«Ахмат Тауэран» гайтаман павильон схьайиллина

Лахьанан (ноябрь) беттан 16-чу дийнахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Соьлжа-ГIалахь «СМАРТ БИЛДИНГ» компанийн тобанан гайтаман павильон схьаелларехь. Иза лерина ю республикин пачхьенехь ян йолийначу дукхахьаштийн «Ахмат Тауэр» комплексана а, махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туьшана а.

IMG_3572

Иштта, цигахь дакъалецира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, республикин Парламентан председатела Даудов Мохьмада, Счетни Палатин куьйгалхочо Тумхаджиев Iийсас, кхечара.

Павильон схьайоьллуш, цIен аса а хадийна, Кадыров Рамзан хьаьжира цу чохь дIахIиттийначу гайтаман экспозицешка. Республикин Куьйгалхочунна дукхахьаштийн «Ахмат Тауэр» комплексан а, махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туьшан а хенаца архитектурин кхиаран кепаш тIехь йолу стендаш а, царна гуонахарчу майданашкахь ян леринчу гIишлойн куц-кепаш а гайтира.

– Тахана вай схьайиллина «СМАРТ БИЛДИНГ» компанийн тобанан гайтаман павильон. ХIинцачул тIаьхьа, «Ахмат Тауэр» а, «Грозный Молл» а проектийн гIишлошъяран белхаш чекхбовллалц, республикин бахархойн а, хьешийн а таро хир ю, хIокху павильоне а богIуш, бечу белхан тидам бан, – элира Кадыров Рамзана.

Билгалдаккха догIу схьайиллинчу павильонехь 40 стагана лерина, чохь мультимедиан гIирсаш а болуш, конференц-зал а, пресс-конференцеш дIаяхьаран майда а, делегацешца цхьаьнакхетарш дIадахьаран чоьнаш а хилар.

IMG_3562

Дагадоуьйту, дукхахьаштийн «Ахмат Тауэр» комплекс Соьлжа хин аьтту агIорчу бердаца еш йолу гIишло ю. Иза 435 метр лекха а, 102 гIат долуш а, 1 200 машенна лерина лаьтта бухахь паркинг йолуш а хир ю. Цул сов, Европехь уггаре а лекхачех йолу арахьожу майда а, пэнтхаусаш а, резиденцеш а, апартаменташ а, отель а, ресторанаш а, конференц-залаш а, банкетийн залаш а хир ю цу чохь. Ткъа махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туш 130 эзар квадратни метр майда дIа а лоцуш, Соьлжа хин аьрру бердаца еш йолу гIишло ю. «Ахмат Тауэрца» ученца (галерей)-тIайца хоттаелла хир ю иза. Цу чохь дуьненахь а гIараевллачу фирмийн туьканаш а, ресторанаш а, кафеш а, иссбалан «I-MAX» кинотеатр а, иштта дIа кхиерш а хир ю.

И.ХАСАХАНОВ

№124, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 18-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: