Соьлжа-ГIаларчу урамна Турпалхочун Нурбагандов Мохьмадан цIе тиллина

Лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Олимпийски проезд урамна Россин Турпалхочун Нурбагандов Мохьмадан цIе тиллира. Дагадоуьйту зуламхой, иза схьа а лаьцна, видеокамера чухула Мохьмаде накъосташка полицехь болх бар дита алийта гIоьртина хилар. Цара бохург ца деш, М.Нурбагандовс: «Болх бе, вежарий!», – аьлла, жоп делира. Цул тIаьхьа иза вийра зуламхоша.

IMG_7428

Россин Федерацин Президента Путин Владимира, къонахалла а, турпалалла а гайтарна, Нурбагандов Мохьмадна «Россин Турпалхо» аьлла, Сийлаллин цIе елира иза вийначул тIаьхьа.

М.Нурбагандов халкъийн иэсехь висийтаран гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, республикин Правительствон вице-премьер Кадыров Ислам а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а администрацин куьйгалхо Тагаев Султан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим а, Дагестанан Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Магомедов Iабдурашид а, кхиболу официальни нах. Иштта кхузахь бара «Ахмат» а, «Путин» а цIерш йолчу патриотийн клубийн жигархой. Церан массеран а буйнахь М.Нурбагандовн суьрташ а, иштта байракхаш а яра.

Гулбеллачаьрга вистхуьлуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, и гIуллакх Даймахкана хьалха долу шен декхар кхочушдеш кхелхинчу турпалхочуьнга болу боккха сий-ларам гойтуш, вовшахтоьхна хилар.

– Вайна масарна а гира Мохьмад вуьйш яьккхина видео. Цо кхин цкъа а гойту террористаш муьлш бу. Цара шайн бакъйолу юьхь гайтина, карахь герз доцу стаг а вуьйш, – элира Кадыров Рамзана.

IMG_7452

Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима дийцира, оцу урамехь, иза тобаран декъехь бан мел оьшу белхаш бина хиларх, турпалхочун сий деш, иза даима цIена, хаза латториг хиларх а лаьцна.

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Магомедов Iабдурашида шайн республикерчу дерриге а халкъийн цIарах баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгахочунна Кадыров Рамзанна а, нохчийн халкъана а, Нурбагандов Мохьмадан сий деш, урамна цуьнан цIе тилларна.

Цул тIаьхьа гулбеллачара Россин Турпалхочун Нурбагандов Мохьмадан мемориальни у схьадиллира, цунна хьалха зезагаш дехкира.

I.МУРТАЗОВ

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: