Студенташна дика масал

Нохчийчоьнан кхане шайгахь юй хууш, шаьш хаьржинчу корматаллин новкъахь дика доьшуш дуккха а студенташ бу вайн. Царах цхьаъ ю Нохчийн пачхьалкхан университетан Пачхьалкхан урхаллин факультетан 4-чу курсехь доьшуш йолу Магомадова Марем.

IMG-20161110-WA0001

Марем Соьлжа-ГIалахь йина а, кхиъна а ю. Школехь дика доьшуш а, олимпиадашкахь, конкурсашкахь даима дакъалоцуш а яра иза. Дешин мидалца школа чекх а яьккхина яхара иза университете деша. Хьалхарчу курсехь дуьйна керланиг довза лууш, дешарца дика ларош йолчу йоIана тIе тидам бахара хьехархойн. Дуьххьара хаарш зиэран «PROmanager» къовсамехь дакъалецира цо. Марема дакъалоцучу кегийрхойн тобано хьалхара меттиг яьккхира. Иштта дIадоладелира университетан юкъараллин дахарехь цо жигара дакъалацар.

ШолгIачу курсехь дуьйна Ерригроссин юкъараллин кегийрхойн «Россин студентийн а, студентийн цхьаьнакхетараллийн а ассоциацин» боламан Нохчийн Республикехула йолчу региональни отделенин секретарь ю Марем. Республикел арахьарчу Iилманан-практикин олимпиадашкахь, конференцешкахь дакъалаца хьалхарчу курсашкара студенташ кечбо цо. Шен дешарца а, декхаршца а дика ларош йолу йоI, ша доьшуш йолчу факультетан студентийн бакъонаш а, хьашташ а кхочушдаран председатель хаьржина. Шен нийсархошца цхьаьна цо сих-сиха вовшахтуху культурин профбюрон долу гIуллакхаш. Республикин ВУЗ-ашна юкъарчу «Акхаройн хьуьнар» фестиваль-къовсамехь акхаройн васташца доьзна дIабаьхьначу гайтамехь хьалхара меттиг яьккхира Марема вовшахтоьхначу студентийн тобано. Церан духаршна тIехь къахьегнарг а иза яра. Дешар коьртаниг дуй хуучу йоIа сих-сиха Iилманан статьяш а язйо. Университетан студенташна масал хилла лаьтта Марем. Ткъа карара дешаран тIаьххьара шо хиларе терра, пачхьалкхан экзамен дIаяла кечам беш ю йоI. «Шуьйрачу хаамийн гIирсаша юкъараллина беш болу тIеIаткъам» статья тIехь болх беш ю иза. ЦIечу дипломаца университет чекхъяккха Iалашо ю цуьнан. Цул тIаьхьа аспирантуре деша яха дагахь а ю йоI. Марем санна болчу кегийрхойх тешо мегар ду вайн кхане.

М.ВЕГИЕВА

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: