Июль беттан хьалхарчу ялхалгІачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь «Ахмат арена» стадионехь дIахьур ду Чагаев Русланан а, Окендо Фресан а WBA версехула титульни латар. «КIайчу Тайсонан» (Чагаев Русланех олуш ду иза цо Тайсон Майка санна чІогІа буй тухуш хиларна) шен корматаллин карьерехь ринга тIехь 35 цхьаьнакхетар хилла. Оцу латаршкахь Чагаев шозза бен ца эшна. Ткъа толамхо билгал ца волуш дирзина цхьа латар. Іамаркара боксер Окендо Фрес шен корматаллин карьерехь ринга тIехь 43-зза летта. ВорхIаза эшна.
Турнир вовшахтоьхначара доккха дезде хIоттор ду «Ахмат аренехь». Уьш тешна бу шаьш шайн белхаца тIех дика ларориг хиларех. Иштта лаккхарчу тIегIанехь цхьаьнакхетар чекхдериг хиларех а.
Оцу буьйсана ринг-анонсер хир ву дуьненахь а вевзаш волу Баффер Майкл а, (США), иштта Загорский Александр а (Росси).
Чемпионийн латаре хьовса богIур бу экс-чемпионаш Тайсон Мйкл а, Джонс а, Леннокс Льюис а, Холифилд Эвандер а. Иштта Россин шоу-бизнесехь вевзаш волу Кобзон Иосиф а, Тимати а.
Билгалдаккха деза титульни цхьаьнакхетар дуьнан бIе пачхьалкхехь гойтург хилар, цу юкъахь Россин федеральни цхьана каналехь а. Боксан суьрене къовса баьхкинчаьрга марха дастийта, х1ора г1анта улле яахІума юьллур ю и гІуллакха вовшахтухучара.
А.АБДУЛАЕВ