Къилбаседа Кавказан федеральни округан шуьйрачу хаамийн гIирсийн IV-гIа форум дIахьур ю хIокху шеран гIуран (декабрь) беттан 8–10-чуй деношкахь Пятигорскерчу «Интурист» конгресс-отелехь. Иштта хаам бина оцу форуман вовшахтохараллин комитето Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан резиденцехь дIаяьхьначу кхеташонехь.
Цигахь дакъалецира тайп-тайпанчу ведомствийн куьйгалхоша, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, Кавказан таханлерчу политикин «Кавказ» туьшан а векалша, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн президиуман Ассоциацин декъашхоша. Иштта, зIенийн, хаамийн технологийн, шуьйрачу коммуникацийн декъехь терго латторан федеральни службин Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу Урхаллин куьйгалхочо Д.Поляничевс, «Къилбаседа Кавказан курорташ» акционерни юкъараллин коьртачу директоран заместитела С.Вагаповс, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан чоьхьарчу политикин департаментан куьйгалхочо А.Галактионовс.
Форум вовшахтоьхна Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан Кавказан таханлерчу политикин туьшо. Форуман коьрта партнер ю «Къилбаседа Кавказан курорташ» компани.
– Таханлерчу дийнахь и тайпа шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалийн майда йоцуш вайн юкъаралла хила йиш яц. Цигахь ерриге а Къилбаседа Кавказера шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, предпринимателийн а, пачхьалкхан региональни органийн а, юкъараллин цхьаьнакхетараллийн а говзанчаш вовшахкхета. Вайна, хIокху декъехь болх беш мел волчунна, Iаламат пайде доьрзу и тайпа гIуллакхаш дIадахьар. Ас бохучунна шу дерриге а реза хир ду аьлла хета суна, – элира А.Галактионовс.
Цо иштта билгалдаьккхира дIадаханчу шерашкахь хиллачу форуман программина тIетохарш дина хиларх.
Къилбаседа Кавказан федеральни округан шуьйрачу хаамийн гIирсийн IV-чу форумна керла юкъаялийна концепцеш йовзийтира кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан аппаратан шуьйрачу хаамийн гIирсашца зIенаш латторан говзанчас В.Крапивинас. Цо дийцарехь, форуман коьрта гIуллакх дешаран программина а, медиа-декъан проблемашна а тIехьажийна хир ду. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн бакъонийн майданахь керлачу бакъонийн а, хIинцалерчу журналистикин тенденцеш а, аьлла долу гIуллакх дийцаре дира. Цара дийцарехь, леррина терго тIейохуьйтур ю финансийн проблемаш дIаяхарна леринчу гIуллакхашна.
– Карарчу хенахь пачхьалкхан шуьйрачу хаамийн гIирсашна финансировани ярца проблемаш ю. «Шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, кризис а» аьллачу секцехь дийцаре дийр ду и тайпа гIуллакхаш. Пачхьалкхера хIун тайпа гIо хир ду а, коммерцин муьлха агIонаш хуьлу а дийцаре дийр ду форуман гурашкахь, – билгалдаьккхира В.Крапивинас.
Иштта, кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу «Къилбаседа Кавказан курорташ» акционерни юкъараллин коьртачу директоран заместитела С.Вагаповс «Кавказан Iаламан туш» организацин векалийн белхаш «Къилбаседа Кавказан Федеральни округехь экологин шо» аьллачу темица форумна юкъатохар дийхира, форуман дакъалацархошка, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь яржа а йойтуш, оцу мехалчу проектехь дакъалацийтархьама.
– ХIокху шарахь Россин Президентан Указаца Россехь дIахьош экологин шо ду. Оцу Указан гурашкахь вовшахтоьхна ю «Кавказан Iаламан туш». Цунна лерина баккхий белхаш бу дIахьош. ХIинца оцу проектаца доьзна гIуллакхаш форумна юкъадахийтар мехала ду тхуна, – билгалдаьккхира С.Вагаповс.
Кавказан таханлерчу политикин «Кавказ» туьшан гIуллакхаш кхочушдаран директора Н.Павловс довзийтира шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна юкъахь дIаяхьа леринчу конкурсах лаьцна. Конкурсана лерина кехаташ чудала таро ю лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь дуьйна.
«Лахьанан беттан 28-чу дийнахь форуман дакъалацархойн лонг-кехат а, жюрин декъашхойн цIерш а йовзуьйтур ю. Форум цхьа а шалхенаш йоцуш, йиллина дIахьош ю. Цигарчу экспертийн кхажтасар чекхдаьллачул тIаьхьа, даздаран хьолехь тоьллачеран цIерш а йовзуьйтур ю», – элира Н.Павловс.
Оцу гIуллакхан гурашкахь ламасте дирзина ма-хиллара, регионийн шуьйрачу хаамийн гIирсийн презентаци-гайтам дIахьур бу.
Хь.БАХТАЕВА
№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо