Иза кест-кеста го вайна телеэфирехь. Даима собаре, гIиллакхе, шен белхан кIоргенаш йовзарца, ткъа уггаре а коьртаниг, и болх безарца къамел до цо. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цхьабосса говза, чулацаме хуьлу цуьнан къамел. Цундела телехьовсархошна дагахкхеташ хуьлу. Вай вуьйцург Нохчийн Республикин МВД-н ГИБДД-н автоинспекцин лакхара инспектор Кадимагомаев Лом-Iела ву. 35 шо ду иза автоинспекци балха веана. ХIора дийнахь, шен белхан декхарш кхочушдеш, алссам адамашца къамеле вала везаш нисло иза. Амма цхьанна, цкъа а ца тосаелла Кадимагомаев Лом-Iела харц лийна меттиг, доцу бахьанаш лехьош, некъахойн, вайн махкахойн дог эшийна меттиг.

1956-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 3-чу дийнахь Казахстанерчу Зырьяновск гIалахь дуьнен чу ваьлла ву Кадимагомаев Лом-Iела. КIант школе воьду хан хилале, кхуьнан дай-наний 1960-чу шарахь Нохчийчу цIадирзира, шайн кегий доьзалш балош. Шинасуьйра-юкъахь дIатарбелира уьш. Цигахь чекхъяьккхира Лом-Iелас юккъера школа а. ТIаккха, оцу заманца догIуш ма хиллара, эскаре гIуллакх дан а вахара. Венгрехь дара Лом-Iелас Даймахкана декхар дIалуш хилла Советийн эскаран дакъош. Хьуьнарца, низамца, синкхетамца само йолуш хиларна сихха билгалвелира вайн турпалхо. Цундела эскарехь гIуллакх дина ваьлча, Венгрехь йолчу Советийн векалаллехь болх бан витира вайн махкахо. Мух-мухха а волчу стаге кховдош бацара иштта тешам. Гина хир ду-кха цигарчу хьаькамашна Кадимагомаев Лом-Iела муьлхха а болх кховдо хьакъволуш жима стаг хилар.
1979-чу шарахь Нохчийчу цIавирзира иза. Комсомолан обкомо ГАИ балха хьажийра кхин хьем боцуш. ХIетахь дуьйна белхан меттиг ца хуьйцуш, вайн махкарчу урамашкахь низам лардеш, хьанал къахьоьгуш ву Лом-Iела. Белгород гIалахь автоинспекцин говзанчаш кечбеш йолу милицин школа чекхъяьккхина цо. Цул тIаьхьа Къилбаседа ХIирийчуьра юьртабахаман институт чекхъяьккхина, балхана юкъах ца волуш. Юьхьанца, болх бан дIаволалуш, могIарера инспектор вара Лом-Iела. 1990-чу шарахь дуьйна Соьлжа-ГIалин Октябрьски кIоштан автоинспекцехь болх бина цо. Болх дика барна, адамашца бийца мотт карош, гIиллаккхе, оьзда хилар тидаме а эцна, 1996-чу шарахь республикин МВД-н ГИБДД-н лакхарчу инспекторан дарж кховдадо Кадимагомаев Лом-Iелига. Муьлхха дарж кховдийча а куралла шена аьттехьа ца йоуьйтуш, шена тIедехкина декхарш кхочушдеш, хьанал къахьоьгуш, схьавогIуш ву иза. ТIеман луьрачу хенахь а Нохчийчохь болх беш вара иза. Цхьанхьа дIасаваха а ца гIиртира, бохамех кIелхьарвала а ца гIиртира. Даима шен халкъаца вара нохчийн яхь йолу кIант. Халкъана, махкана тешаме волуш чекхвелира вайна тIе ирча мур хIоьттинчу заманчохь.
Тахана шен белхан декхарш кхочушдеш ву полковник Кадимагомаев Лом-Iела. Бевза-безачара, белхан накъосташа, чIогIа лоруш а, лаккхара мах хадош а говзанча ву иза. 35 шо сов хан ю иза вайн некъан маршо ларъеш, махкарчу урамийн Iуналла деш, шофераш низаме кхойкхуш, шен атта боцу болх дIакхоьхьуш волу. Дика лараво иза шена тIедехкинчу декхаршца. Шен мохк, халкъ, болх безаш хилча хуьлу иштта.
А.ДАЧАЕВА
№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо