Сбербанкан – 175 шо

Лахьанан (ноябрь) беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Пачхьалкхан театрально-концертан залехь Россин Сбербанкан 175 шо кхачарна лерина даздараш дIадаьхьира. Уьш вовшахтоьхнера оцу банкан Нохчийн отделенис.

IMG_6721

Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана а, Сбербанкан Нохчийн отделенин урхаллин директора Джабраилов Сайд-Мохьмада а, банкан белхахоша а, хьешаша а, соьлжагIалахоша а.

Банкан белхахой юбилейца декъал а бина, Тагаев Султана билгалдаьккхира Сбербанко мехкан а, республикин а экономикехь йоккха меттиг дIалоцуш хилар. Цунна хетарехь, банк меттигера жима а, юккъера а бизнес кхиоран а, республика инвестицешна бегIийла хилийтаран а, бахархойн белхан жигаралла лакхаяккхаран а декъехь къахьоьгуш ю.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийначу некъана муьтIахь а йолуш, республикин таханлерчу Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалха хIиттийна долу гIуллакхаш кхочушдарехь гIо-накъосталла а деш, схьайогIуш ю тахана Сбербанк. Цул сов, бахархойн хьашташна лерина финансийн а, кредитийн а институташ кхиорехьа а, банко кхочушдар шордарехьа а болх беш хаало банк. Цундела со тешна ву Россин Сбербанкан республикехь кхидIа а кхуьуш схьаян аьттонаш хиларх а, цуьнца нийса а догIуш, вайн бахархошна банкийн уггаре а тоьллачу хьаштех пайдаэца таро а, аьтто а хирг хиларх а, – элира цо.

Джабраилов Сайд-Мохьмада дийцарехь, корматалла а, лаккхарчу тIегIанехь долу корпоративан хатI а, бахархойн хьашташ кхачам боллуш кхочушдар а, хIора а клиентан гIуллакхе леррина хьажар а Россин Сбербанкан юьхь хилла дIахIоьттина.

– Тахана цхьа доьзал а хилла, республикин а, цуьнан бахархойн а дуьхьа къахьоьгуш йолчу коллективана баркалла ала а, цуьнан хIора а белхахочун дахар ирсе хуьлийла ала а лаьа суна, – элира С.-М.Джабраиловс.

Даздаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, нохчийн эстрадин артисташа концерт елира гулбеллачарна. Цул тIаьхьа, Пачхьалкхан театрально-концертан залана хьалхарчу майданахь шатлакх яларца дIадирзира банкан юбилейна лерина даздарш.

Билгалдаккха догIу Сбербанк 1841-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 12-чу дийнахь Николай Хьалхарчун императоран Указаца кхоьллина хилар. Тахана Россехь болх беш оцу банкан 20 000 сов дакъа ду. Россехь 120 сов миллионан а, кхечу пачхьалкхашкахь 13 миллионан а стеган хьашташ кхочушдеш ю банк. Банкан онлайн-сервисех пайдаоьцуш 17 миллион россихо ву. Карарчу шарахь, Global Finance журнало бинчу талламца нийса а догIуш, Юкъарчу а, Малхбалерчу а Европехь «Уггаре а тоьлла йолу мобильни банкинг» аьлла, преми а елла Сбербанкана.

И.АДАМОВ

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: