Дийцаре дира социально-экономикин гIуллакхаш
Регионан кIоштийн прокурораша, Нохчийн Республикин МВД-н, Россин ФНС-н меттигерчу урхаллин, республикин финансийн министерствон, Чеченстатан, Iедалан кхечу органийн векалша дакъа а лоцуш, республикин прокуратурехь дIаяьхьира социально-экономикин декъехь бакъонаш талхорна дуьхьало яран ведомствошна юкъарчу белхан тобанан рогIера кхеташо. Дийцаре дира ял яларан, налог тохаран, мехаш кхолладаларан, тарифаш нисъяран декъехь законан лехамаш кхочушбаран гIуллакхаш. Кхеташо дIахьош хиллачу регионан прокуроран заместитела Степанов Вадима тидам тIебахийтира прокуратурин органаша къинхьегаман ял яларан законаш кхочушдарна тIехь хаддаза таллам латтош хиларна. Цуьнан тIаьхьенаш ю, масала, кху шарахь белхан алапехула хилла 123 миллион соьман барамехь ахча дIадалийтина хилар. Гучудаьккхина хьанал боцчу болх луш болчара оцу декъехь шайна тIехь долчу декхарх лаьцна болу хаамаш къайлабохуш хилар. Оцу кепара талхораш дарна кху шеран чекхбаьллачу муьрехь прокурораша тIедилларца административни жоьпе озийна даржехь волу 148 стаг. Цо иштта хаийтира налогийн хьокъехь долу законодательство талхийна 1 эзар сов меттиг гучуяьккхина хилар. Республикехула налогаш гулъярехь уьш токхуш болчарна тIехь 3 миллиард соьмал сов декхар ду. Цунах налогашна догIуш долу 24,7 миллион сом ахча дIадалийтина хIара шо доладелчхьана. Дийцаре дан дехкинчу гIуллакхашкахула къамелаш дира Гострудинспекцин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Эльмурзаев Адама, ФНС-н урхаллин куьйгалхочун заместитела Мустапаев Руслана, регионан финансийн министерствон векала Дукаев Заура.
Талламхо жоьпе озийна
РФ-н УК-н 292-чу статьян 1-чу декъана а, 290-чу статьян 3-чу декъана а тIедоьгIна бехкевеш волчу Аксактемиров Лом-Iелин уголовни гIуллакх толлучу хенахь закон талхийна хиларан хьокъехь хаам бира регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Россин СК-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхалле. Билгалдаьлла ма-хиллара, кху шеран кхолламан (январь) баттахь Гостехнадзоран пачхьалкхан инженер-инспектор волчу Аксактемировс шена кхаъ беллачунна трактористан-машинистан тоьшалла делира. И уголовни гIуллакх толлуш прокуратурехь гучуделира талламхочо бехкевеш волчун гIуллакхийн юридически нийса мах хадийна цахилар. Иштта долуш дара кхин а цхьамогIа талхораш а. Бина хаам нийса а лерина, талламхо низаман жоьпе озийна.
Суьдан акт бух боцуш лерина
Республикин Лакхарчу суьдехь къастийра Амхадов Вахина тIехь цхьана шарна административни терго хIотторан хьокъехь ТIехьа-Мартан кIоштан суьдо бинчу сацамна прокурора елла йолу апелляци. Законаца нийса а догIуш, административни терго хIоттайо, нагахь стага цхьана шарахь шозза, цул сов административни бакъонаш талхийнехь кхаа шаре кхаччалц йолчу ханна, амма тоьхначу хенал алсам йоцуш. Ткъа суьдо, и лехам талха а беш, административни терго хIоттийра Амхадов административни жоьпе озоран хьокъехь болу сацамаш законан бакъоне а берзале. Оцу бахьанашна прокурора елла апелляци нийса лерира Лакхарчу суьдехь, цунна жоп а делира. Законна тIетийжаш тIеэцна боцу сацам дIабаьккхина. Иштта талхораш хилийтарна суьдхочунна определени а йина.
Талхораш гучудаьхна
Пачхьалкхан унитарни некъан-эксплуатационни предприятехь таллам бича автомобилийн некъийн а, некъийн белхан а хьокъехь долу законодательство талхийна цхьамогIа меттигаш гучуевлира Грозненски кIоштан прокуратурина. Хууш ду Соьлжа-ГIала – Галне машенийн некъ Iалашбаран хьокъехь Нохчийн Республикин машенийн некъийн министерствос ГУДЭП-ца пачхьалкхан контракт хIоттийна хилар. Амма тIаьххьарчо шена тIелаьцна декхарш хьакъ мадду кхочушдеш дац. Ларбеш бац некъех пайдаэцаран а, некъан болам кхерамазалле хилийтаран а хьокъехь долчу законодательствон лехамаш. И дерриге а хьесапе а эцна, РФ-н ГПК-н 45-чу статьяца нийса а догIуш, кIоштан прокуратуро суьде искан заявлени дахьийтира машенийн некъ технически регламенто а, нормативни кхечу документаша а бечу лехамца нийса а догIуш, шен декхарш кхочушдар ГУДЭП-на тIедожор доьхуш. Ямартло лелорна хан тоьхна Ямартлонца баккхийчу барамашкахь нехан хIуманаш лечкъорна РФ-н УК-н 159-чу статьян 2-чу декъана тIедоьгIна бехкевеш волчу Тепишев Рамзанан уголовни гIуллакх къастийра Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан суьдехь, дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо Магдиев Асламбек а волуш. Суьдан кхеташонехь гучуделира 2013-чу шарахь Тепишевс тешнабехк барца нехан ши машен дола ерзийна хилар, ахча дакъошкахь дIалур ду а аьлла. Амма шен дош кхочушдан дагахь вацара иза. Цхьа машен хийцира, ткъа шолгIаниг йоьхкира, иэшам хиллачарна 100 эзар соьмал сов зен а деш. Пачхьалкхан бехкевархочунна хетарг хьесапе а эцна, суьдо Тепишевна колонехь-поселенехь яккха 2 шой 6 буттий хан туьйхира.
Маларш дохкаран бакъонаш талхорна…
Дакъалоцуш прокурор Чермоева Мадина а йолуш, Нохчийн Республикин арбитражни суьдехь къастийна вахош долу маларш дохкаран декъехь беш болу лехамаш талхорна административни жоьпе озор доьхуш прокуратуро яздина заявлени. Прокуратуро бинчу талламо гайтина Шелковски кIоштахь «Вишня» юкъараллехь, товарно-транспортни накладнойш а йоцуш, вахош долу маларш а, шайца спирт долуш йолу продукци а юхкуш хилла хилар. Цунна тIе а доьгIна, КоАП-н 14.16 статьян 2-чу декъаца билгалдина административни талхораш даран хьокъехь гIуллакх долийра терго латторан органехь. Арбитражни суьдо нийса лерира прокуратуро беш болу лехам. Талхор динчунна гIуда тоьхна 100 эзар соьман барамехь.
Уголовни гIуллакх долийна
Регионан прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс Нохчийн Республикин МВД-н талламан урхаллина тIедиллина терроризман амал йолу зулам даран хьокъехь болу хаам толлуш нисдалийтина федеральни законодательствон талхораш дIадахар. Хууш ду, Россин Федерацин хьашташна иза дуьхьал доллушехь, 2013-чу шарахь Нажи-Юьртан кIоштан яхархо Садулаева Дагмара Шемин Iаьрбийн Республике яхана а, цигахь Шемин Правительствон герзашца кечбинчу ницкъашна дуьхьал тIеман гIуллакхаш деш йолчу бакъо йоцуш герзашца кечъеллачу тобанехь цо дакъалоцуш а хилар. Республикин прокуратурехь материалашна бинчу талламо гайтира, иза дан тоъалчу барамехь бух боллушехь, уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болу сацам еххачу хенахь тIеэцна цахилар. КхитIе а бинчу талламан буха тIехь Садулаевана дуьхьал уголовни гIуллакх долийна РФ-н УК-н 208-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна (кхечу пачхьалкхехь цуьнан законодательствоца билгалйина йоцчу герзашца кечъеллачу тобанехь дакъалацар).
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№123, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 15-гIа де, 2016 шо