«Цхьа Iалашо яра сан…»

Салам-маршалла, хьал-де хаьттинчул тIаьхьа, ша вовзуьйтуш «Даймехкан» хьешо элира: «Сан цIе ШахIрутди ю, фамили – Магомедов. Шун лулахо ву со. Дагестанерчу Хасавюьртан кIоштахь вина а, кхиъна а ву. Жима волуш дуьйна спортаца гергарло лелийна. Корматаллин боксер а, кик-боксер а хилла ву со… Ас дийца леринчух, ас беанчу некъах шу дика кхетийта дуьйцу ас иза…». Жимма соцунгIа а хилла, къамел кхечу гаьн тIе доккхуш, кхидIа а дуьйцура цо: – 2003-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 10-чу дийнахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентаца, Россин Турпалхочуьнца Кадыров Ахьмад-Хьаьжица (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) цхьаьнакхетар хилира сан. Ас цуьнга дийцира Ставрополан крайхь (хIетахь со цигахь Iаш вара) Ахьмад-Хьаьжин цIарах спортан, могашалла тояран комплекс ян нийят долуш хиларх лаьцна. Ас дагалаьцнарг къобалдира цо. Цунах дерг ма-дарра рогIерчу цхьаьнакхетарехь (говзанчаш дакъалоцуш а болуш) дийца барт а хилла дIасакъаьстира тхойшиъ… Байтамал! Цул тIаьхьа тхойшиъ вовшашна гар ца хуьлуш Ахьмад-Хьаьжа декъалхилира.

ХIетахь дуьйна и лаам, и Iалашо кхобуш схьавогIуш ву со хIокху 12–13 шарахь. ХIинца со Башкортостанехь Iаш ву. Башкортостанан боксан а, кик-боксинган а федерацин генеральни директор ву (цунна тоьшалла деш долу кехаташ гайтира цо – ред.). Цул сов, фермеран бахам лелош а ву. Башкортостанехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах спортан комплекс ян лууш ву со хIинца. Цунна 2,8 гектар латта къастийна суна республикин Iедало. Спорткомплексан гIишлонна карта а, чертеж а, схема а яккхийтина ас. Бакъду, буьззинчу барамехь белхаш дIаболо таро яц сан. Делахь а, сайн Iалашоне ца кхочуш Iан дагахь-м вац.

Цундела, сайн ойла а, Iалашо а йовзуьйтуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхета а, цуьнан ден, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коша тIе хIотта а, цунна доIа дан а лууш веана со Нохчийчу. Сайн и лаам кхочушхилча, сайн Iалашоне кхачарехь аьтто хиларе сатуьйсура ас…».

Билгалйинчу Iалашоне кхачар, цо дийцарехь, Магомедов ШахIрутдин коьрта Iалашо а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хьалха декхар а ду. Иза кхочушйичий бен дахарехь синтем хир бац шена боху цо. Амма цу къамела юккъехула тосалора Ш.Магомедовн спортан комплекс ярна оьшу харжаш (ахча) цахилар, цу тIехь иза гIо-накъосталла оьшуш хилар. Ткъа иза кхин къамел ду, кхечу тIегIанехь а, охIла болчу куьйгалхошца а, говзанчашца а дан дезаш долу.

Вовшийн мерза Iодика а йина, Ш.Магомедов шен Iалашоне кхачар тхуна чIогIа лууш хилар а хоуьйтуш дIасакъаьстира тхо. Тхуна дика хета Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе кхечу къаьмнийн иэсехь йисийта лууш берш луларчу халкъашлахь а алсамбовлуш хилар, царах цхьаъ Магомедов ШахIрутди хилар. Дала аьтто бойла церан массеран а!

Хь.САИДОВ

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: