Доьналла долу зуда

Шен доьзалал деза, хьоме цхьа а хIума дац цхьана а ненан дахарехь. Дийцина ца валлал дукха халонаш лайна вайн наноша, вай ийманехь кхио, когахIитто гIерташ. Иштта, берийн хьашташ кхочушдан гIерташ хало лайначех цхьаъ ю Хьалха-Мартан кIоштан ГIойтIара яхархо Асхабова Зулай. Дукха жима йолуш дуьйна шен шина бераца цхьаьна йисина, деза дукъ шена тIелаца дийзира цуьнан. Мел хала хиллехь а, шех цхьанна а бала ца бина цо.

IMG-20161010-WA0027

Зулай йина 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь Грозненски кIоштан (тахана – Шелан кIошт) Жимачу АтагIахь. ГIойтIа маре яр нисделира цуьнан. 4 шо даьллачул тIаьхьа, хIусамда кхелхина йисира иза. ТIаккха шен шина бераца нехан хIусам лаьцна охьахиъна, цигара гена йоцчу ферме хьелиозархо балха хIоьттира Зулай.

24 шарахь бира цо фермехь болх. Ша доккхуш долу сом эрна ца духкуш, тIекIал а диллина, цу ахчанах ГIойтIахь дакъа а эцна, цIа а дина, чуйирзира иза. КIант, йоI кхиъна даьлча, кIант балха хIоьттича, нехан цIен тIе яхана йоI дIа а ерзийна, кIантана зуда ялийра цо. Хаза кхуьуш берийн бераш ду цуьнан. Тахана царах йоккхае иза. Зулайн доьзал ийман долуш а, юьртарчу наха лоруш а бу. Цо хьегна къа эрна цахиларан билгало ю иза. Дала и санна болу наной ма эшабойла вайна.

М.-С.ЗАБАЕВ

№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: