«Дуба – Шемалан майра наиб»

Лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь Нохчийн Республикин Iилманийн академин конференц-залехь йовзийтира Дадаев Юсупан «Дуба – Шемалан майра наиб» цIе йолу книга. Цуьнан автора билгалдаккхарехь, иза лерина ю шайн халкъан а, Даймехкан а дуьхьа синош дIаделлачу берриге а нохчийн къонахашна.

Книгин авторх лаьцна масех дош а олуш, уггаре а хьалха вистхилира Нохчийчоьнан Iилманийн академин президент Гапуров ШахIруди.

– Кавказан тIамца йоьзна йолчу нохчийн халкъан историна шегара дуккха а дика болх схьабаьлла стаг ву Дадаев Юсуп. Шен книги тIехь цо далочу тоьшаллаша дукха хIуманах кхета таро ло вайна. «Дуба – Шемалан майра наиб» цIе йолу книга нохчийн халкъан майраллин гимн ю, – элира цо.

Книгин жоьпаллин редактора, историн Iилманийн доктора Магомедов Назима авторна баркалла а олуш, цуьнца болх бар шен тамехь хилла хилар билгалдаьккхира.

– Кавказан тематике безам бахана ву Дадаев Юсуп. Кавказан тIамца йоьзна йолу нохчийн а, Дагестанерчу халкъийн а истори денна а бохург санна тIеюзуш схьавогIуш ву иза. Цо беш болу болх бахьана долуш, вайна вешан керла турпалхой а, историн керла агIонаш а евза. ТIейогIучу хенахь а Кавказан халкъийн историн а, ламастийн а бух вовшахтохарехь Нохчийн Республикин Iилманийн академица цхьаьна кхин а жигара болх бан дагахь ду тхо. Тешна ву, оцу белхан тIаьхье кхиаме хирг хиларх а, иза вайн халкъашна а, Iилманчашна а пайдехь хирг хиларх а, – элира Н.Магомедовс.

Книгин автора дийцира ша 30 шарахь бинчу талламан балхах лаьцна. Цо билгалдаккхарехь, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а талламан белхаш дIабахьарехь цунна жигара гIо-накъосталла дина Нохчийн Республикин культурин хьакъволчу белхахочо, хьехархочо Темиргераев Асланбека.

– Ас къаьсттина баркалла боху нохчийн халкъан кIантана, историн а, культурин а, этнографин а говзанчина Темиргераев Асланбекана. ТIаьхьарчу 20 шарахь цуьнан а, цуьнан доьзалан а гIоьнца Нохчийчуьрчу 400 сов юьртахь а, кIотарахь а, иштта зераташкахь а, кешнашкахь а, музейшкахь а хилла со. Оцу хеначохь тхуна Iаьрбийн а, аджамийн а, жIайхойн а, гIумкийн а, нохчийн а меттанашкахь Шемала а, цуьнан наибаша а, къеданаша а, Iилманчаша а куьйга яздина долу 70 сов кехат карийна. Цул сов, Кавказан тIеман турпалхой хилла болу нах дIабоьхкина 60 сов каш а карийна, халкъийн барт а кхоллараллин декъехула 70 гергга илли а дIаяздина, – дийцира книгин автора.

Иштта цо билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан историца боьзна болх бечу муьрехь шена нохчех лаьцна диканиг бен хезна цахилар а, нохчийн халкъ, шен книгехь вуьйцуш волу Дуба санна, майралла а, доьналла а долуш хилар а.

Книга зорбатоьхна Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, Дагестанан Iилманийн туьшан историн, археологин, этнографин институтан а, Россин Iилманийн академин Iилманан учрежденин а гIоьнца.

И.ИСЛАМОВ

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: