Хасанов Тимирбулатан концертехь

Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн драмин театрехь къоначу иллиалархочун Хасанов Тимирбулатан концерт хилира хIокху деношкахь. Билгалдаккха лаьа, иза Нохчийн драмин театран актер хилар а, иллеш ала волавелла башха дукха хан цахилар а.

IMG_5321

Цуьнан концерте баьхкинарш кIезиг бацара. Цуьнан белхан накъостий а, гергарнаш а, доттагIий а, цуьнан кхолларалла дукхаезарш а гулбеллера цигахь. Концерт дIахьош бара Байраков Зубайр а, Багатаева Мадина а. Хасанов Тимирбулата иллеш аларца йолийра и суьйре. Артистан сольни концертехь дакъалецира нохчийн эстрадин артисташа: Альтемиров Iальвис, Межиева Марета, Джабраилов Шерипа, Гайрбекова Мархас. Концерте баьхкинчарна къаьсттина хазахетар хилира Нохчийн Республикин халкъан артистка Дадашева Тамара сцени тIе яьлча. Кхоллараллин атта боцчу новкъа волучу къоначу иллиалархочуьнга довха дешнаш олуш йистхилира иза.

«Ша артист воцчунна хуур дац мел атта дац артист хила. Нахана ша везийта а, шен кхоллараллех церан бIаьрг бузийта а хаддаза къахьега деза. Тимирбулат, хьо тахана къона волушшехь, хьан концертан зал юьзна ю. Цо гойту, хIинцале а хьан кхоллараллин дуккха а доттагIий хилар. Ахь юьхьарлаьцначу некъан юьхь иштта елахь, тешна хуьлийла ду, цуьнан беркате тIаьхье хирг хиларх. Уггаре а коьртаниг ду Iамийначух тоам бина ца Iар, хIора а дийнахь керланиг хаа хьажар. Луур ду, хьан дахарехь даима а хазахетарш, диканаш лаьттийла», – элира цо. ЛадогIархошна езаелла йолчу «Дуьсур ду» йиш лакхарца декъалвира артисткас къона иллиалархо.

Т.Хасановн концертехь нохчийн эстрадин артисташа дакъалаьцна а ца Iаш, кхечу республикашкара баьхкинчу хьешаша а дакъалецира. ГIалгIайн Республикера баьхкинера: Мархиева Людмила, Суммая, Барханоев Зеламха, Дагестанера – Мурадова Гульдаста, Муслимов Эльдар, Джамалдинова Эльбика. Царах хIораммо а цхьацца-шишша йиш лакхарца самукъадаьккхира хьовсархойн. Шайна дукхавеза артист цхьа йиш а лекхна сцени тIера дIа ца вохуьйтура хьовсархоша. Хаддаза тIараш деттарца, кхин цхьа йиш лакха я илли алар доьхура.

Хасанов Тимирбулат илли ала волавелла дукха хан яцахь а, цуьнан репертуарехь массо а темина аьлча санна иллеш ду. Масала, ненах а, Даймахках а, Соьлжа-ГIалах а лаьцна. Сцени тIехь лела хаарца а, цIена, башха декачу озаца а къагайора цо сцена. Къаьсттина хазахийтира гулбеллачарна «Нана» цIе йолу илли.

БIаьрса доцчу Абубакарова Аминица цхьаьна илли а элира Тимирбулата. Иштта, ша гергарло лелош йолчу, онкологи цамгар йолчу Дидиева Иманан шен концертехь йиш лакха сатийсам буйла а хиъна, иза а кхайкхинера цо цигахь дакъалаца. Цамгаро лаьцна елахь а, вуно хаза йиш лакха а, хелхаяла а хууш, дуьненах самукъадолуш йоI ю иза. Иман йиш лекхна яллалц, ерриге а зал хьалагIаьттина лаьттира. Цунах оцу йоIана хазахетар а хилира. Лерса доцчу а, иза ледара долчу а берийн школа-интернатан дешархочо Темиргаев Расула а, куьйгаэшарийн «Ирс» тобано а цхьаьна номер гайтира. Иштта, къоначу иллиалархочо Дачаев Алихана а «рэп» хотIехь илли элира.

Т.Хасановс концерт вовшахтухуш шена гIо мел динчарна а, концерт дIахьош хиллачарна а, хьовса баьхкинчарна а баркалла элира. Цул тIаьхьа луучара цуьнца цхьаьна суьрташ а дехира.

З.ЛОРСАНОВА

№122, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 11-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: