Машар ларбинарш дагалецира

ХIокху деношкахь, Соьлжан кIоштан рузбан маьждиг долчохь, нохчийн лаьтта тIехь машар а, нийсо а хилийтаран дуьхьа шайн дахар ца кхоийнарш дагалаца дукха адамаш гулделлера.

tsentral_noiy_mecheti_Sunzhenskogo_w1200_h800

Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун денна лерина и гIуллакх вовшахтоьхнера Соьлжан кIоштан администрацис Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца а, Кегийрхойн «Ахмат» боламан Соьлжан кIоштахь йолчу филиалан жигархошца а цхьаьна.

Цхьаьнакхетарехь иштта дакъалецира Соьлжан кIоштан Къанойн кхеташонан а, кIоштан полицин отделан а векалша, кIоштан администрацин куьйгалхо волчохь йолчу кегийрхойн кхеташонан а, «Путин» клубан а жигархоша.

Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, белхан декхарш кхочушдеш кхелхина болу полицин белхахой а дагалецира гулбеллачара. Билгалдаккха деза, тIекхуьучу чкъурана къоман турпалхой бовзийтарехь а, церан сий дайтарехь а доккха гIо до иштта гIуллакхаш дIадахьаро. Цхьаьнакхетар дерзош, кхелхинчарна доIа динчул тIаьхьа сагIа даьккхира.

А.ХАТУЕВА

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: