Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин ОМОН-н командир, полицин полковник, Кадыровн орденан кавалер Цакаев Iалихан Даймехкан тоьллачу бIаьхойх цхьаъ ву, аьлла дIакхайкхо хьакъ ву. Даймехкан дуьхьа къахьегаран а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтIахь хиларан а дика масал ду иза.
Республикехь нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторан уггаре а чолхечу а, халачу а муьрехь Даймехкан бIаьхочун корматалла а хаьржина, Цакаев Iалихана дукхазза а гайтина ша нохчийн халкъан а, республикин а маршо а, дахар а лардархо хилар. Ша муьлххачу даржехь болх беш хиллехь а, шех тешийна гIуллакх кхиамца чекхдоккхуш, гуонахарчарна тешаме накъост хуьлуш, денна а шен хаарш лакхадохуш къахьегна цо. Законца йогIуш йоцучу герзашца йолчу тобанашна дуьхьал лерина операцеш дIаяхьаран планаш кечъярехь а, уьш дIаяхьарехь а дакъалацар а дукха нисделла цуьнан. Адамашца юкъаметтигаш лелорехь догцIена а, комаьрша а ву иза.
Бакъонаш ларъяран органашкахь дуккха а шерашкахь болх бина хиларе терра, чевнаш ца хуьлуш а ца висина иза. Амма уггаре а чIогIа чевнаш хилира цунна 2003-чу шеран хIутосург (май) баттахь Гуьмсан кIоштан Иласхан-Юьртахь. Цигахь республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дакъа а лоцуш, дIахьош динан декъехь цхьа гулам бара. Оцу муьрехь Ахьмад-Хьаьжа вен гIертарш сих-сиха нислуш бара. Цундела, бохам боцуш лакхахь хьахийна долу гIуллакх а ца дисира – хиллачу эккхаро чевнаш йира иттех стагана. Царах уггаре а чIогIа чевнаш хилларг вара республикин хьалхара Президент Ахьмад-Хьаьжа ларвеш волу Цакаев Iалихан. Амма, Iалихана билгалдаккхарехь, «Ахьмад-Хьаьжина чов хилла цахилар дара коьртаниг».
Цул тIаьхьа Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Клиникин коьртачу госпиталехь ши бутт сов хан яьккхира Iалихана. Амма кхоччуш йирзина чевнаш а йоцуш, мангалан (июль) беттан хьалхарчу деношкахь Нохчийчу цIа а веана, шен балха аравелира иза.
Тахана Iалихана куьйгалла деш йолу ОМОН Россин Къоман гвардин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин уггаре а тоьллачу тобанашна юкъахь хьалхарчу могIарехь ю. Цуьнан белхахоша НВФ-н декъашхошна дуьхьал республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а дIаяьхьначу иттаннаш лерринчу операцешкахь дакъалаьцна. И операцеш дIаяхьар бахьана долуш хIаллакбина Герггарчу Малхбалера баьхкина болу эмиссараш а, террористаш а, боевикаш а. Цундела, Iалихана билгал ма-даккхара, «ОМОН-хь болх бар дозалла ду».
– Мил-милла а ца вогIу ОМОН-ехь болх бан. Хьаьнг-хьаьнгга а ца бало кхузахь болх. Соьга хаьттича, болх а бац хIара – хIара дахаран мур бу. Кхуза балха веана волу стаг – Даймехкан дуьхьа шен дахар дIадала веанарг ву, – бохура цо.
Билгалдаккха догIу I.Цакаевс Даймехкан дуьхьа гайтина хьуьнарш тидам боцуш дисина цахилар. Къилбаседа Кавказан регионехь контртеррористически операцеш дIаяхьарехь жигара дакъалацарна Россин Федерацин пачхьалкхан пхи совгIат (царах кхоъ – Майраллин) дина I.Цакаевна.
Хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина юххехь лаьттина волу полицин полковник Цакаев Iалихан тахана республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан политикин некъана а тешаме гIортор хилла схьавогIуш ву.
И.АДАМОВ
№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо