воьллина, йилхира нана.
АллахI-Дала ма боху Ша Iамал тIеоьцур йолуш вац да-нана реза ца дахь. Ялсамани ненан когаш кIелахь ю… Суна сайна зеделла ду-кх, ден-ненан хьо ларам беш велахь, наха а хьан ларам бар. Далла хастам бу, да-нана шайна реза дина йоIарий а, кIентий а дуккха а, бу вайна юкъахь. Дала да-нана резадинчех дойла вай.
Нана. Мел хастаме дош ду и, азаллехь синошлахь даздина Дала. Суна-м сайн нана бераллин хенахьчул а хIинца чIогIа оьшура. Сайн да-нана цкъа а лийр дац моьттура суна, цундела кIезиг нисделла сан царах марзо эцар. Дохковаьлла со хIинца, царна юххехь дийнахь а, буса а марзо оьцуш ца Iарна. Цундела, сан дехар ду да-нана долчаьрга, уьш дуьнен чохь боллучуьра церан тIалам бар доьхуш. Шортта ду нанойн дозаллах лаьцна дало масалш. Сайн бIаьргашна гинарг а, сайн лергашна хезнарг а дийца воллу со, бах-бахарца а доцуш. ХIара нисдела 1970-чу шарахь. Со вара цхьа кIезиг гIуллакх хилла автобусца Соьлжа-ГIала ваха араваьлла. ЦIеххьана автобуса чохь белхар хезира суна йоккхачу зудчун озехь, Iадийна висира со, цхьаъ кхелхина моьттуш. Амма кхалхар гIоли долуш дара. Жимачу стага хаттар дира цуьнга: «Баба, хьуна хIун хилла, хьо хIунда йоьлху?», – аьлла. Йоккхачу стага элира: «Суна ганза а, ас ланза а дисина хIумма а дац, амма хIинца суна тIехIоьттинарг санна къематде вай дохош а хIоьттина дац. Вай дохийна итт шо даьлча, сан берхIитта шо долчу хенахь хIусамда кхелхина, цхьана кIантаца йисира со. Дукха захалонаш кхийхьира суна тIе. Сайн наха хьийзайора со, кIант дехошка дIа а лой, маре гIо бохуш. Амма ас тIе ца дуьтура, суна сайн кIентан меха хIумма а дацара. Кхелхинчу хIусамден сий лардан а лаьара. Айса ца юхуш, кIантана хилийта гIерташ, айса йоманаш ехкина бедарш лелош, кIантана керла юхуш, сайна кхоош, мерзаниг яош, хьалакхиийра ас кIант. И кхиарца йоккхаеш, цунна могашалла Деле йоьхуш, цуьнга со елча дIайуллуьйтур а бохуш, могаш воцуш хилча, дог а, бIаьрг а доьлхуш кхиийра ас иза. Школехь дешийтира, ас цунна хIумма ца кхоош, институт а яккхийтира. Институт яьккхича, зуда ялийра ас цунна. Иштта, хан-зама яьлча, доьзал болабелира сан кIентан. Йоккхаера со цуьнан берех. ТIаьхьенна бохуш, кхиийна стоьмийн беш яра сан Iалашъеш. Бераш даккхий хила дуьйладелира. Бераша а, берийн нанас а соьга дов схьахьедира, муьшкаш ян йолийра берийн нанас. Амма ас сайн кIанте ца дуьйцура. Церан юкъаметтиг галъяларна кхоьрура со. Беша садаIа яьлла, стоьмана тIекхевдича, кIентан бераша шайн ненан омрица гIорзолгаш тухура суна. Со евзачара со гича олура: «Хьуна хIун хилла, хьан бIе шо ду эр ма ду?!». Царна жоп иштта лора ас: «ХIумма а ца хилла. Сайчул дика доьзал хир бац, сайчул дика нус хир яц». Цхьана дийнахь, кIант цIа веъча, сайна беш болу ницкъ, бала бийцира ас цуьнга. Нана берех цаяккхар а доьхуш, дийцира ас. ТIаккха кIанта элира соьга: «Хьоьга сайн доьзал бохабайта йиш яц сан, церан сий дайъийта а. ГIалахь, хьо санна, цхьанна а ца оьшу гужамаш кхобуш меттиг ю, ас кхана хьо цига дIалур ю. Иштта гIала дIаяла юьгуш ю со кIанта. Со-м сайн кIанта дIаяларна ца йоьлху. Со йоьлху, ламазна а, мархина а новкъарло хиларна кхоьруш. Сайн ворхI шо кхаьччахьана ламаз а, марха а ца дуьтуш, схьайогIуш ю со». КIанта хаьттира бабига: «Баба, муьлха ву и хьан кIант? Бабас жоп делира: «ДIо корехь хиъна Iаш верг ву-кх». ТIаккха цунна тIевахара жима стаг. Цо хаьттира: «И дIора йоккха стаг хьан нана юй? Цуьнан долара а ваьлла, суна схьалой ахь иза?»…
Велхаран къурдашца тIе а вахана, элира цо: «ХIара нах тешаш а болуш, АллахI-Делан дуьхьа сайн нана йина тIелоцу ас хьо. Ма ирс долуш хилла со тахана, шиъ нана а йолуш». ТIаккха, бIаьргех оьхуш хиш а долуш, мара а йоьллина, хьаьстира цо йоккха стаг.
Нана – мел сийлахь, мел мерза дош ду! И хууш дика кIентий а бу вайн. Ас буьйцурш бабин кIантах тера берш бац, да-нана резадинарш бу. Дала царах дойла вай!
УСУМОВ Яхья
№121, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 8-гIа де, 2016 шо