Р.Газалиевн керла кхиамаш

Вайна, хIокху Нохчийчохь дехачу нохчашна а, кхечу къаьмнех болчу векалшна а, боккха кхаъ хуьлу кхечу регионашкахь а, пачхьалкхашкахь а бехаш болчу нохчаша политикехь, экономикехь, дешарехь, культурехь, спортехь, кхечу дакъошкахь кхиамаш бахаран хьокъехь хаамаш хезча. Къаьсттина хазахета къоначаьргара юьхькIоме дерг гучудаьлча. Церан кхиамаш тIехь терго а латтайо вай.

image расул

Иштта, «Даймохк» газетан редакцис шен тидамехь латточарах цхьаъ ву Ростовн областехь Iаш волу Газалиев Расул. Бераллехь дуьйна спортаца гергарло долуш ву иза. Ростоверчу «АКА» спортан клубехь каратэн масех кепехь лата Iемаш, латар шардеш ву Расул. Цу тIехь дика кхиамаш а бу цуьнан. Цунна къеггина тоьшалла до тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь цо хIинцале а баьхначу кхиамаша. Масала, ши шо хьалха 14–15 шераш долчу кхиазхошна юкъахь хьалхеяккхаран Кумитэ Shodu Nikon регионашна юкъарчу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхира нохчийн кIанта.

Дукха хан йоццуш керла толамаш баьхна вайн къоначу махкахочо. Къилба федеральни округехь кхиазхошна а, кадеташна а юкъахь Кумитэ кепара каратэ латарехь 16–17 шераш долчу спортсменашна юкъахь толаман лакхене кхаьчна Газалиев Расул. Шен дерриге а цхьаьнакхетаршкахь шегара йоккха говзалла а, хьуьнар а, толаме кхача боккха лаам а гайтина нохчи Къилба федеральни округан вовшахтоьхначу команди юкъавахийтина. Цуьнан тренера Кабанов Александра дозалла до ша Iамош волчу къоначу каратистах. Иза доккха хиндерг долуш спортсмен хиларх тешна а ву иза.

ХIокху деношкахь А.Кабанов а, Р.Газалиев а кечамаш беш ву Ерригроссин къийсадаларшкахь дакъалаца. Тренерна а, спортсменна а керла зер хир ду оцу тIегIанехь дIахьон долу къийсадаларш. Оцу зерах кхиамца чекхвериг хиларх тешна волчу цу шимма лакхарчу жигараллица дIахьо тренировкаш.

Хь.САЙДАЕВ

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: