Нохчийн Республика – доттагIаллин цIа

Лахьанан (ноябрь) беттан 3-чу дийнахь Шелковски кIоштан Культурин цIийнехь Халкъийн цхьааллин денца доьзна «Нохчийн Республика – доттагIаллин цIа» кхайкхамца дIаяьхьира «Культурийн нур» цIе йолу культурин а, искусствийн а, халкъийн кхоллараллин а фестиваль. Цуьнан Iалашо яра Нохчийн Республикехь дехачу тайп-тайпанчу къаьмнийн барт а, цхьаалла а чIагIъяр.

20161103_150830

Иза вовшахтуьйхира Нохчийн Республикин культурин министерствон халкъан кхоллараллин туьшо, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствоца цхьаьна.

Фестивалехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, Нохчийн Республикин культурин министерствон халкъан кхоллараллин туьшан директор Даудов Рамзан, Шелковски кIоштан администрацин куьйгалхо Магомаев Шамал, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин а, Нохчийн Республикехь дехачу дерриге а халкъийн къаьмнийн-культурийн туьшийн а векалш.

Ларамаза дац и цхьаьнакхетар Шелковски станицехь дIадахьар. Хууш ма-хиллара, Шелковски кIошт республикехь уггаре а дукха къаьмнаш дехаш кIошт ю. Ткъа оцу тайпанчу гIуллакхаша, гулбеллачара билгалдоккхуш ма-хиллара, Нохчийн Республикин къаьмнашна юкъахь барт а чIагIбо, къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигаш цхьана хоршахь а латтайо, иштта нохчийн юкъараллехь дикалла а, машар а хила безар а гойту.

Фестивалан хьовсархойн аьтто белира кхоллараллин тобанаша кхиэле ехкинчу эшарийн а, хелхарийн а номершка хьовса, церан мах хадо. Концертан программа чекхъяьллачул тIаьхьа, Элембаев Iалихана къаьмнийн-культурийн туьшийн куьйгалхошна совгIаташ а дира, Сийлаллин грамоташ а елира. Иштта, къаьмнийн юкъаметтигаш дика хилийтарна юкъа дакъа дилларна къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон Сийлаллин грамота елира Даудов Рамзанна. Шен рогIехь Р.Даудовс баркалла элира фестивалан берриге а дакъалацархошна.

Б илга лдаккха де за «Культурийн нур» цIе йолу хIорашеран кхоллараллин фестиваль – иза Нохчийн Республикин тайп-тайпанчу къаьмнийн эшарийн а, хелхарийн а, фольклоран композицийн а деза де хилар. Уьш тайп-тайпана меттанаш дуьйцуш долу адамаш ду. Цара шайн культура лар а йо, дайн ламастийн ларам а бо. Уьш берриге а цхьаьнатухург хьомечу кхерче – Нохчийн Республике болу безам бу. Фестивале гулъеллера гIумкийн а, ногIийн а, жIайхойн а халкъан кхоллараллин тобанаш. Иштта, цигахь бара гIалагIазкхий а, оьрсий а, туркой-месхетинцаш а. Гайтаме дехкина дара оцу халкъийн кхачанаш а, Iер-дахарехь лелон хIуманаш а. ХIора кхоллараллин тобанан а дара хьовсархошна гайта хIума. Сцени улло дахана а, я говзалла караерзийна а дацара цигахь шайн къоман гIиллакхаш а, ламасташ а довзуьйтуш, дакъалаьцна бераш. ХIетте а дерриге а цара даггара деш а дара.

I.ТЕРЛОЕВ

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: