Вайн а хир бу роботаш еш говзанчаш

«Iуьйранна бIаьргаш схьабелларца суна дагатосург – ас вовшахтаса йолийначу роботан механизмаш бIостанехьа ерзийча болх дика бийр бара я кхин а дика болх байта хIун дийр дара-те олий, хуьлу», – тхо кабинетан неIаре а кхачале доладо шен къамел Нохчийчохь дуьххьарлерчу робототехникин школин директора Сайдулаев Рустама.

d4ec9f880bef805a003ba0634177d2b4a354f8d1

Рустам хIинцале а дан кхиънарш дуккха а ду. Iаламат жигара, хIума дан кархдолуш, хьекъале, доьналле кIант ву иза. Шен кхиамаш тIехь саца дагахь а вац иза. «Со хIинца а вола а ца велла», – бохура цо.

А.-Хь.Кадыровн цIарахчу Соьлжа-ГIалин коьртачу урамехь йолчу махлелоран а, самукъадаккхаран а «Вай-парк» туьшан 6-чу гIат тIехь ю Рустама ша йиллина йолу робототехникин «Робоцентр» цIе йолу школа. Цигахь тхо а хилира. Ши кабинет ю оцу гIуллакхна лерина. Царна чохь роботаш ярна мел оьшу гIирсаш бу.

– Рустам, шун школин шатайпаналлех лаьцна дуьйцуш а хезна, и мел бакъ ду а, шух лаьцна дерг республикерчу бахархошна довзийта а дагахь арабаьккхина бара сан некъ, ткъа схьакхаьчча, сайн хеннара къона кIант а гина, гIеххьа цецъяьлла ю со. Суна моьттура, ша школа йиллина волу стаг кхузткъа шарал тIех ваьлла хир ву. Рустам, довзийтахьа тхуна, хIокху тIе муха кхаьчна хьо? Хьалхара гIулчаш маца яьхна ахь?

– Делан пурбанца, хIара гIуллакх дан сан аьтто кхаьчнехь а, воккха хилла ма мотта со (воьлу иза). Дешархошца цхьаьна роботаш схьагулъеш, церачул чIогIа самукъадолий-те сан аллал, безаш бо ас и болх.

2015-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 5-чу дийнахь дIаболийна робототехникин школо шен болх. Оцу хенахь пхи-ялх дешархо бен воцуш болх бина ас. Таханлерчу дийнахь 30 сов дешархо ву кхузахь. ХIинццалц кегий бераш а, кхиазхой а цхьаьна хуьлура тхан. Ткъа хIинца кхин а цхьа кабинет ю тхан, дешархой а дIасабекъна. Кхин а сов, дешархой схьаэца таро хир ю тхан герггарчу хенахь.

ХIара школа йиллале хьалха похIмечу берашца Соьлжа-ГIаларчу тайп-тайпанчу школашкахь белхаш бира ас. Оцу хенахь кхоллабелира сан роботаш еш школа вовшахтаса лаам. Цхьацца гIулч йоккхуш волавелира со.

Юьхьанца хала дара, дIалелалур дуй-те соьга хIара гIуллакх олий, гIайгIане вужуш меттиг а хуьлура. Делахь а, мел хало тIеIоттаелча а, сайн балхе болу безам дIа ца болура. И хир ду-кх сан таханлерчу «жимачу кхиаман» бахьана.

Рустам ТIехьа-Мартан кIоштарчу СемаIашкахь вина а, кхиъна а ву. Дикачу, оьздачу хIусамехь кхиъна а ву. Нохчийн пачхьалкхан университетан физикин а, информацин-коммуникацийн а технологийн факультет чекхъяьккхина цо 2015-чу шарахь. Iилманан фильмаш а, фантастикин фильмаш а хазахета цунна, царна чохь шена зеделлачух балхахь пайдаоьцу. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин туризмехула йолчу комитетехь а, Соьлжа-ГIаларчу Къоначу техникийн цIийнехь а болх беш ву. Иштта, вилспеташ хахкархойн «Лидер» клубан а, «Робоцентр» школин а куьйгалхо ву. 23 шо бен дац Рустаман. Дукха хан йоццуш доьзал а кхоьллина цо.

– ХIара тайпа школа хIунда оьшу? ХIун ло цо берашна?

– Цхьа 10 шо даьлча роботаш массанхьа а хир ю. Дуккха а говзанчийн белхан меттигаш дIалоцур ю цара. Адамел роботех а алссам тешар бу нах, Iедало а, юкъаралло а белхаш тешор бу царах. Таханлерчу дийнахь вайх хIоранна а карахь йолу «гаджеташ» санна дукха а роботаш хир ю вайна юкъахь, аьлла хета суна. Вайна-м тIаьхьа бен схьакхочург хир яц уьш. Азерчу а, Европерчу а цхьайолчу пачхьалкхашкахь хIинцале ю юкъараллин къепе ларъяран роботаш.

Вайна хIунда оьшу, хоьтту ахь? ХIунда ца оьшу вайн юкъараллина робототехника кхиор? Вайн а ма ду Дала делла кортош а, хьекъал а. Японхой а, чинахой а тIаьхьабита дезаш ма ду вай (воьлу иза). Уггаре а коьртаниг ду роботийн Iилма Iаморо берийн хьекъал серладоккхуш хилар. Ойла сиха а, хьекъал ира а хуьлу церан. И бахьана долуш, кхин Iилманаш Iамор аттачу долу царна.

Таханлерчу дийнахь тхан школехь 6 хьехархо ву. Бераш а тIаьхь-тIаьхьа алсамдовлуш ду. Иштта, Нохчийчоьнан дешаран а, Iилманан а министерствоца бинчу бартаца нийса а догIуш, республикерчу школашкахь робототехникина лерина тIетоьхна йолу урокаш а ло оха.

– Кхузарчу дешархойн хаарш муха ду? «Вундеркиндаш» буй хьан дешархошна юкъахь?

– Шайн бер далош дуьххьара баьхкинчу цхьаболчу нахана, тхо «тайнигех» ловзаш ду моьтту кхузахь. Роботан «дегI» схьагулдар уггаре аттаниг ду. Оцу роботе болх байтархьама, цу чу механизм хIотто еза, цул тIаьхьа цунна программа яла еза. И хьаьнг-хьаьнга а вовшахтасалур яц, вовшахтасалахь а, роботан кепе ерзалур яц. Хьуьнар, хьекъал оьшу и гIуллакх дан. Шайн берийн хаарш девзачу дай-наноша балабо кхуза шайн доьзалхой. Массо а ву-кх сан «вундеркинд» (воьлу Рустам). Баккъал а аьлча, школе а дахаза долу цхьадолу бер, и механизмаш дика евзаш хуьлу. Царах цецволу со, цаьрца болх беш самукъа а долу.

cb4c407c0ff8eabf3b4cb64e671151bf13d4b3c3

– Роботаш хьан бераллин марздаларш дуй?

– Иштта ала а мегар ду. Сан даима а самукъадолура микросхемех а, тайп-тайпана механизмаш хийцарх а. Бераллехь, сайна цхьа хIума а ца девззашехь, радиотехникица гергарло дара сан, даима а цхьацца пхьола деш, сварка еш хуьлура. Цундела, сайн дешаран меттиг а, цул тIаьхьа, болх а харжа атта хилира суна. Студентийн хан хаза а, ирсе а яра. Дуккха а керланаш девзира, сайн некъ дIаболон хаарш тIедуьзира университетехь.

Тахана сайн сина безаш болу болх беш ву со. Сайн уггаре а самукъадолург ду ас лелош дерг. Со Iемина а ца Iаш, сайн дешархой ийзабо ас робототехника йовзаран лакхенашка. Тхаьш лелориг дош хилар, Россехь дIахьочу конкурсашкахь дакъа а лоцуш, цигахь хьалхара меттигаш а йохуш, гойтур ду оха, Дала мукъ лахь!

– Дукха хан йоццуш Къилбаседа Кавказан федеральни округехь дIаяьхьначу робототехникин «РОБООС» конкурсан толамхой хилла шу. Цунах лаций дийцахьа.

– ХIаъ. ХIокху шеран оханан (апрель) баттахь дIаяьхьначу конкурсехь хьалхара меттиг яьккхина оха. Республикел арахьа баьккхина тхан дуьххьарлера толам бу иза. Цул тIаьхьа кхин а хилла тхан толамаш. ХIутосург (май) баттахь Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан университето дIаяьхьначу «Кегийрхойн Iилманан-техникин кхолларалла – 2016» конкурсехь «Уггаре а тоьлла инвестицин проект» номинацехь хьалхара меттиг яьккхина оха. Иштта, хьаьттан (август) баттахь Ерригроссин кегийрхойн «Клязьмехь – маьIнийн майда» аьллачу форумехь дакъа а лецира. Тхуна грант елира (200 эзар сом). Герггарчу хенахь, школехь оьшу гIирсаш а эцна, маьхза буобераш а, заьIап бераш а Iамо дагахь ду тхо.

– Рустам, шайн школерчу дешархоша бечу балхах лаций шуьйра довзийтахьа тхуна.

– Ас лакхахь ма-аллара, шина тобане декъна ду бераш. Уггаре а кегий бераш, уьш дуьххьара схьадалийча, «Lego» конструкторех ловзуьйту оха, церан хIума схьагулъяран моторика хилийтархьама а, куьйгашца дика болх бан Iамийта а. Цул тIаьхьа царна тIекхета вовшахтохаран гIирсаш: двигательш, шестеренкаш, балкаш. Цул тIаьхьа программировани Iамайо царна. Ткъа 14–15 шераш долчу кхиазхошца автоматизированни гIирсаш вовшахтосу оха.

– Аш вовшахтосучу роботаша хIун «дезарш» кхочушдо?

– Тхан роботашна юкъахь шен «некъаца» лелаш цхьаъ ю, цо лаьттахь Iохкуш йолу кIайн а, Iаьржа а цилиндраш шен-шен складашка дIахьо: Iаьржачу складе Iаьржанаш хьо, кIайчу складе – кIайнаш. Цуьнан программа компьютера тIехь еш а, мобильни телефонашца лелалуш а ю. Иштта механизмаш йолу роботаш хир ю тIейогIучу хенахь, яккхийчу гIалийн урамашкахь.

Уггаре а коьртаниг, школо гIодо дешархошна шайна дахарехь оьшу йолу говзалла харжарехь. Муьлххачу а хьехархочун санна, сайн дешархойх цIарна цIеяхна инженераш хир бу аьлла, сан а бу сирла сатийсам.

– ХIусамийн-коммунальни бахаман декъехь роботаш хир ю аьлча ма тамашийна хета. Уьш оьший-те вайна?

– ЦIано латторехь вайна гIо хир ду-кх царах. ХIинцале йолуш ю чан чуузуш, сапер, хишна тIехулара нехаш схьагулъе роботаш, иштта, юкъаралло а, тайп-тайпанчу ведомствоша а лелош кхин дуккха а ю уьш. Царах хIинца цхьа а цец ца волу. Бакъду, дуккха а ахча доьху царах а, уьш вовшахтасаран гIирсех а.

Вайна ма-хаъара, Россехь робототехника Японехь а, Чинехь а санна кхиъна а, яьржина а яц. Со тешна ву герггарчу хенахь иза Россехь хьовха, Нохчийчохь а кхуьург хиларх.

fe788b9f82d918136e9b54604b8e9dc1c8d55719

– Дала мукъ лахь! Цунах тхо а теша. Рустам, хьан хенарчу кегийрхошна санна компьютерни ловзарш дезий хьуна? Ахь муха «йойъу» хьайн мукъа хан?

– Суна ца деза компьютерни ловзарш, цара кегийрхойн хан эрна йойъу. Синкхетам дIабоккху, ойла цхьана хорша ерзайо. Иза хIокхузаманан «лазар» ду. Кхиазхой а, сайн нийсархой а оцу лазарх ларбаларе кхойкху ас. Дийнахь массийтта сахьт хьовха, цхьа минот а эрна хета суна оцу гIуллакхна йойъуш йолу. Iуьйра ламазца долийна де, чекхдаллалц, пайдехь хилийта гIерташ хуьлу со.

Сан мукъа хан «Лидер» клубехь дIайолу, вилспетийн спортехь. Тхо республикехула хехкало. Сайн вилспета тIехь со Гуьржийчохь, Хонкарахь, Германехь хилла. Герггарчу хенахь кхечу пачхьалкхашка ваха лаам болуш ву сайн «динахь» (воьлу).

– Вилспета тIехь хьо оццул генарчу мехкашка кхаьчна хиларх теша хала ду. Муха мега хьо?

– Ас садоIу вилспета тIехь. ДегIана а дика ю иза. Эрна харжаш а ца йо. Дуьххьара сайн накъостаца Гуьржийчу вахара со. Вайн мохк дIабаьллачул тIаьхьа, суна уггаре а хазахеташ мохк бу иза. ХIинца санна дагадогIу суна, шийла мох, дарц долуш, тхойшиъ Буру-ГIала кхаьчна. Маьждигехь буьйса яккха ца магийра тхуна (Iедало ларъеш меттиг ю, ца магадо аьлла), цунах вас хилла, шийлачу арахь висина волу тхойшиъ, Кавказан цIий долчу вашас шен хIусаме вигира, хьошалла дира. Iуьйранна новкъавелира тхойшиъ, шина дийнахь Тбилисе дIа а кхечира. Цигахь пхи де-буьйса даьккхира. ЧIогIа хазахийтира тхойшинна и гIала а, цигара нах а, Iалам а. Суна бераллехь хезначу туьйранашкара гIала яра иза. ЮхавогIуш цхьа де-буьйса бен ца делира. И доьзна дара, дуккха а басеш а, хенан хIоттам дика а хиларца.

– Хьо экскурсовод а ма ву, тхуна ма-хаъара, и болх безий хьуна?

– Сан адамашца болх беш самукъадолу. Туристашца хIете а хаза хуьлу. ХIоразза а керла нах, дахарш, сибаташ, аьзнаш девза. Ас царна Соьлжа-ГIала гойту, А.-Хь.Кадыровн проспектехула чекхбоху. Сайна мел хуург царна а довзуьйту. Туристаш вайн республикех цецбийларо а, церан бIаьргаш серладевла хиларо а дог дузу сан. Вайн республика кхиъна йогIуш хиларх воккхавево.

– Рустам, вайн юкъараллина, къаьсттина кегийрхошна, дика вевзаш волчу «IТ-технологин» эрин бухбиллархо лоруш волу Iамаркан предприниматель Джобс Стив санна (цо арабаьккхинчу некъах цхьа а тешаш ца хиллехь а, таханлерчу дийнахь дуьнен тIехь а хьалхарчу меттехь йолу, шен «Apple» корпораци кхоьллина цо), хьайн балхана чу садиллина вуй хьо?

– Даггара аьлча – чIогIа ву. Иштта даккхий хIуманаш дан ницкъ ца кхачахь а, вайн республикехь робототехника кхио лаам бу сан. Цхьана дийнахь «кIад» ца луш, болх беш ву со оцу декъехь. Сайн санна дуьнене болу хьежамаш а кхолла хьожу кхуза догIучу берашкахь а. Компьютерни ловзарша, телефонаша царна вуочу агIор мел тIеIаткъам бо дуьйцу ас. Шаьш ойла а еш вовшахтийсарша мел пайда бо, царна шайна а го. Таханлерчу дийнахь жима школа бен яцахь а, тIейогIучу хенахь кхин а даржон дагахь ду тхо хIара дакъа. Роботаш юкъараллина оьшуш ю. Уьш адамийн меттиг дIалаьцна хир ю бохург дац иза. Хир яц. Уьш адамаша программаш луш, йича бен болх балуш яц. Ахь ма-аллара, Джобс Стива шен идейх цхьа а цатешарх, цу тIехь болх беш, дуккха а къахьегна. Ша-шех тешна иза, цундела и къар цаваларан тIаьхьало вайна гуш ю.

– ТIейогIучу хенахь дан леринарш довзийтахьа.

– Парашютаца кемана тIера чукхоссавалар. Сноубордан а, серфинган а техника Iамор. Иза сайн самукъаненна луурш ду, иштта – робототехникин школехь лаккхара кхиамаш бахар а, тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь дакъалацар а, тхайн дешархойн хаарш лаккхарчу тIегIанехь хилийтар а, тIейогIучу хенахь «Нохчийчуьра роботаш» аьлла цIе йолу роботаш хилийтар а.

– Хьан уггаре а сирла сатийсам.

– Вилспета тIехь ХьаьжцIа вахар. Iаьрбийн пачхьалкхашкара хьелаш бахьана долуш, цкъачунна дан аьтто бац иза. Дала мукъ лахь, со тешна ву, со санна Хьаьж дан луурш кхин а хирг хиларх. Вайн дайша гIаш дина и некъаш, цуьнца дуьстича Iаламат атта ду вайн таханлера хьелаш.

– АллахIа кхочушбойла хьан и сатийсам, Рустам!

Хь.БАХТАЕВА

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: