Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла автомобилийн некъан 32-чу километрехь, Грозненски кIоштан ЧIишка юьртахь, хIокху деношкахь, даздаран хьолехь схьадиллира керла, доккха тIай. Нохчийн Республикехь ваьхна а, къурайшийн цIийнах хилла а волчу Салихов Сайд-Хьусайнан цIе лелор ю цо. ТIай даздаран хьолехь схьадоьллучохь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Иштта цигахь бара Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствон белхахой а, тIай дина болу «Спецдорстрой» доза тоьхна жоьпалла долчу юкъараллин белхалой а, уллорчу ярташкара бахархой а.

Орга хина тIехула динчу керлачу тIайно таро хуьлуьйтур ю кхуьуш йогIуш йолу ламанан Итон-Кхаьллан, Шуьйтан, Шаройн кIошташ Грозненски кIоштаца а, иштта ерриге а республикица а йоза. Цо Грозненски а, Шуьйтан а, Итон-Кхаьллан а кхаа кIоштара «Ведучи» курортана тIекхача кхерамаза бегIийлаш кхуллур ю. Оцу хьоло аьтто бийр бу курорте богIу туристаш кхин а алсамбовлийтарна. ЧIогIа маьIне ду оцу тIайно автомобилийн некъ токхамаш хуьлучу меттигна а, «ЧIишка» республикин берийн туберкулезни санаторина а генабаккхар. ТIай дан долийнера 2015-чу шарахь федеральни а, республикин а бюджетийн чоьтах. Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министерствос 2015–2016-чуй шерашкахь йинчу объектех уггаре а яккхийчех а, маьIнечех а цхьаъ ю иза.
Кхузаманан технологех пайда а оьцуш, дIабаьхьна белхаш. ТIай берриге а лехамашна жоп луш ду. Цуьнан йохалла 159,88 метр ю, шоралла – 15,77 метр.
Цхьаьнакхетарехь къамелаш дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара а, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас а, тIайн цIе лелор йолчу Салихов Сайд-Хьусайнан тIаьхьенах волчу Салихов Сайд-Хьасана а, кIоштан Iедалан векалша а, бахархоша а. Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цIен аса хадорца схьадиллира керла тIай.
Соьлжа-ГIала – Шуьйта – Итон-Кхаьлла автомобилийн некъан 32-чу километрехь тIай дарна юкъа доккха дакъа дилларна а, лаккхара говзалла гайтарна а, доггах болх барна а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин Правительствон а Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира «Спецдорстрой» юкъараллин генеральни директорна Солтамурадов Мохьмад-Эмина а, иштта оцу объектехь къахьегначу цхьамогIа белхалошна а.
I.МУРТАЗОВ
№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо