Россин Федерацин хьакъволу художник, Исбаьхьаллин Академин академик Сафронов Никас Соьлжа-ГIалахь хилира хIокху деношкахь. Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташца пресс-конференци хилира цуьнан Соьлжа-ГIалин мэрехь. Хьеше маршалла а хоттуш, вистхилира Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим.
«Тахана хьо кхуза веана хиларх тхуна хазахетар хилла. Соьлжа-ГIалахь хьан белхийн гайтам хирг хиларх къаьсттина хаза кхаъ хилла. Тхо тешна ду, хьо кхуза хьайн керлачу белхашца юха а вогIург хиларх», – элира цо. Сафронов Никаса совгIатна ша диллина долу Путин Владимиран сурт делира мэрана, ткъа М.Хучиевс «Нохчийчоьнан дог» маьждиг тIехь долу сурт делира художникана. Шена хьошалла дарна а, ша дика тIеэцарна а баркалла элира хьешо.
«Дуьххьара 1989-чу шарахь хилла со Нохчийчохь. Иштта ши шо хьалха а хилла. Кхузара адамаш цхьа шатайпанчу дикаллица къаьста. Дуккха а регионашкахь хилла со. Дуьненахь уггаре а хаза юьйцу гIаланаш а гина ву со. Гуш ду Соьлжа-ГIала уггаре а хазачу гIаланех цхьаъ хилла дIахIоьттина хилар. Амма, кхечу гIаланашкахь Соьлжа-ГIалахь йолу цIано яц. Кхузахь санна цIена урамаш, цIена меттигаш кхечанхьа гур а яц. Уггаре а хазахеташ ду Нохчийн Республикин бахархойн искусствоца шатайпа юкъаметтиг хилар. Нохчийчу со кхачаран бахьана ду, шуна, сайн белхаш гайта а, довзийта а лаар. Кхуза ван кечлуш, дукха ойла йира ас, сайн муьлха суьрташ шуна гойтур дара-те, бохуш. Суна цкъа а ца лиъна, адамийн ойланна вуочу агIор тIеIаткъам беш долу суьрташ дахка. Мелхуо а, адамийн дог-ойла гIаттор йолу, церан дегнашка паргIато йохьур йолу суьрташ дахка хьаьжна со даима а», – бохура цо.
Цул тIаьхьа дIайолийра пресс-конференци. Художникан кхоллараллин некъах а, цо и говзалла харжарх а, цуьнан суьртийн тематикех а лаьцна хаттарш дира цуьнга коьртачу декъана. Цуьнга деллачу хаттарех цхьаъ: («Грозный» телеканалан корреспондент) «Могаш доцчу берашна ахь гIо до олуш хезнера тхуна. Цунах лаций дийцахьа». Оцу хаттарна иштта жоп делира Сафронов Никаса: «Со жима волуш дуьйна тхан нанас даима олуш дара: «Ша даьккхинчу ахчанах гIийлачунна дакъа дан деза», – олий. Сайн 16 шо долуш даьккхина ас сайн дуьххьарлера сом. ХIетахь дуьйна сан коьртехь лаьтта тхан ненан дешнаш. Цундела, могаш доцчу берашна сайн ницкъ кхочучу барамехь гIо дан хьожу со».
Пресс-конференци чекхъяьллачул тIаьхьа, Нохчийн Республикин Къоман музейхь схьабиллира Н.Сафроновн «Избранное» суьртийн гайтам. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьера Ахмадов ШахIида, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, культурин министра Дааев Хож-Баудис, Соьлжа-ГIалин мэра Хучиев Муслима, кхоллараллин интеллигенцин векалша, кхечара.
Тайп-тайпанчу жанрашкахь диллина 80 сурт дара хьовсархойн кхиэле диллинарг. Нохчийчу Н.Сафронов веана хиларх республикин бахархошна хазахетар хилар хаийтира культурин министра.
«Кхечу регионашкара культурин векалш кест-кеста хуьлу Нохчийчохь. Цаьрца цхьаьна кхоллараллин суьйренаш, цхьаьнакхетарш, конференцеш дIахьо оха. Тахана и маршо хилар Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Федерацин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, иштта цуьнан некъаца схьавогIуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а къинхьегаман жамI ду».
Шен къамелехь Сафронов Никаса баркалла элира республикин Куьйгалхочунна гайтам вовшахтохарехь шена гIодарна.
З.ЛОРСАНОВА
№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо