Лахьанан (ноябрь) беттан 18-чу дийнахь Нохчийчохь дIадахьа лерина ду Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран ерригроссин де.
И де билгалдаккха долийна «Россин Федерацехь юридически маьхза гIо» цIе йолу Федеральни закон кхочушдарна тIехь терго латторан Правительствон комиссин масех шо хьалхалерчу сацамца.
Оцу дийнахь республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствехь Iалашонийн тобанашна юридически маьхза гIодаран лаамца дIахьур ду «НеIарш схьайиллина де».
«НеIарш схьайиллинчу дийнан» Iалашонийн тобанашна юкъадогIу: буобераш а, дай-наноша Iуналла ца деш, дисина долу бераш а, церан верасаш а, заьIап бераш а, церан дай-наной а, дай-наноша Iуналла ца деш дисина долу бер шайн доьзале схьаэца лаам болу доьзалш (нагахь санна царна оцу декъехь юридически маьхза гIо эшахь) а.
Дагадоуьйту Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран ерригроссин де дIакхайкхор Берийн дуьненаюкъарчу денца доьзна хилар. Ткъа Берийн дуьненаюкъара де 1959-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 20-чу дийнахь ООН-хь Берийн бакъонийн деклараци тIеэцарца дIакхайкхийна ду. Цул тIаьхьа, 1989-чу шарахь, оццу дийнахь Берийн бакъонийн конвенци а тIеэцна.
Берийн дуьненаюкъара де деккъа цхьа дезде хилла ца Iа: дуьне ма-дду дехачу берийн проблемашна дуьненан юкъараллин тидам тIебахийтар а, берийн а, баккхийчеран а «дуьненийн» зIенаш чIагIъяр а ю оцу дийнан коьртачу Iалашонийн могIарехь лаьтташ. Карарчу хенахь Берийн дуьненаюкъара де, хIора а шарахь билгал а доккхуш, даздеш ду 145 пачхьалкхехь.
Оцу денца доьзна, юридически маьхза гIодарна юкъа бакъонийн декъехь дагадовлар а, бакъонийн кепара кехаташ (дIахьедарш, кхайкхамаш, аьрзнаш) кечдарехь гIодар а, социальни хаттаршна (буоберашна а, дай-нанойн Iуналла доцуш дисинчу берашна а йогIуш йолу гIоленаш яр, царна пачхьалкхан чоьтах хIусамаш йогIуш хилар я цахилар, кхиаза долчу берашна алименташ далар, дайн-наношна бер кхио бакъо ялар а, дIаяккхар а, и. дI.кх.) жоьпаш далар а догIу.
Билгалдаккхар: Нохчийн Республикехь Берашна бакъонаш йовзийтарехь гIодаран ерригроссин де дIадахьарна терго ярна декхарийлахь йина Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолу урхалла.
И.ИСЛАМОВ
№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо