«Беркате гуьйре»

Гуьйре. Поэташа хийла шайн байташкахь йийцина оцу хазачу муьран башхаллаш. Хьаннаш, дитташ дешех лепа, догIанаш кест-кеста оьху.

Безымянный (1)

Гуьйре вайнахана ялта чуоьцу хан хиларе терра дукхаезаш, тIекхаьчча хазахеташ хилла даима а. Хесара хасстоьмаш, бешара стоьмаш, аренашкара ялта, хьуьнхара акха стом, дечиг – дерриге а гуьйренан беркат.

Нохчийн Республикин культурин министерствон юкъайогIучу Халкъан кхоллараллин туьшо ТIехьа-Мартан кIоштан культурин цIийнехь вовшахтоьхнера «Беркате гуьйре» аьлла долу хIорашеран гIуллакх. Лаьттах схьадолучу беркатна лерина даздарш дара уьш. И гIуллакх вовшахтохаран Iалашо адамехь товш болу къинхьегам лара хаар, латта, даьхни лелорехь вайн халкъан культура йовзийтар а яра.

Нохчийн халкъан кица ду «аьхка хье ца кхихкинчун Iай яй ца кхихкина» олуш. «Беркате гуьйре» аьлла вовшахтоьхначу гIуллакхан коьрта маьIна лара хьакъ долуш дара и кица. Культурин цIийнан зал гуьйренан сурт тIехь долчу баннерца кечйина яра, шена тIехь «гуьйренан совгIаташ» а долуш.

Беркатечу гуьйранна хуьлуш болу стоьмаш а, хасстоьмаш а бара тускарш чохь. Даздаршкахь дакъалаца кхайкхинчу хьешашна юкъахь бара ТIехьа-Мартан кIоштарчу фермашкахь, юьртан бахамашкахь къахьегна болу баккхий нах.

ТIехьа-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочо Сельмурзаев Алихана хаза, довха дешнаш элира къинхьегаман ветеранашка, иштта, Сийлаллин грамоташ а елира царна.

Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана баркалла элира гуьйренан даздарш вовшахтухуш дакъалаьцначарна. КIоштан культурин белхахошна Сийлаллин грамоташ а, зезагаш а делира цо. Цул тIаьхьа, делкъе еш шуьне хевшира хьеший а, даздарийн дакъалацархой а.

Даздаршкахь дакъалоцуш хиллачу Хьалха-Мартан а, ТIехьа-Мартан а кIоштийн вокальни а, хореографин а коллективаша шаьш кечйина музыкин программа гайтира. Леррина «Беркате гуьйре» проектана Даудов Рамзана язйина гимн-илли элира берийн вокальни тобано. Иштта, «Комаьрша гуьйре» аьлла хIоттийна музыкальни композици а, «Къоман хазна» аьлла болу декоративни-прикладни а, изобразительни искусствийн а говзанчаша кечбина гайтам а массеран дог-ойла тIейоьдуш хилира.

ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а кIошташа лаьцна а ца Iаш, Соьлжан кIоштан культурин белхахоша а дакъалецира «Къоман хазна» аьллачу гайтамехь.

З.ХИЗИРОВА

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: