Нохчийн меттан а, литературин а лазамаш бийцаре бира

Лахьанан (ноябрь) беттан 8-чу дийнахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина республикин Iилманан семинар хилира, «Нохчийн мотт а, литература а хьехаран проблемаш а, хIинцалерчу урокан керла лехамаш а» аьллачу темина.

article477

Семинар вовшахтоьхнарг яра хьехархойн университетан нохчийн меттан а, литературин а кафедрин куьйгалхо, филологин Iилманийн доктор, профессор Навразова Хьава. Нохчийн Республикин ерриге а кIошташкарчу, ярташкарчу школашкахь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болу хьехархой бара семинарехь дакъалоцуш. Иштта, нохчийн маттаца а, литературица а болх беш болу Iилманчаш, профессорш: Овхадов Муса а, Джамбеков ШаIрани а, Вагапов Iарби а, Халидов Муса а, Дашаева Лайлаъ а, ткъа иштта нохчийн меттан а, литературин а декъехула республикин конкурсийн толамхой хилла болу хьехархой а бара цигахь.

Университетан зала чохь 500 гергга хьехархо вара. БIаьргана ган хаза сурт дара иштта дийнна цхьа эскар нохчийн меттан а, литературин а хьехархой цхьаьна гулбелла хилар. Хууш ма-хиллара, къона чкъор кхиорехь хьехархоша доккха дакъалоцу. Масала, физикин хьехархочо физикин Iилма довзуьйту, математикин хьехархочо – математикин Iилма, ткъа нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша яхь-юьхь, нохчалла муха хила еза дуьйцу. Оцу хьехархойн хьуьнарех, церан хаарех, оьздангаллех доьзна дуккха а хIума хуьлу къоначийн дог-ойла диканна тIейоьгIна кхиорехь. Вайн заманахь нохчийн мотт берашна Iаморна тIехь хуьлучу халонех, кхачамбацарех дийцира аьлла, дай алар а доцуш, и проблемаш даггара йийцаре йира семинаран дакъалацархоша. Масала, коьрта лазамашна юкъахь хьахийра школашкахь нохчийн маттана а, литературина а делла сахьташ лахдина хилар а, учебникийн чулацамах дерг а. Цхьайолчу школашкахь кIирнах 1 сахьт бен ца луш меттигаш ю нохчийн маттана (оьрсийн маттана кIирнах 5 сахьт лучохь). Дешархоша лелочу учебникийн чулацамех а, литературех а дира дуккха а къамелаш. Хьехархоша хаийтира юьхьанцарчу классашкахь чолхе, шайна дуьйцу а хезна доцу дешнаш а, кицанаш а хуьлуш хилар. Берашна чолхе хIуманаш хенал хьалха тIе ца дохкуш, церан хене, кхиаре хьаьжжина хIоттийна хила езара учебникаш бохура цара.

Литература а ю хийца езаш. Истори, политика хийцаяларца ширделла хIуманаш (Ленин, парти, колхоз, Iадаташна, молланашна лер) долу хIуманаш заманан керлачу лехамашна оьшуш йолчу говзаршца хуьйцуш. Семинарехь дуьйцучунна балхана юьстах цхьа а ца висира. Шайна хетарг довзуьйтура хьехархоша.

Iилманчаша: Овхадов Мусас, Навразова Хьавас, Джамбеков ШаIранис нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн дог оьцуш, баркаллин дешнаш элира цара бечу балхана.

Семинаран шолгIачу декъехь тоьллачу хьехархоша мастер-классаш гайтира.

Массарна а пайдехь, беркате хилира семинар.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: